Форум У Камина  

Вернуться   Форум У Камина > Наши Увлечения > Творчество и Искусство > Проза/Поэзия

Проза/Поэзия Искусство образного выражения мысли в слове; изображение жизни, создание художественных образов при помощи слова.

Закрытая тема
 
Опции темы
Старый 21.09.2007, 20:43   #41
Участник
 
Регистрация: 05.02.2007
Сообщений: 45
Репутация: 0
Lamanho скоро станет знаменитым
"Тиларчохь язйина байташ"
юккъера:


***

Чиллана а карий
даиманна метта мотт -
адаман даг чохь.

Карарчу ханна а карий,
къеначу француженкина
ж1аьлин к1еза санна,
1ехаяла х1ума -
яхна хан.

Амма йог1учо х1инца а лоьху -
шен дайна б1аьрса.

Набаро а лоьху -
нохчийн х1усмаш йогуш,
царца цхьаьна шен яьгна,
чим хилла марзо.

Иллино а лоьху -
шен байна мукъам,
Нохчийчохь билхинчу нанойн
маьхьарша 1адийна
панабаьлларг.

Байтийн а яйна -
рифманаш,
могг1ара 1охку мог1анаш.

Амма цу байташа
х1инца уьш ца лоьху,
царна уьш ца оьшу.

Дош дашца ца нисдича а,
дукха ду цу байтийн дийца
каш кашца нисдеш
Нохчийчохь байинчу нахах...

07.07.07.
Lamanho вне форума  
Старый 21.09.2007, 20:49   #42
Участник
 
Регистрация: 05.02.2007
Сообщений: 45
Репутация: 0
Lamanho скоро станет знаменитым
Тиларчохь язйина байташ:

***
Сайн дагалецамашна
суо карор йоцучехь яха
ас хуьйцур-м ду мехкаш, я г1аланаш,
амма
царна со карайо
тулг1енна берд санна,
ахканна х1орд санна,
моханна мас санна.

И дагалецамаш болчохь со сихло
едда-едда 1ожаллин маракхета...
Х1инца
сайн дагалецамашна суо карор йоцучехь яха -
со реза ю церан лар йоцучу тиларчохь яха,
тиларчохь мукъне а - яха
сайх "нана" олучуьн доьхьа,
ас "нана" олучуьн доьхьа.
Lamanho вне форума  
Старый 21.09.2007, 20:54   #43
Участник
 
Регистрация: 05.02.2007
Сообщений: 45
Репутация: 0
Lamanho скоро станет знаменитым
Тиларчохь язйина байташ:

***

Яьгна евлла серло яржон ц1ерш,
Х1инца йогурш - к1уьрах сийсашъерш.
1ожалла ю ж1аьлех тебна 1аш,
Ч1урам баьгна, лаьлла баьлла д1а.
Цуьнан серло яьржинчохь кхин суна
Х1уьттур яц-кха ирсан б1арлаг1аш.
Кху бодашлахь когашна к1ел нислун
Х1ора т1улг а - цхьацца к1арлаг1а,
Шех херцоран т1улг бинчунна кхайкхош
Массо сардам, массо не1алташ.
Дог1а уллуш синойн не1арш т1е,
Мух1ажар а хилла ирс д1адахна.
Кхачаделла кху х1аваан шекар,
Кхачаделла кху х1аваан туьха,
Массо бомба деган 1аннашка,
Г1енийн ирза, синан метта кхетта.
Х1ара бода маццалц хир бу лаьттахь,
К1уьрзах дуьзна б1аьрсин ангали?
Ши эзар ворх1алг1а шо ду тов?
Цул хьалхара шийтта шо стенга дахна?
Акха ж1аьло жижган дакъа санна,
Чухьарчийра т1амо даь1ахк цхьана?

Яьгна евлла серло яржон ц1ерш,
Х1инца йогурш - к1уьрах сийсашъерш,
К1уьрлахь кхагош 1уьллу Нохчичоь.
Схьагулбелларш иза йоькъуш яа
Ц1убдарш санна летта Нохчийн лаьттах,
Д1ачууьйзуш, муьйлуш мехкадаьтта,
Тойнаш х1иттош отуш осал хелхарш,
Шар чохь пхьидах терра буьзна лелхарш.
Кху дахарах даьлла-кх суна д1овш
Схьахезарг, я схьагушдерг ца ловш.
Яьгна евлла серло яржон ц1ерш,
Х1инца йогурш - к1уьрах сийсашъерш,
Оцу к1уьрлахь неха садукъделла,
Ахь ницкъ лохьа тхуна, Везан Дела,
И "х1уп" аьлла кхерчахь алсамъяккха,
Цу т1ехь кхега Нохчичоь схьаяккха.
Некъау тхан дагчу дерзадеш,
Т1аьххьара социйла цу чохь еш,
Юхадерза мегаш дар-кха и -
Тхан мух1ажар даьлла дахна ирс.

Lamanho вне форума  
Старый 22.09.2007, 09:05   #44
Модератор
 
Аватар для Illanch
 
Регистрация: 01.08.2007
Адрес: Метагалактика
Сообщений: 282
Репутация: 2
Illanch прославленный гуламхоIllanch прославленный гуламхоIllanch прославленный гуламхоIllanch прославленный гуламхоIllanch прославленный гуламхоIllanch прославленный гуламхо
Цитата:
Сообщение от Lamanho Посмотреть сообщение
Тиларчохь язйина байташ:

***

Яьгна евлла серло яржон ц1ерш,
Х1инца йогурш - к1уьрах сийсашъерш.
1ожалла ю ж1аьлех тебна 1аш,
Ч1урам баьгна, лаьлла баьлла д1а.
Цуьнан серло яьржинчохь кхин суна
Х1уьттур яц-кха ирсан б1арлаг1аш.
Кху бодашлахь когашна к1ел нислун
Х1ора т1улг а - цхьацца к1арлаг1а,
Шех херцоран т1улг бинчунна кхайкхош
Массо сардам, массо не1алташ.
Дог1а уллуш синойн не1арш т1е,
Мух1ажар а хилла ирс д1адахна.
Кхачаделла кху х1аваан шекар,
Кхачаделла кху х1аваан туьха,
Массо бомба деган 1аннашка,
Г1енийн ирза, синан метта кхетта.
Х1ара бода маццалц хир бу лаьттахь,
К1уьрзах дуьзна б1аьрсин ангали?
Ши эзар ворх1алг1а шо ду тов?
Цул хьалхара шийтта шо стенга дахна?
Акха ж1аьло жижган дакъа санна,
Чухьарчийра т1амо даь1ахк цхьана?

Яьгна евлла серло яржон ц1ерш,
Х1инца йогурш - к1уьрах сийсашъерш,
К1уьрлахь кхагош 1уьллу Нохчичоь.
Схьагулбелларш иза йоькъуш яа
Ц1убдарш санна летта Нохчийн лаьттах,
Д1ачууьйзуш, муьйлуш мехкадаьтта,
Тойнаш х1иттош отуш осал хелхарш,
Шар чохь пхьидах терра буьзна лелхарш.
Кху дахарах даьлла-кх суна д1овш
Схьахезарг, я схьагушдерг ца ловш.
Яьгна евлла серло яржон ц1ерш,
Х1инца йогурш - к1уьрах сийсашъерш,
Оцу к1уьрлахь неха садукъделла,
Ахь ницкъ лохьа тхуна, Везан Дела,
И "х1уп" аьлла кхерчахь алсамъяккха,
Цу т1ехь кхега Нохчичоь схьаяккха.
Некъау тхан дагчу дерзадеш,
Т1аьххьара социйла цу чохь еш,
Юхадерза мегаш дар-кха и -
Тхан мух1ажар даьлла дахна ирс.

Ламанхо, и-м нийсо яц хьуна ахьа лелош ерг. Хьайгахь оццул хаза а, дика а Хедин стихаш хилча, тхуна уьш ца йовзуьйтуш хIунда Iаш ву хьо? Хедас «тиларчохь» язбинчу цхьана могIане а ца кхочу цхьаццаболчу поэташа «кхетамчохь» а болуш, язйина поэмаш. Мел кIорга маьIна долуш ю цо язйина и байташ. Со дика кхета цо дуьйцучух. Йоьшуш мел верг а кхета аьлла а хета суна. Хедин стихашца дукха ю агIонаш, поэтически агIо йоцург а. Масала, граждански хьежамаш, политически озабезамаш, социальни къестамаш. Еккъа цхьа поэтически агIо а йийцина, вай Iадда Iийча, цуьнан стихотворенешна массо а агIо схьалоцуш анализ яр ца хуьлу. Амма Хедас оцу шен стихотворенешкахь ала юьхьар мел лаьцнарг вай цхьалха а даьккхина, дийца даккхар а «корректно» хир дац таханлерачу чолхечу муьрехь: бахьанаш ас ца дийцича а, хууш ду. Амма цхьа зама йогIур ю (со доггах тешна ву оцуьнах!) Хедас язбина хIора могIа тидаме оьцуш, цо тIедеанчу маьIнехь мел аьлларг нийсса схьа долчу маьIница юха карладоккхуш, баккхий талламаш хир бу нохчийн поэзехь. ТIаккха хадор бу оцу шатайпанчу нохчийн поэтессин кхоллараллин буьззина а, хьакъболлу а мах. Ткъа таханлерачу дийнахь даррехь Хедин похIманах цец а дуьйлуш, цо яздеш долчу исбаьхьчу могIанашца вешан дегнаш лийча а деш, вай Iар – иза доккха закъалт ду аьлла хета суна Хедин шатайпа кхолларалла де-дийне кхуьуш, зазадоккхуш, поэзин уггаре а лекхачарех болу цхьа бохь схьа а лаьцна, даима лаьттар хирг хиларан. Дала аьтто бойла Хедин вайн синош шен поэзин жовхIаршца серладаха! Дала аьтто хьан а бойла, Ламанхо, тхуна Хедин стихаш йовзийтаран новкъахь. Ларамца…
__________________
Причина причин, в конце концов, в начале начал...
Illanch вне форума  
Старый 22.09.2007, 19:57   #45
Новичок
 
Аватар для latinka
 
Регистрация: 11.07.2007
Сообщений: 15
Репутация: 0
latinka необработанный алмазlatinka необработанный алмазlatinka необработанный алмазlatinka необработанный алмаз
Цитата:
Сообщение от Lamanho Посмотреть сообщение
"Тиларчохь язйина байташ"
юккъера:


***

Чиллана а карий
даиманна метта мотт -
адаман даг чохь.

Карарчу ханна а карий,
къеначу француженкина
ж1аьлин к1еза санна,
1ехаяла х1ума -
яхна хан.

Амма йог1учо х1инца а лоьху -
шен дайна б1аьрса.

Набаро а лоьху -
нохчийн х1усмаш йогуш,
царца цхьаьна шен яьгна,
чим хилла марзо.

Иллино а лоьху -
шен байна мукъам,
Нохчийчохь билхинчу нанойн
маьхьарша 1адийна
панабаьлларг.

Байтийн а яйна -
рифманаш,
могг1ара 1охку мог1анаш.

Амма цу байташа
х1инца уьш ца лоьху,
царна уьш ца оьшу.

Дош дашца ца нисдича а,
дукха ду цу байтийн дийца
каш кашца нисдеш
Нохчийчохь байинчу нахах...

07.07.07.
Spasibo,lamanho.
"Amma jog1ucho h1inca a lo'hu shen dajna b1a'rsa"-bol'she chem krasivo.

Chto mozhet byt' strashnej i prekrasnej talantlivoj Chechenki-Poetessy.
Cec dakhlah',Heda,h1ara Du'ne:vaj co ma dahhara.
latinka вне форума  
Старый 24.09.2007, 01:12   #46
******
 
Регистрация: 08.06.2007
Сообщений: 162
Репутация: 2
Enigma* прославленный гуламхоEnigma* прославленный гуламхоEnigma* прославленный гуламхоEnigma* прославленный гуламхоEnigma* прославленный гуламхоEnigma* прославленный гуламхоEnigma* прославленный гуламхо
Цитата:
Сообщение от latinka Посмотреть сообщение
Спасибо,Ламанхо.
"Амма йог1учо х1инца а лоьху шен дайна б1аьрса"-больше чем красиво.

Что может быть страшней и прекрасней талантливой Чеченки-Поетессы.
Цец дакхлахь, Хеда,х1ара Дуьне:вай цо ма даххара.
Как ты красиво сказала, Латинка
Enigma* вне форума  
Старый 24.09.2007, 01:16   #47
******
 
Регистрация: 08.06.2007
Сообщений: 162
Репутация: 2
Enigma* прославленный гуламхоEnigma* прославленный гуламхоEnigma* прославленный гуламхоEnigma* прославленный гуламхоEnigma* прославленный гуламхоEnigma* прославленный гуламхоEnigma* прославленный гуламхо
Цитата:
Сообщение от Illanch Посмотреть сообщение
Ламанхо, и-м нийсо яц хьуна ахьа лелош ерг. Хьайгахь оццул хаза а, дика а Хедин стихаш хилча, тхуна уьш ца йовзуьйтуш х1унда 1аш ву хьо? Хедас «тиларчохь» язбинчу цхьана мог1ане а ца кхочу цхьаццаболчу поэташа «кхетамчохь» а болуш, язйина поэмаш. Мел к1орга маь1на долуш ю цо язйина и байташ. Со дика кхета цо дуьйцучух. Йоьшуш мел верг а кхета аьлла а хета суна. Хедин стихашца дукха ю аг1онаш, поэтически аг1о йоцург а. Масала, граждански хьежамаш, политически озабезамаш, социальни къестамаш. Еккъа цхьа поэтически агИо а йийцина, вай 1адда 1ийча, цуьнан стихотворенешна массо а аг1о схьалоцуш анализ яр ца хуьлу. Амма Хедас оцу шен стихотворенешкахь ала юьхьар мел лаьцнарг вай цхьалха а даьккхина, дийца даккхар а «корректно» хир дац таханлерачу чолхечу муьрехь: бахьанаш ас ца дийцича а, хууш ду. Амма цхьа зама йогИур ю (со доггах тешна ву оцуьнах!) Хедас язбина х1ора мог1а тидаме оьцуш, цо т1едеанчу маь1нехь мел аьлларг нийсса схьа долчу маь1ница юха карладоккхуш, баккхий талламаш хир бу нохчийн поэзехь. Т1аккха хадор бу оцу шатайпанчу нохчийн поэтессин кхоллараллин буьззина а, хьакъболлу а мах. Ткъа таханлерачу дийнахь даррехь Хедин пох1манах цец а дуьйлуш, цо яздеш долчу исбаьхьчу мог1анашца вешан дегнаш лийча а деш, вай 1ар – иза доккха закъалт ду аьлла хета суна Хедин шатайпа кхолларалла де-дийне кхуьуш, зазадоккхуш, поэзин уггаре а лекхачарех болу цхьа бохь схьа а лаьцна, даима лаьттар хирг хиларан. Дала аьтто бойла Хедин вайн синош шен поэзин жовх1аршца серладаха! Дала аьтто хьан а бойла, Ламанхо, тхуна Хедин стихаш йовзийтаран новкъахь. Ларамца…
Илланч, как ты однако хорошо умеешь изложить мысль)) Я просто удивляюсь
Я буду у тебя учиться
Enigma* вне форума  
Старый 24.09.2007, 01:25   #48
Модератор
 
Аватар для Illanch
 
Регистрация: 01.08.2007
Адрес: Метагалактика
Сообщений: 282
Репутация: 2
Illanch прославленный гуламхоIllanch прославленный гуламхоIllanch прославленный гуламхоIllanch прославленный гуламхоIllanch прославленный гуламхоIllanch прославленный гуламхо
Я сегодня просмотрел статью «Кто есть кто в чеченской литературе» и был неприятно удивлён, обнаружив, что там отсутствует имя Батаевой Хеди. Я думаю, что это упущение уважаемого Абу-Хусейна Шамилёва. Я не думаю, что он нарочно это сделал. Я даже написал в «Кавказ-Центр» письмо по этому поводу. Мне стало смешно, что там столько ненужных фамилий и имён, а Хединой фамилии нет. Дело не в том, что она нуждается в этом. Она и без этих списков остаётся ХЕДИ, просто обидно за невнимательность наших литературных пропагандистов.
__________________
Причина причин, в конце концов, в начале начал...
Illanch вне форума  
Старый 24.09.2007, 01:32   #49
******
 
Регистрация: 08.06.2007
Сообщений: 162
Репутация: 2
Enigma* прославленный гуламхоEnigma* прославленный гуламхоEnigma* прославленный гуламхоEnigma* прославленный гуламхоEnigma* прославленный гуламхоEnigma* прославленный гуламхоEnigma* прославленный гуламхо
Цитата:
Сообщение от Illanch Посмотреть сообщение
Дело не в том, что она нуждается в этом. Она и без этих списков остаётся ХЕДИ, просто обидно за невнимательность наших литературных пропагандистов.
эт ты хорошо сказал, Илланч
Enigma* вне форума  
Старый 24.09.2007, 01:33   #50
Модератор
 
Аватар для Illanch
 
Регистрация: 01.08.2007
Адрес: Метагалактика
Сообщений: 282
Репутация: 2
Illanch прославленный гуламхоIllanch прославленный гуламхоIllanch прославленный гуламхоIllanch прославленный гуламхоIllanch прославленный гуламхоIllanch прославленный гуламхо
Цитата:
Сообщение от Enigma* Посмотреть сообщение
Илланч, как ты однако хорошо умеешь изложить мысль)) Я просто удивляюсь
Я буду у тебя учиться
Спасибо,Энигма. Наверное, так у меня получается оттого, что я очень ценю творчество Хеди. С того самого момента, когда я впервые увидел её стихи в 1987 году в коллективном сборнике стихов чеченских поэтов. Такая приятная молодая девушка лет 16-17 на вид (впечатление от фото), а писала такие зрелые стихи. С самого начала она удивила меня. И сейчас продолжает удивлять.
__________________
Причина причин, в конце концов, в начале начал...
Illanch вне форума  
Закрытая тема

Опции темы

Быстрый переход



vBulletin © Jelsoft Enterprises Ltd.