Форум У Камина  

Вернуться   Форум У Камина > Наши Увлечения > Творчество и Искусство > Проза/Поэзия

Проза/Поэзия Искусство образного выражения мысли в слове; изображение жизни, создание художественных образов при помощи слова.

Закрытая тема
 
Опции темы
Старый 18.03.2008, 00:33   #241
Участник
 
Регистрация: 05.02.2007
Сообщений: 45
Репутация: 0
Lamanho скоро станет знаменитым
***

Шийла ша кагбина шат1улгаш лехьочул,
Йогучу ц1ергара алу схьалехьочул,
Цу ша т1ехь ког шершош хехкалур ярий со-м,
Цу ц1арах дог 1абош йохлуш 1ийр ярий со-м
Ахь бохург къобалдеш 1адъ1ийриг хиллехь.

1а шийла ду аьлча, г1орош хир ярий со-м,
Малх бовха бу аьлча, йохлуш хир ярий со-м
Массара бохучух тоам беш хиллехь.

Дахарнa къаръелла парг1ат хир яра со,
Сайн говран архаш а хецна хир яра ас
Ахь аз а къардина соцуриг хиллехь!

Х.Батаева

1988.
Lamanho вне форума  
Старый 18.03.2008, 00:42   #242
шира шовда
 
Аватар для TurpalNaj
 
Регистрация: 05.02.2008
Адрес: Иордани... Иордани...
Сообщений: 270
Репутация: 2
TurpalNaj просто восхитителенTurpalNaj просто восхитителенTurpalNaj просто восхитителенTurpalNaj просто восхитителен
Бекиева 1айшатана

Цу цхьана м1аьргонна севцира стиглара мархаш,
Севцира дахаран боларца мел уьду хиш,
Хено а ц1еххьана озийра юха шен архаш...
Ткъа оцу юкъана дуьнен чу елира ша-шех
Ахь цкъа а лакханза йисина аганан йиш.

Жимачу берана ши пазат ялла бен боцуш,
Дахаран к1айн уьйриг ма жима хиллера хьан.
Хилла хьан дахaр хьан ч1абанал дуккха а доца,
Хьоь ала сан диснарг - сан юкъах мел дуьсу г1ан.

Лайн чимаш х1аваэхь дисира охьа ца эгаш,
Акхтаргах хьаьрччинчохь бисира 1адийна мох,
Ткъа буьйса... И-м хилла хьан б1аьргийн 1аьржаллех хьоьгуш,
Хьан жима к1айн дахар т1аьххьара д1акъаьсташ хьох.
__________________
"Со хьуна яц реза, сайна яц,
айса оцу Далла дуьхьал хьочу дуьненан гIелонна яций со-м реза!
Ас хIун эр ду цуьнга, хIун хоттур ду я хIун доьхур ду!..."
TurpalNaj вне форума  
Старый 18.03.2008, 00:58   #243
Заблокирован
 
Регистрация: 10.08.2006
Сообщений: 104
Репутация: 0
vesy всем знакомое имяvesy всем знакомое имяvesy всем знакомое имяvesy всем знакомое имяvesy всем знакомое имяvesy всем знакомое имя
Абат

Маржа я1, сан Абат,х1инца а, Абат,
Г1езаш ю боху ахь цу Ану Бабин,
Хаза ю боху ахь вайн Соьлжа-г1ала,
Трамвайш, троллейбусаш, паркера 1алам.
Ткъа къена сан Абат, ца хаьа хьуна,
Озниев Хьуьсена 1амийнарг суна,
Мохк богуш яьгнийла и Соьлжа-г1ала,
Трамвайш, троллейбусаш, паркера 1алам,
Ц1ен г1опан саьрмико т1ом беъний махка,
И Ануй, Бабий ц1ерш чарташ т1е йохкуш?

Хеда Батаева
2000

он очень грустный и вместе с тем какой то легкий...он мне очень нравится
vesy вне форума  
Старый 19.03.2008, 05:48   #244
Согревшийся
 
Аватар для so jar isam
 
Регистрация: 28.12.2007
Адрес: .
Сообщений: 885
Репутация: 4
so jar isam имеет репутацию за гранью всех репутацийso jar isam имеет репутацию за гранью всех репутацийso jar isam имеет репутацию за гранью всех репутацийso jar isam имеет репутацию за гранью всех репутацийso jar isam имеет репутацию за гранью всех репутацийso jar isam имеет репутацию за гранью всех репутацийso jar isam имеет репутацию за гранью всех репутацийso jar isam имеет репутацию за гранью всех репутацийso jar isam имеет репутацию за гранью всех репутацийso jar isam имеет репутацию за гранью всех репутацийso jar isam имеет репутацию за гранью всех репутаций
Лам т1е волуш, тийсира цо цергаш,
Ткъа куьйгашца къевлинера лергаш.
Хьалаваьлча, къарделлера лергаш,
Амма дийна йисна хилла цергаш.
__________________
Однозначно-нет!(ц)

http://ru.youtube.com/watch?v=62jO0I...eature=related
so jar isam вне форума  
Старый 19.03.2008, 06:27   #245
Участник
 
Регистрация: 05.02.2007
Сообщений: 45
Репутация: 0
Lamanho скоро станет знаменитым
***
Дагахь доцчуьра бог1ий,
Шелйо шийлачу мохо...
Хьанна новкъа ду техьа
Суна х1оьттина ан?
Лаахь - г1енашна яла,
Лаахь - г1емашца лета
Суна елла ю-кх Дала
Х1ара буьйсанан хан.
Х1ара байт а ю сайниг
Йолуш рифма, я йоцуш
Волуш йоьшург, я воцуш,
Амма йолуш шен со.
Х1ара грипп а ю сайниг,
Долуш молха, я доцуш,
Сан и делахь, я дацахь
Цхьаннан п1елг лозур боцуш
Суна хьежабеш болу.
Лаахь, рифма ян, молу
Ас цу молхана метта
Цхьамма кховдийна д1овш,
Иза кховдийнарг кхин а
Волчунт1е а цецвоккхуш,
Къаждеш, дийца сан эхарт
Цунна шолг1а некъ боккхуш...
Хала делахь а ваха,
Велча - хирг хир ду атта,
Хьуна т1ера къа оьцу
Нах мел беха кху лаьттахь.
Ког хьан тийсалуш хиларх,
Иштта хуьлуш а хуьлу-кх:
Цу хьан т1аьххьарчу дийнахь
Х1оттош 1ожалло г1иллакх...

2008


Хеда Батаева
Lamanho вне форума  
Старый 19.03.2008, 22:01   #246
Я - Куба!
 
Аватар для Albert
 
Регистрация: 26.06.2006
Сообщений: 348
Репутация: 100
Albert отключил(а) отображение уровня репутации
Тема закрыта по просьбе Хеды.
Albert на форуме  
Закрытая тема

Опции темы

Быстрый переход



vBulletin © Jelsoft Enterprises Ltd.