Форум У Камина  

Вернуться   Форум У Камина > Наши Увлечения > Творчество и Искусство > Проза/Поэзия

Проза/Поэзия Искусство образного выражения мысли в слове; изображение жизни, создание художественных образов при помощи слова.

Закрытая тема
 
Опции темы
Старый 26.08.2007, 16:03   #11
******
 
Регистрация: 08.06.2007
Сообщений: 162
Репутация: 2
Enigma* прославленный гуламхоEnigma* прославленный гуламхоEnigma* прославленный гуламхоEnigma* прославленный гуламхоEnigma* прославленный гуламхоEnigma* прославленный гуламхоEnigma* прославленный гуламхо
Додам, жимма "подсобить" дай хьуна?))






Баба=гуьйре

Ц1узам=яйне лоькхуьйтуш
Синхаамийн мукъам,
Цхьана 1ийр ю вайшиъ, гуьйре,
Товжуш 1аьнан букъах.

Суна лаьа, баба=гуьйре,
Хьан к1ентан йо1 хила,
Ахь дуьйцуш хьайн дашон туьйра,
Ткъа ас хьуна - иллеш.

Суна беза хьоьца машар,
Хьо къинт1ера яла,
Хьалха ас хьан можа к1ажарш
Ца юьйцина алий.

Хьан дог1анийн дуткъа хьесий
Сайн корашца делхош,
Хьан аматаш хилча серсаш,
Сан амалаш телхаш.

Ас хьан можа патар=бецех
Довха юрг1а дийр ду,
Со, хьан х1усам хилча еса,
Даим хьоьца 1ийр ю.

1енар ду хьан можа туьйра
Х1ора патар хилла.
Лаьа суна, Баба=гуьйре,
Хьан к1ентан йо1 хила.

1992.

Батаева Хеда
__________________
Цхьаннан меттана итт вог1ур ву!

Последний раз редактировалось Enigma*; 26.08.2007 в 16:06
Enigma* вне форума  
Старый 26.08.2007, 16:23   #12
******
 
Регистрация: 08.06.2007
Сообщений: 162
Репутация: 2
Enigma* прославленный гуламхоEnigma* прославленный гуламхоEnigma* прославленный гуламхоEnigma* прославленный гуламхоEnigma* прославленный гуламхоEnigma* прославленный гуламхоEnigma* прославленный гуламхо
"Ма деха дара и 1а" юкъара гулам т1ера.

***

Йийцича, мохо яхьарна кхоьруш,
Ялхийча, лаьтто хударна кхоьруш,
Язйича, кехат дагарна кхоьруш,
Цхьа къайле яра сан, цхьа къайле яра.

Хазийча, лаьмнаш кхардарна кхоьруш,
Ца лекхча, лерса къардарна кхоьруш,
Садайча, г1енах лакхарна кхоьруш,
Цхьа илли дара сан, цхьа илли дара.

1анийча, б1аьргаш багарна кхоьруш,
Сецийча, б1аьрса д1адарна кхоьруш,
Хиларо - дог сайн дурдарна кхоьруш,
Цхьа б1аьрхиш дара сан, цхьа б1аьрхиш дара.

Даа ца лиъча, эхартах волуш,
Даа ца хиъча, хьох хьайх а волуш,
-Маржа я1, дуьне,-хийламмо олуш,
Декъаза цхьа дуьне хиллера-кх х1ара.

1991





***
Ма деха дара и 1а,
Б1аьсте цо х1аллак ма йира,
Гуьйре цо 1ана ма йира,
Ма деха дара и 1а.

Ма деха дара и 1а,
Хьаькхча шен мохь хезар боцуш,
Орца т1е хьада стаг воцуш,
Дуьненчохь адамаш доцуш.

Ма буьрса дара и 1а,
Цхьа дахарш халбата ховшош,
Хьарамдеш ирс довза лаар,
Дуьненан къайленаш хаар.

Ма деха дара и 1а,
Б1аьсте цо х1аллак ма йина,
Гуьйре цо 1ана ма йина,
И ша а г1ора ма дина...

1990
__________________
Цхьаннан меттана итт вог1ур ву!
Enigma* вне форума  
Старый 26.08.2007, 16:29   #13
Новичок
 
Регистрация: 09.01.2007
Сообщений: 8
Репутация: 0
Tarha просто восхитителенTarha просто восхитителенTarha просто восхитителенTarha просто восхитителен
Цитата:
Йийцича, мохо яхьарна кхоьруш,
Ялхийча, лаьтто хударна кхоьруш,
Язйича, кехат дагарна кхоьруш,
Цхьа къайле яра сан, цхьа къайле яра.
хаз васт ду и очень музыкальные стихи!
она не сочиняет музыку?
Tarha вне форума  
Старый 26.08.2007, 16:33   #14
Беркате к1удал..)
 
Аватар для Dodam
 
Регистрация: 30.11.2006
Адрес: Нохчийчоь, сирла Нохчийчоь...
Сообщений: 1,615
Репутация: 6
Dodam имеет репутацию за гранью всех репутацийDodam имеет репутацию за гранью всех репутацийDodam имеет репутацию за гранью всех репутацийDodam имеет репутацию за гранью всех репутацийDodam имеет репутацию за гранью всех репутацийDodam имеет репутацию за гранью всех репутацийDodam имеет репутацию за гранью всех репутацийDodam имеет репутацию за гранью всех репутацийDodam имеет репутацию за гранью всех репутацийDodam имеет репутацию за гранью всех репутацийDodam имеет репутацию за гранью всех репутаций
Цитата:
Сообщение от Enigma* Посмотреть сообщение
Додам, жимма "подсобить" дай хьуна?))
Эни, Дела реза хуьлийла хьуна!
Ма хаза а ю и байташ я-м!
Суна хезна, Хеди ара яккха кечйина
книга ю бохуш!
Т1аккха-м болх бийр бара вай кху чохь!))
__________________
".. Г1енаш, сан эсала г1енаш, мичахь ду шу хаза т1емаш?
Йига со б1арлаг1ийн махка, сайн ирсан аганчохь тахка...." (с)
Dodam вне форума  
Старый 27.08.2007, 03:02   #15
******
 
Регистрация: 08.06.2007
Сообщений: 162
Репутация: 2
Enigma* прославленный гуламхоEnigma* прославленный гуламхоEnigma* прославленный гуламхоEnigma* прославленный гуламхоEnigma* прославленный гуламхоEnigma* прославленный гуламхоEnigma* прославленный гуламхо
Masso dikchu adamna a hu'jla, Dodam.


***
Хьо стигал ю, я латта ду?
Хьо шовда ду, я д1овш?
Хьо дуьне ду, я лахьта ду?
Хьо машар бу, я дов?

Я доттаг1 ву, я мостаг1 ву?
Цу юккъехь-м ша биен бац.
Хьо мила ву? Хьо мила ву?
Я ц1е хьан ян а яц?

Я диканна, я балина
Хьан некъ сан лулахо?
Я хазош ч1огг1а ала хьох?
Я къайлах-къулаха?

Х1ун жайно къаста ца дуьту?
Я дикачо, я вон?
Я цабезам, я сагатдар?
Я сиз бу и, я гуо?
__________________
Цхьаннан меттана итт вог1ур ву!

Последний раз редактировалось Enigma*; 27.08.2007 в 03:19
Enigma* вне форума  
Старый 27.08.2007, 03:12   #16
******
 
Регистрация: 08.06.2007
Сообщений: 162
Репутация: 2
Enigma* прославленный гуламхоEnigma* прославленный гуламхоEnigma* прославленный гуламхоEnigma* прославленный гуламхоEnigma* прославленный гуламхоEnigma* прославленный гуламхоEnigma* прославленный гуламхо
***
Ира лерса дерш
Буьйшу зама ю,
Соьга хьоьжушьерг -
Йоьг1нехь, кхане ю.
Дуьне дира ас
Дайчу лоппагах,
Кхана дийр ду ас
Дуьне поппарах.

Дуьне доьхнаберш
Боьлху зама ю,
Гена геналлехь
Яйна анайист...
Иккхи лоппаге
Ас мел тардинарг.
Тахьтарг эккхар ю,
Дуьне къардина...

1994
__________________
Цхьаннан меттана итт вог1ур ву!
Enigma* вне форума  
Старый 27.08.2007, 03:38   #17
******
 
Регистрация: 08.06.2007
Сообщений: 162
Репутация: 2
Enigma* прославленный гуламхоEnigma* прославленный гуламхоEnigma* прославленный гуламхоEnigma* прославленный гуламхоEnigma* прославленный гуламхоEnigma* прославленный гуламхоEnigma* прославленный гуламхо
***

Стаг шен 1индаг1ах а
Ца тешачу хенахь,
Со ца г1ерта тешон,
Я шеконаш эшон.
Хаа, шеко йоцуш,
Г1уро вагавойла,
Амма г1уро йовхо
Суна цкъаa ма лойла.
Г1уран йовхо - дагар,
Ду и ц1ергахь вагар.
Суна цкъаа ма лойла
Г1уро дорцан б1агор.

Стаг шен лаамех а
Ца кхетачу хенахь,
Стаг шен лазамех а
Ца кхетачу хенахь -
И тилвелла генахь,
Иза веха г1енахь.
Иза генаваьлла
Веха кхечу хенехь.
Ткъа со йисна яха
Охьахецна т1амарш,
Со ца езарш беза
Кхин ца туьгуш 1ама.
__________________
Цхьаннан меттана итт вог1ур ву!
Enigma* вне форума  
Старый 27.08.2007, 03:41   #18
******
 
Регистрация: 08.06.2007
Сообщений: 162
Репутация: 2
Enigma* прославленный гуламхоEnigma* прославленный гуламхоEnigma* прославленный гуламхоEnigma* прославленный гуламхоEnigma* прославленный гуламхоEnigma* прославленный гуламхоEnigma* прославленный гуламхо
Додам - это всё, что я смогла))
__________________
Цхьаннан меттана итт вог1ур ву!
Enigma* вне форума  
Старый 27.08.2007, 16:15   #19
Новичок
 
Регистрация: 09.01.2007
Сообщений: 8
Репутация: 0
Tarha просто восхитителенTarha просто восхитителенTarha просто восхитителенTarha просто восхитителен
[quote]
Цитата:
Сообщение от Enigma* Посмотреть сообщение
[b][color="Purple"]***

Стаг шен 1индаг1ах а
Ца тешачу хенахь,
Со ца г1ерта тешон,
respekt Батаева Хедин!
а нельзя больше информации о ней?
я только слышал ето имя
Tarha вне форума  
Старый 27.08.2007, 22:29   #20
Беркате к1удал..)
 
Аватар для Dodam
 
Регистрация: 30.11.2006
Адрес: Нохчийчоь, сирла Нохчийчоь...
Сообщений: 1,615
Репутация: 6
Dodam имеет репутацию за гранью всех репутацийDodam имеет репутацию за гранью всех репутацийDodam имеет репутацию за гранью всех репутацийDodam имеет репутацию за гранью всех репутацийDodam имеет репутацию за гранью всех репутацийDodam имеет репутацию за гранью всех репутацийDodam имеет репутацию за гранью всех репутацийDodam имеет репутацию за гранью всех репутацийDodam имеет репутацию за гранью всех репутацийDodam имеет репутацию за гранью всех репутацийDodam имеет репутацию за гранью всех репутаций
[quote=Tarha;692386]
Цитата:
respekt Батаева Хедин!
а нельзя больше информации о ней?
я только слышал ето имя
Тарха, это очень приятная
молодая женщина)
Са1ди-к1отар бохуш юьрт юьйцуш хезний хьуна? ))
Ааааа, хезна хир ю дера))
Цигара ю-кх иза ц1ера,
хьан доттаг1чуьн дешархо хилла а йолуш))
Цуо дикох дуьйцур ду хьуна
цуьнах лаьцна!)
__________________
".. Г1енаш, сан эсала г1енаш, мичахь ду шу хаза т1емаш?
Йига со б1арлаг1ийн махка, сайн ирсан аганчохь тахка...." (с)
Dodam вне форума  
Закрытая тема

Опции темы

Быстрый переход



vBulletin © Jelsoft Enterprises Ltd.