![]() |
| |||||||
| Проза/Поэзия Искусство образного выражения мысли в слове; изображение жизни, создание художественных образов при помощи слова. |
| | Опции темы |
| | #1 (ссылка) |
| 1илман Юсупов - стихаш Суна 1аламат мехала хета нохчийн поэтан Юсупов 1илманан кхолларалла. Къоъ поэтически гулар яраяьлла цуьнан зорбанехь: «Заманан мазлаг1а» (1991 шо), «Доьналлин маьждиг» (1997 шо), «Иэсан г1у» (1999 шо). Нохчийн къоман литературан хиндолчух дог лозуш болчара езаш т1еоьцур ю аьлла хета суна ша тайпана хат1 долчу поэтан Юсупов 1илманан байташ. Шун кхиэле йохку ас царах цхьаерш. Даймахке Даймохк, ас хьан лаьттахь юьту коган хIора лар а Лууш ву со хила хьан некъашна аьхна даар. Шераш тIе мел кхийти тIеттIа сан дегI дайдалар а Ду шен йозаллица цунна лазон хьо цалаар. Карахдаьлларг хьан чухчарин хица ламаз эца Хьан тийналлин аз ца хаззал ма хир вац-кха къора… Хьан мох оьшу суна, цициг санна, караэца, Оьшу деган хьерахь аххьал хьан дарбане къора. Оьшу: бIаьста — кийра тилла хьан маьлхан цIен гуьйриг, Аьхка — коьртах мехий детта хьан воккха лор-догIа, Гурахь — син туьтеш тIетаса хьан гIаргIулийн могIа, Iай — иллешна бойнаш ян хьан мархийн къоьжа уьйриг. Гуттар дакъа до ахь суна хьайн хьаналчу мулках, Хууш эрна ас ца дойтий айхьа делла загIа. Ирсан пенаш дуьтту ас хьан беттан шагатIулгах, Сайн езачун кет1а буьхкуш хьан седарчийн жагIа. Барзах тебаш, еъна, тоьхча Iожаллино хьиэх ка, Со а хир ву хьуна лиъначарех сайна хила: Хьан буц-ярийн тIийригаш а — кошан бертиг ехка, Хьан дахкаран к1айн куьйгаш а — чуртан йоза дила… ********* Даймехкан дагна гел хьийзайо гIаргIулийн назмано. Адамийн ойланех шар-шарахь юцалуш ю и. И шайна ма-хеззи, сан шераш боларна даз ма ло, Набарна оьгу уьш, сан Iалашонаш а юий… ГIаш оьгу, шабарийн белашца гуо охкуш тийналлин, Шайн къорза барзакъаш лаьттахь а муха тов хьажа. БIаьрг баса баккхарал совнах шен бIаьрлачу cийналлин, Стигало-м хебадо тIехь маьлхан нур даьгна хьаж а. Мархаш ю — билхина маьлхан бIаьрг бакъабен йовлакхаш. Уьш хIинца бIаьрхиша язйина, ай ма-ллу ю-кха. Йочане ойланаш, со везачо шу ма йойла-кха, Со-м хьийза вой аша, коьрте а хьийзаш юкъ-юкъа. Дехкаша нох дохуш санна ду шур-щур дар дерзано… Дохк муьйлу лаьтто — ша лам оьзна, яьккхина шура. Кхоьлина денош бен ца уьйзу гуьйренан терзано, Ду иза сан бIаьргийн нур оза ца дашшал кура. Хьан хIуонехь хIун алий, даккха ас сайн ирсан самукъа, ТIаьхь-тIаьхьа шийлачу хаспашка марзделла Iалам? Генна дIа кхийсахьа гIайгIанан герканаш цкъа мукъа, Хьо чIанадоллушехь горбоьду сан б1аьргийн тIалам… Мехашца техкабеш гаьнгали сан хазахетаран, Хаахьа, буй иза аса хьайн сеаларх бина. Ахь суна тIехула лаьцначу стигалан четаран Бос мухха белахь а, аьхна бу даим сан сина. Сан са бен хьайн кхача бацахь, и ца бууш аз ма ло, Дахкарла хьерчаеш мажъелла хьайн бецийн чуьйраш… Даймехкан дагна гел хьийзайо гIаргIулийн назмано, Сирлачу гIайгIанан хих йохуш адамийн уьйраш… ********* Дахарехь ас дечу хIаваан неканна Аьхна ду сан иллин маликийн тIемаш. Шу Iе шу, гуо бинарш къилахьчу текхана, Къуйн даарх бохуш шайн саьхьара чемаш. Ойланаш, йисинарш дилханан хотталахь, Шу Iе шу, синтоман йийсархой хилий. Маьлхан цхьа зIаьнар шен могIанах хотталахь, Стигалахь гIишлош ян гIур ду сан илли-м. Аш ла аш йийбарийн хьагаме олалла, Токхечу диларийн уьшалахь керчарш. Ган доьгIна дац шуна сан деган долалла: Дайн шира бIаьвнаш я саьккалийн херцарш. Iахка шу, леш хиларш сутарчу зорханийн, Бала цакхачаран ховхачу меттахь. Сайн кийра хIу тосуш седарчийн хорханийн, Со-м заза доккхуш ву халкъан синметтехь. Доьшанца Iехий шу маьхзачу гуйнаша, Маьхьарлахь гIалх дайна рицкъанан хехой. Шун яххьаш тIадийна Даймехкан туйнаша, ХIосташ деш шун боцчу кепекан мехо. Ма чIогIа дай хила гIерта шу тахана Шаьш цергаш йихкинчу сан Нохчийчоьнан. Дух мичахь ду-м хаьа массо а нахана Хьарамчу хьолахь аш буьзначу чIоьнан. ХIинца а-м хаало аьртанаш хьекъална, Сан мехкан шоралла шун гешца юстуш. ХIун аьлла хир вара шух тешнарг декъала, Аш буьтту зуламе аьшпаш а луьстуш. Дозаллех дарж дина шу-м мича дешара Ас дуьйцург схьалоцуш, сагатдан лерсин! Амма ас лоллур ю сайн халкъан бешара Шун синойн цIуналахь мел кхиъна херси… ********* Веха со, лелош сайн шерашца гамо, Цара сайн дег1ан сий ца дарна жимма. Хала ду-кх хебарш а ягарьеш Iамо Доккхачу дуьненан хьесапан Iилма. Къоналла-м хиллера цхьа йоца забар, Оьмаро качъелча сан даге йина. Цундела тIедоьжна денойх цаIабар ГIеметтах1оьттина долчу сан сина. Дахар ду заманца хьаббарех ловзар, ТIаьххьара бIаьрг беллар валар а долуш… Цкъа хIинца-м доьдуш ду сан кхиэлан ловзар — Со цигахь тхьамда ву хьаштийн кад молуш. Азъелла ягIахь а сан ирсан рузма, Безаман мIаьргонаш — агIонаш туьлуш, ВогIу со куьг лаьцна сайн къоман узаман, Син тIаьхьалонех сайн дог а ца дуьллуш. Ткъа дог, дIаладоьгIча, аре ю тIеман: Цунна тIехь леташ ю бIостане шовкъаш. Сан хьиэ чохь хьийзаш ю къийсаман сема, Шена тIе хьерчаеш толамийн къовкъарш. Сихачу боларна цхьа лазар кхетахь, Когашна аьрха ца хетийта сацар, Эшаман ша башош кхиаман четахь Муьйлу ас доьналлин хьаьж тIера хьацар. Цкъа-м омра кхочушдеш тIаьххьарчу сахьтан, ДIагIур ву абаден хIордах дIаэн со. Делахь а, дохлур ду сан шийла лахьта Сан чуртах Iаса яхь адамийн иэсо… Дуьххьарлера илли Дуьххьарлера сан илли ду Диттан дато заза, ЧIогIа хаза кхелина Сан ойланан дитт цо. Ткъа цу диттан баьццаралла Iалашйина база, Аса-м хьан и сийна сибат Цкъа а диц ца до. Ас дахаран беш а кходу, Ца дан гIерташ лаза Сайн ойланан дитта тIера Иллин ховха са. Деган мерзаш зуьйш, меллаша Дека илли-заза. ГIад нисдина, малхе кхийда Дитт-ойла а сан. Тешна ву со: Деган лаам Iабош, кхано тIаьхьа ГIаша бIаьрла заза хуьйцуш, Стом латор бу цо. Латкъа даций сан и хиларх Цкъа юьхьанца къаьхьа — Къахьо йиъна ваьлча, Бухахь марзо карайо… Сан илли Шаьлтанан дитт ду сан дахаран илли. Сан Даймохк ткъа — шаьлта, хьан пхьалгIахь йина. Сох цуьнан мукъ а бай, хьайн буйна виллий, Хилийта сан хьуьнарш — буобераш къинан. Хьан кераюккъехь со вахана кога, Хьан чкъуран хьацарлахь цIинвелла ваьхна… Мукъ бина коьчал мел хилахь а шога, Теша, со хир ву хьан куьйгана аьхна…. Маца а йожахь хьайн пIелгаш юккъера Сан шаьлта, мукъ хьалха лаьттах дIайогIа, Хьайн х1аваъ хадорна болуш къинтIера, Чуртана айлуш сан тIаьххьара могIа…. Къийсаме Иллин багахь лозуш хилла дешнаш-цергаш тий сан-м, Ахь ца делча суна цаьрца кегдан шовкъан бIараш. Хьа-м ма бара хьайн тешаме мурд со лоьруш къийсам, Соьга ахь кхин ир ца йойту хьайн болатан мIараш?.. ХIоьан чкъуьйриг сана, готта хIара томан оти, Дог таIочу синхьааман буьйра лешон долу. Сатийсаман шахьар хилла йилбаз-гIала отий, Синтоам шен мисарболат даг тIе леца болу…. Кху дуьненан духхьарлера дакъа санна, цхьалха Дуьтуш и сайн иллин туьран буьххьехь карзахвийлар, Синтемзаллин цIокалара волу со-м цкъа хьалха. Цул тIаьхьа тIедужу сунна кIадо марахь къийлар…. Къийсам, аса-м синтем бустош, дегайовхо а йийна — Цуьнан дилханан цуьрг — со — Iа цхьаллин цергах лета… Ас кхетаман бIаьрса-ъ лахий, ойла муст а йина, Бендацаран къорза лаьхьа сунна уллехь сета… Меттан шалго хьалаIуьттуш, синхIуо элах кегош, Ла ца луш сан озан б1аьрхиш, къинхетаме лешарш, Шен кIамлучу дегIан чIагарш инкарлонца легош, И-м шакарца зарзъян гIерта хьо хестийна эшарш… Сан лехамийн бIона оьшу хьан тешаме байракх — Нийсонна хехь даим дитташIуьйра лаьтта тарраш! Ирдайтахьа соь уьш наггахь, яош шерийн гIайракх! Хьакъвеш со а, толам базбеш, тоха онндда тIараш! Схьалохьа сан иллин лазам — шовкъан маса бера, Хьай стогаллин малхехь къагош синмаьждиган момсарш. Хьажал хьо-м сан иллин бага: яц кхеманах тера Хийла зулам дIатабийна дешнийн ира кIомсарш…. ХьагIйолчуьнга Гича ирсо сан иллина гонах лаьцна турс, И ла ца лой, хебий, тIегатло и хьан са-тIара. ХьогIан хьожа етталучу бIаьран ира урс Вуонан карадилла лаам кхобу ахь сутара. Тешнабехко дина хIоа ду хьан Iаьржа дог. Со аьшнаш веш, тIаьхьасетта хьан мотт — луьра лаьхьа. Хьайн неIалтийн пхьалгIахь тусуш ас мел боккху ког, Левси кховсуш, цабезаман кIега денбо ахьа. Адамаша со лараро сенбина хьан пах. Хьан питанехь моьне доьрзу сан диканан сиз а. Ма дика ду ахь ца хадош сан гIуллакхийн мах — Ма нахартийн зов дадийна лелар бара иза! Вуоне карча лууш хилар хьо, сан ирсан мур, Го-кха, дешча хьан осалчу бIаьргаш чуьра доIа. Мурйоьллачу хьайн гамоно къедош стешха нур, Яхкаелла ойла хьегIаш, ма тебна а хьо Iа… Iе хьо иштта, д1аьвшан улх, и букъ хьайн тIеттIа бош — Со дIацIанван гIалатех хьо волуш дика ду-кха: Хьуна белам боккхур боцуш ду сан х1ора дош. Ледарлонаш сан ягаръеш, гIад ца гIор хьо дукха… Дахаре Хенан сиркхо — наб тIегIерташ, бIаьргийн хIоаш луьйсуш, Дахар, и хьан маьIна довза сан а дийзи-те? Сан механа еза йоцу гIеметталла къуьйсуш, Кхиэлан туька гатъеш, хIуьтту-кх шераш гийзиге… Кхача гIерта юьхь сан хершнийн гезгамашин кара, СингIаш хьега девлла баьрзнех эгначу гIанийн… Амма дегI сан боддинехь а, лагI ца йи ахь хIара Деган Iомахь буру хьийзо шовкъийн кIуркIмани… Ца юсторна нехан хьокъо сан рицкъанан ворта, ХIуьтту хир ду теш хьо деган цIеналлина сан: Ахь семанна даьтта хьаькхна сан оьмаран ворда ТIера яц-кха, цIийзаш, адамашна кула ян… Лиъна хьан нийсонан хьоста къинхетамза лакъон. Вуонаш гIерташ диканийх дан шайна муьтIахь леш, Елла-те ахь, «дахар» аьлла, хьайн цIе тилла бакъо Кху деношна, уьш хиларх а, дIадовларца леш?.. Байтийн совнахдевлла генаш синан херхо хедош, Сан ойланан бага юзуш дешнийн жираша, Хьо го суна пхьуьйшахь, четахь хазахетар къедош — Чохь а, тIехь а дашо динарг ирсан тираша… Лалур доций хууш хьайга дог сан къийдалар, Сих-сиха ахь соьга кховдош ши совгIат ду, дахар: О й л а н а ш я р — син пардонна сийлахь даьIнаш дахар, И л л и а л а р — йоьрзуш йоцчу чевнах цIий далар… Сан дой Сан денош дой ду, уьш ца Iебаш хоьхку ас дахаран арахь. Шо-гуо чекх мел бели, керланиг кхин болон уьш кийча ду. ГIеххьачу реманан да волчу суна а-м хало ду ала, Маса дин хир бу сайн берриг а, бисинарг маса гуо бу. КIайнчу дойн бергаша хIост динчу некъашца — сан хазахетарш. Iожа дой толаме кхачаран билгало — безаман кхаъ. Расха дой бахьанехь дикачу нахаца со цхьаьнакхета. Борачийн толамо, оьшшучохь гIо дина, велаво цхьаъ. Хьалхарчу могIарехь сираниш нислуш а меттигаш йогIу. Цаьрца ю сан гIайгIа, сан дагахьбалламаш, даг чуьра вас. Царна шед етташ со челакхчу дахкарлахь некъ ца гуш вогIу — Цундела со церан толамна кхин башха тIера а-м вац. Буьззина мах хадош, ца ваьлла сайн дойх со довха дош аьлла. И алар, шераш дIа мел кирчи, ша дазлуш сан декхар ду, Цахаарх, муьлха дин хьалха а баьлла, со дуьненчу ваьлла, Я иштта, муьлха дин тIаьхьа а бисина, д1акхелхар ву… Угар а хьомечу дойша дог ирсе деш шаьш долчу ден, Дехкина бIиллигаш дIаяздеш, артбелча сан кхиэлан къолам, Ахьа а боккхур бу цхьа а шех ца хьоьгу хьайн къиза толам, ХьаргIанан тIомал а Iаьржа дин — дахаран тIаьххьара де…. Беттан хьокхам Дарделлачу цIоькъалоьмах дарцо мIараш туьйсуш, Цистина сан коре лаьцна шан пардонан кIай. Ткъа стигало мархийн цецах чекх лайн дама луьйсуш, Кху сан кертан бога дуззуш, бод биллина кIайн… Пхьуьйре юлуш кийча хир бу буьйда хьокхам беттан. Мархийн цецахь, бенчохь санна, цо Iаь еттар ю… Дорцан цIока Iуьллуш хир ю, луо а хилла детта. Кху сан коран бIаьрга лаьцна кIай а жимлур ду. Со а хир ву пхьор дан дагахь, пеша дечиг туьллуш. Ялтин мерза хьожа сунна баттах йогIур ю. Тхайн туьнкалган буйна к1уьран беха гIуркх а буьллуш, Беттан хьокхам кхерчан цIерга божон гIуртур ву… ТIаккха сайна даго довдар схьахезар ду шера: «ХIунда гIерта беттан хьокхам хьо чубожон, хIай?! И-м хьан нанас шен доьзалан синмаршонна тIера, Мац ма-делли, седарчашна хьалха буьллуш ба-й…». Гуьйренан аматаш Дошан басе дирзи хIинца Iоман сирла аьнгали. ТулгIе отуш, цинцийн гаьргаш ца етта цо сих кхин сан… Диттийн гаьннех лохха кхозу мехийн чорда гаьнгали — Дахкаран кIайн шура луьтту гезгамашин хинкиса. Къена эмкалш санна, лаьтта цанахь элан холанаш. ХьаьжкIаш тилош хилла меттиг гойту лоьдгийн нехаша. Доьрчаш чуьра ялта идош, чIегIгаша до «къоланаш». Хьокхийн кертан цергаш малъеш, шакарш етта мехаша. Дерзанна кIел лаца кийчча некъан хоршан кана ю. Акхароша орца доху, чIанайолуш хьун гина. Кхаш тIехь когабуьхьар хIуьтту, хала къаьсташ, анаюх. Тийжа евлла, гIаргIулеша мархийн бIаьргаш тIундина. Йитта кечъен бедарш санна, дIо стигалан боганахь Iохкуш ю и морса мархаш — хилларш кIеда чилланал. Гой-те царна, бобер санна, гIийла Iуьллу охана, Ахархоша векалдинарг Iаьнан дера чилла лан… ГIанийн можа оьла махо сайн когаш кIел кхоьссича, Суна иза сайн син заза ду ма чIогIа моттало… Ткъе итталгIа хIара гуьйре кху сан керта йоьссича, Кхин цхьа харш а тосу-кх даг чу сан оьмаран готано… ********* Деган маргIалш хено кхадар суна-м сане даьлла: Велавалар зевне дуьйлу, ойла сирла ю. Деба амал лаьцна долчу шерийн гу тIе ваьлла, Со-м Iа, бIаьргийн йийсар йина сийна анаюх… Ца гуш хIун ду хIоккхузара! Гу ца хилар боккха Эшам бу я толам бу сан хууш вац-кха со: Буьххье ваьлча, мархаш юккъехь садаккхалац доккха, Гу лахенехь паргIатваьлча, анаюх ца го… Баххьийн хIуно садукъдарх а, анаюх ган хьаьгна, Къарбан лууш шерийн тIеттIа лаккхабуьйлу гу. Аьчган мIараш туьйсуш, шерийн букар басеш аьгна, Шерийн гунан когашкара вог1уш верг со ву!.. ********* (ИбрахIиме) Сан Iодика яр а доцуш, хьо-м дIаваха ц и г а, Суна сайнна буьтуш хехка Лаьттан буьнжоьлаг… Кхойкхуш хийла шен дитташлахь левзинчу хьан сига, Хьан иллех шен назма йина, тийжа хьун-боьлак… Со, чуластон хан текхаччалц, генна хьалавуьгуш, Дагалецам вичIабоккхуш, лакхло шерийн гIат… Ас сайн иэсехь кегон йоза стамдалаъ ца туьгуш, Оза тептар хилла и — хьан денойн шериIат… ХIора буса сан набаран корта узуш хуьлуш Ду хьан амат, ойлаеш сан гIенаш леIаран… Мича бехкана со ву-те син хьацарца дуьлуш ХIара хIаваъ — зоьпар хилларг хьан садеIаран… ********* Буьйса текхош, къайладели беттан можа бурам. Веччалг санна, лаьттан чкъурах йоьлла гIура-йис. ГIулч ма-яьккхи, бека берриг къерсигбаьлла урам. Дахкарлахь цхьа ирке серлайолу анайист… Махехь яздо туьнкалгаша кIаррийн сетта йоза. Довха иза доьшуш, мархийн бIаьрхиш дакъало. Ша хьаькхначу тIулга тIера гIоттуш цIирцIир-хьоза, Сан даге цхьа кIеда-мерза илли даккхало… Шан пардонан ахкарг дина генаш гIоьвно гIорош, Некъа йистехь, могIа бина, цIийза акхтаргаш. Дато долуш санна хета кIац йиллина гIораш. Шалмаз хьаькхча санна, вовшахлиетта эгна гIаш… ХIара бу-кх и хенан хIоттам, шахматийн у санна, Шеца ши бос болуш болу, ши бос — Iаьржа, кIайн: КIайн ду лаьмнийн баххьаш, лахахь — кIурбиллина хьаннаш. КIайн ду куьзга хинан, амма Iаьржа — чуьйнан тIай… Хета шалгоюьйлуш суна кху сайн иллин шовкъ а — Бода хьоьстуш лела, тIаккха серло хастайо: Iаьржа гIайгIа даг тIе тесна, гуьйре йоккхуш новкъа, Iа тIедаре хьоьжуш лаьтта ойла къежйи цо… Кхо синхаам Сайн иллийн х1усамехь баьррче мотт биллина, ДIабижо кечби ас кхо синхаам. Царна хIуо кхетийта, деган кор диллина Хьийза сан уггаре оьзда лаам. Хьалхара синхаам езачун бIаьргаша, Геннара схьакъежий, гIенашла хьо. Шовданан коьрте дIабигийтар цаьрга ша Набарха даима далхадо цо. ШозлагIа синхаам, ненан дог хьаьстина Баьлча бен, цхьанна а тхьаьвсаш ца го. Тем боцу наб хуьлу йийриг цо къаьсттина — Минотехь эзарза бIаьрг боьллу цо. КхозлагIчо, хийлазза вонна некъ бихкина, Нисди сан кхолламан гара сизаш. Набаран суй банза, ондда юкъ йихкина, Даймехкан ойла еш, Iаш бу иза… Ойланийн сирла мотт царна кIел биллина, Сан кхуьй а синхаам хьоьстуш со Iа. Хьалхарчу шиннан наб ларйо ас виллина, КхозлагIчо гонаха хIоттадой ха… Бераллин денош Шераша якхдеш ду дахаран кхаш, Бохамийн, эшамийн диларш тIеIенош. Сан деган уьйтIара шайн IиндагIаш Аш мича тийси-те, бераллин денош? Шу Iачохь хьан до-те Iуналла шун, Ас санна, шун маьлхан синош а делош? Бе-берса дац-кха сан кхолламан шун, Цунна тIехь шу доцуш, бераллин денош. Со-м хетар долуш ву заманах эхь, ГIайгIане лелахь шу, сан лазам дебош: Со ирсах тешийнарг кху лаьтта тIехь Шун сирла уммат ду, бераллин денош. Iожаллин бIобанах ийзалуш Iа Аш зевне декийна сан гIенийн цIенош. Уьш дуьтуш, шу хIунда девди-те дIа, Ишаршца иэс хьоьсту бераллин денош?.. Сан дегIах хьерчаш ду сиркхонийн дарц, Ойланехь аш дина баннаш а дегош. ТIаьххьара шун верас сан дог бен дац. И сацахь лийр ду шу-м, бераллин денош… ********* Къоламан белаца кехат а охкуш, Де-дийне доккху ас цхьа сирла каш. Цецдохуш дуьненан сан гIуллакхаш, МогIанийн бIаьллаш ду гонаха Iохкуш. ДIабогIа кечбина гIайгIанан хIоллам, Букарчу цхьалло шен гехь латтабо. Суждане эгахь а ойланийн бIо, ДоIа дан сих ца ло сатийсам-молла-м. Кхолламан барам бу цкъачунна беса — Шен гIийла мухь цунна кеста гур бац: Къахьоьгуш со мел ву, дIадолор дац Дуьненан лазамо шен Iеса еса. Шардо ас упханаш массо а байтан, Воттанан меттана тIехьоькхуш са… Марчонна лоьру ас хьарчоза къа — Илланчин оьмаран цIеналла гайта… Шатайпа каш доккхуш ас гойту масал, Массарна хетийла дацахь а дош. Шеретан мах хаддол кхиъна сан дош, Хуьлуш шен ден коша лаьттан цинц тассал… Сан байташ Дуьненан буйнара бIешеран аьлха Яккхахь ас, ирдан сайн оьмаран хьекъал, Сан байташ, хIуш санна токхечу маьлхан, ДIахIуьтту сан деган ардаш тIехь хьекъа. Со юкъагIоьртича шеконийн девнна Царалахь машар бан тешамна гергахь, Сан байташ, чIийш санна, дог хьокхуш девлла, Халбата ховшу сан безаман цIергахь. Мархех дIацIандина седарчийн хьаьвда, Маршонан мох беъча сан лерехь бека, Сан байташ, хиш санна, лам бешаш хьаьвдда, Диканца зиэн гIерта сан деган нека. Дош суна карийча хIинццалцца хьегна, БIаьргашна ган а гуш, и даьлча анда, Сан байташ, гIаш санна гуьйренца эгна, Кечло-кха сан меттан саз-латта хьандан. Бендацарх дин дина Iар суна доьхкуш, Иэс даьлча Ригахойн к1отара леста, Сан байташ, дой санна мохк мел бу хоьхкун, Хьакъ хуьлу нохчочун дог-ойла хьеста. Са тоьгуш сайн къоман амалан теца, ГIуллакхаш тоьхча ас гIиллакхийн кепа, Сан байташ, тхиш санна баьццарчу бецан, БIаьвнаш чохь яьгначу серлонгахь лепа. Со хенан букарчу басах чушаршахь, Цхьа а церг арт ца еш сайн иэсан херхан, Сан байташ, сеш санна Даймехкан варшахь, ГIум-Азехь дисинчу кешнашка гIергIа… II. СОНЕТАШ Нохчийчоьне Къоналлех йисинчу ойланийн испайлла яош, Ма хала кхобу ас сайн шерийн стамбелла доьзал. Ас хехкарх тахана кхиэлан дин, бергаш а яош, Мацца а гIур бу и, бухбоккхуш сан деган гоьза. Сан байтийн бацалахь хьийкъина дог-ойла ятош, Адамийн бендацар векалдеш со вайна доьза. Цхьа минот дIаэккхахь цIеххьана сан оьмар ядош, Ахь марчо даккхалахь суна хьайн дахкаран боьзах. Каш-борзан гIовланах верасийн ойланаш якхош, Цаьрга бос оьцуьйтуш уьшалахь йолучу къоьзан, Со дагалацарца мажъяьлла хьайн беснеш якъош, Ахь декъалвелахь со даггара, х1ай Нохчийчоь сан… Ткъа наггахь къайллах ахь тергалдахь сан гIийла чурт, Цунна тIехь къаьстар ду хьуна хьайн ойлане сурт… Поэте ХIун оьшу бакъволу илланча хила? Хьо а вац и хаттар эзарза зиэза. Дохийна лаьмнаш ду, чевнаш а тиэза, Лууш шайн тIулгаш ахь бIаьрхишца дила. Мел тIома белахь а хьайн кхиэлан гила, И къоман хьашташна дIабожа беза. Хьайн ненан меттан дин ахь даккхахь Iеса, ГIур ву хьо гIазотан назманийн къила. Хьо бен кхин догъэца вогIур ву мила БIаьвнаш чохь кхиъначу хьадисийн иэсан? Тахханехь хилийта Нохчийчоь реза Юьхь ян хьайн къоламан тIаьххьарчу зилан: ТIаккха бен буьрсачу заманан моха Эшалуш хир бац-кха хьан цхьа а могIа… Доьналлин маьждиг Доьналлин маьждиг ду нохчочун амал. Цунна чохь рузба до гIиллакхо, яхьо. Къобалъеш со мел ву и тайпа Iамал, Лаьтта тIехь шело яц сан ойла яхьо. Лур бац-кха сан къоман собаран лам мал, ТIесерсарх бIешерийн питанийн къахьо. Ницкъ ло сан къийсамна со тола Iаммал Даймахко даьккхинчу маршонан сахьо. Хьо каде хьовзарна, сан лаьмнийн гIайракх, Къоман са ирдечохь хIаллакдан лолла, Нохчочун кхаж бели шен дедайн байракх Эххар а заманан момсар тIе олла. Лензалле вистхуьлуш бакъволу нохчо, ГIам-гIим дан ца оьшу дог-ойла лохачо… ********* МостагIчо дайн латта дIалаьцна, со уьйрех хадар Тергал дIа ца далла дог-Iаьржа хиллера дуьне. Хийрачу нахалахь йохьана ян гIерташ мадар, Ас хийла синхаам бейти-кха шеконийн уьне. Хено шен цхьа га а, пайденза ду аьлла, кхадар Ла ца луш Iийначу сайн дагалецамийн хьуьне Доьху ас жимма шен орамаш кхетамехь кIаддар, Лайначун къахьалла ца йилла хийрачу шуьне. Геналлехь гIенах гуш дайн лекха сатийсам — маршо, Суьпачу сица ас Iалашдо цIийн озан уммат… Сатийсам дIабоьхуш хьомечу стигалан Iаршо, Сих-сиха ойланийн садаа хIуьтту цхьа хIума: Со пана махкара цIавоьрзуш, гитоьхна са-лам, Даймахко дIаоьцур дуй-техьа ас делла салам?.. Лаьттан цамгар ГIуранан энаша дIалаьцна меженаш лаьттан, Дац цуьнан шовданийн-бIаьргийн бен меттаххьан де. Лохха тIеязъелла стигал а ойлаеш лаьтта, Ца хууш иштачу лазарна ша хIун дер-те… Стигалан гIайгIане ойланаш — лайн чимаш — оьгу, Iаь етташ, кхетам чу балабеш цомгашчун хьиэ. Хетарехь, цундела сонта мох бу царех хьоьгуш — Карзахе хьоькху и, ца туьгуш цхьажимма тиэн. Дарц а ду-кх стигалан ойланийн шатайпа гIаттам. Эзарнаш куьйгашца цо хьийча шен зийза дегI, Iаламан дог-ойла екхаеш, толур ду латта-м, Паналлин маршонаш юха а цецйохуш шех… Стигало лаьттана гIоли еш ца хилча денна, Цкъан цкъа а бIаьсте гур яцар-кха кIайчу дуьненна… Сан дагалецам Сан дагалецам, хьо хетало шатайпа оти, Кораш а долуш сан сина тIе дерзийна нийсса. Кхетаман бIаьргашна тишделла хьайн куц а дотий, ДIахIутту цкъацкъа хьо сан даг тIе сингаттам тийса. Хьан цIенкъахь лаьттачу тийналлин шийлачу пеша Шераша, «хIуп» бохуш, кегайо сан ирсан овкъарш. Хьан массо сонера, Iийдалуш, байттамал леша, ТIе гезгамаша а тесна Iа къоналлин шовкъаш. Лилхина ерриг хьан тхов тIера безаман гериг. Ма дуьра ду хIинца цунна чекх мел долу ладар. Цкъа цхьана заманчохь ма иштта дацара дерриг!.. Ма атта нислора хьуна чохь шиннах цIе латар… Делахь а, сан дагалецам, хьоь цхьа дехар ду сан-м: Сих ма ло тIекхета, сан кхиэлан тIаьххьара хIусам… Нохчийн мотт Сайн меттан зевнечу махкахь со веха, Сай санна, оьздачу гIиллакхца цхьаьна. Ца хьерча сан дагах ачонан Iеха, Ца бо сан ойланна шеконан нIаьна. Кхузара бахархой — дешнаш ду зевне, Даггара къобалъеш сан къоман амал. Уьш соьца цкъан цкъа а ца хилла девне, Цундела со царна еш ву сайн Iамал. Дешнашна со а цхьа дош хета шайлахь, Суна а хета уьш адамех тера. Дуьсуьйтур дац цара сан илли байлахь, Мацца а дIаваьлча да цунна тIера… Стогалла санна ду дошаман низам, Цо хьакъво со латто харцонца къийсам… Яздарче Илланчин цIе езаш, дарж дина лело, Деса дош вотанах ахь декадо. Сан ненан маттана мел хилла гIело, Хьан байташ ма-йийшши, ма шера го. Шех хьакхаелча хьан йозанийн шело, Къиг санна, хебна Iа хьан деган тIо. ХIетте а, сирачу мог1анийн кIело Хьанна а ян хьаьгна хуьлуш ву хьо. Ца яздеш хьо Iийча, хинболчу мэло Пирдовсе буьгур бу масийтта бIо. Делахь а, и ца деш хьо хIунда Iело Тера ду, хетарехь, кхеттачух со: Бакъволу илланча, гIелвелча, вело Хьо цунна кховдийна совгIат ду кхиэло… ********* Шелбелла бутт Iуьллу мархашлахь хебаш, Белхаме хьоьжу и сан корах чу. Г1айг1а ю сан деган неIсагIехь дебаш — Сан дагахьбалламан гIорасиз Iу. Седарчийн тоба а, цхьа гIийла лепаш, Къарздеш ю стигалан босбаьхьна у. Хьан сирла аматаш ойланна тебаш, Тховса а наб ца ян со кийча ву. Сурт хIуьтту: саьрмиках хьан дагах хьерча Багах а, мерах а цIе кхуьйсу вас. Чов хилла лу санна, сан син тIехь керча Ас дашца букъ бойна хьан тийна аз. Сих ца лахь хьо суна къинтIера яла Декъала хир бу-кха ас хьоьгу бала… ********* Цхьалхачу сан гIенийн бос баьхьна Iу Бутт бу — ахь бIаьргашца летийна ч1урам. Хиллера ахь бина седарчийн цу Сан даго ша худуш ца хаззал хурам. Хьайн марзо йоьлча сан кхетамна чу, Хьайн куьцах дин деш, хьо елира кура-м. ХIетте а, синметтехь со кхобуш ву Хьан болар хьаьстича къонбелла урам. Сатийсам берриг а соьца Iаш бу — Хьан деган гIулгана кIордийна кIурам. Дицделла даланза хьан сибат ду Сан иэсан тулгIено ловзаден бурам. Iожалло дIахьарчош сан кхиэлан баккхал, Хьайх лаьцна илли цу юккъера даккха… III. БИЪМОГIАНАШ («Деган цастарш» цикла юккъера) ********* Дикка хьаьжча, сан кхетамна йина хир ю берчаш, Саццаза ас хьох ен ойла хьекхаелла шех. Ас садоIуш яьлла Iаь ю, дохк а хилла, хьерчаш, Сан Даймохк, хьан лаьмнех, иштта цу хьан аренех… ********* Цомгашчу адаман чот хуьлу тоделла, гIатта, Эшаеш сиркхонаш — шен дегIан гуьмалкахь IаьIнарш. Хьан ма яц и таро, декъаза дархо — сан Латта: Хьан дагца кешнаш ду — цкъан цкъа а ца доьрзу даьIнаш… ********* Кхин ца гIерта шеконаш сан лере оьхуш, текъа — Ас уьш ерриге а къарйина: Сайн Даймехкан даг тIе боьду уггар боца некъ а — Байтан могIа суна карийна… ********* Паналле хьаьддачу сан шерийн коврана Сан цхьа а синхаам Iеса ца го: Дала шен хIост дина сан деган соврана, Элчанан умматах дIатухуш со… ********* Лехамашна сутарчу сайн сина ХIун ду хууш кху дуьненахь товш, Ас сайн ненан бIаьрхих шекъа дина, Даг тIе язди «Даймохк» боху дош… ********* Ша бо сан иллешна, адамаш, шун вонаш гуш. Ца лаьа довла и шун бIаьргаш, дилхина, баса. Шун хIора лазамна роггIана дIавожалуш, И къиза ворданаш сайн даг чу ялайо аса… ********* Сан кхиэлан хIосташка дирзина хьан некъийн дерташ. Хьан хIуонан дакъа ду ас доь1уш долчу син Iаь а. Хьан аре — кераюкъ — сайн деган кан кхио г1ерташ, Моьнаша — нахаран хершнаша — юьзнийла хаьа… ********* «Даймохк» боху доккха дош ду хьо, гуьйренан стигал. Хьан чаккхенехь гIаргIулеш ю — дукхатIадамаш: КI о р г а ду хьан л е к х а маьIна со ойлане виггал, Лаьттахь даккхий синош даха хIиттол адамаш… ********* Машаречу Iаламо а ша теш хилар къуьйсу, Даймахкана ха деш, даим само хьекъаран: БIаьста диттийн чIенигаша хьуьнхахь тапча кхуьйсу, Аьхка юьйлу йоккха топ а стигал къекъаран… ********* Сан хьиэ лийса ларор яц хьуо моттаделла ойла, Ас хьуо сихха дIаяздарна кхераделла дош. Ашшиммо со Iамий (Дала сий шуьшинна дойла!), Сих ца вала деган орца халкъан кхиэле хьош… ********* ХIинца-м сан син байракх юлуш, хьоькху хенан мох а. Амма суна доьг1на дац-кха сайн тIаьххьара цхьа де ган. Оцу дийнахь нехан иэсо бастахь уьйриг сан деган, Гур ду хиллий и сан иллин уггар беха могIа… ********* Шераша мохь лацахь оьздачу сан дешан ге тIе, Стешхачу хьацарца бех а еш сан деган ботт, Сардаман топ тохий сан иллин осалчу хье тIе, Ахь иза доIанза дIадолла, сан ненан мотт… ********* ГIерташ поэт вицвалийта, ма къа хьоьгу аша, И ца везарш, амма цо шун пусар дIа-м ца до: Хи тIе боьду некъ дIабайарх лайша, догIанаша, Адамаша, хьаг ма-делли, меттахIоттабо… ********* Бакъо йоккхуш сайна кхузахь, хехо санна, латта, Сайн байташна реза хирриг нохчийн шира илли, Дедайн ирзехь хIинццалц Iахар Iилла дезна латта, Деган чкъурах хIайкал де ас, хьо юккъе а диллий?.. ********* ГIайгIанна яцош, шайн ойланаш ечул а аз, Шу хилахь, адамаш, наггахь а со дагалоцуш, Йилбазан мохь боцуш дуьсур дац сан деган аз, Илли а хир дац сан тIаьхьараалар а доцуш… ********* КIиръелла хьежарна сан ойла кхетаман аренах дIа, Кхоччуш тхьузйолош шен юьйлина латтийна яьIна, Гин цунна: могIанан-беречун букъ тIехьа лечкъина Iа Дадийна далочу нускалах тарделла маьIна… ********* Даим лууш ду сан илли талла дуьне гIергIа: Х1ун чам болуш ю-те, ванах, беттан можа паста? Сетташ доьду тача ду-те сира эханг тIергIан? Цуьнан юьхьиг озае ас Лаьттан уьйриг баста?! ********* Сан къолам, хьуна а хьуо декхар хетарна лара Хьайн хьаьркаш Iалашъян тIелаьцна сан шерийн аса, Тахана хьох бо ас ойланан дин лоллу сара, Сатуьйсуш хиларе кхана хьо сайн деган Iаса… ********* Сан дахар — хьан бере ву, ткъа хьо — сан дин бу, илли. Хьан гаъ даьIнех ларбеш ю сан деган кIеда нуьйр. Хьо поэзин арахь хоьхкуш, ас а бIиллиг дилли — И ца дича, кхочуш ца дало-кха халкъан буьйр… ********* Сан ирсан бIаьргаш чу хьаьвзича гIайгIанан мархаш, Вас хилла ойланаш, ша бина хи сана, туьйш, Мел къуьйлуш хиларх шен когашна сан иллин кIархаш, Сан дог ца дохадан Даймахко тIетуду уьш…. ********* Седарчий хетало оьмаран чаккхешкахь тIадамаш… Чарташ ду-техьа уьш стигалахь дуьйгIуш дуьнено, Дахаран баьццарчу генаш тIехь ношделла адамаш Iожаллин готтачу тускар чу эгадеш хено?.. ********* Керлачу кошана хьалха со хIоразза латтахь а, ойланехь воьхна, ХIоразза-ъ кхетаме цIеххьана дуссучу маьIнех сан бузу-кха бIаьрг: Барз — иза тIадам бу оьмаран могIанан чаккхенга Iожалло тоьхна, Ткъа чурт ду — 1ожаллел ца эша дахаро хIоттийна айдаран хьаьрк! ********* Когаш кIел хьоьшу вай сийлахьчу эхь-бехкан гаьргаш. Вайн аьшпийн кIуьро бIаьрг Iовжоза дуй-те кхин дош? Стигала хьежадо вай дог1мийн хьараме бIаьргаш, Маьлха тIехь хьоькх мел гин, вайн къинош кхетош-кхиош…. ********* Со гуш ву хьан даго ловш йолу стогаллин къелла. Хьан бакъо яц хьуна, хьехам беш, дош ала бере, Хьайн озан массо а тIаьхьало аьшпашна елла, Шабарийн Iаспар тIе хаийнарг бакъдолчун бере… ********* Батта тIе хьаьрчина мархийн бой хоьтуьйтуш нилха, АллахIа сий до-кха серло схьайолучу дуьхан: Буьйсанна талха ца талхийта стигалан дилха Цо говза хьаьрсина цунна тIе седарчийн туьха…. ********* Ца гин хьуна, бат а сеттош, эладитта къажар, Цо хьайн тешам шеца бижор, тесна тIе кетар?.. И гиначу суна хили — лаьтта малх ца хьажар, Анайистан керт а кагъеш, стигал тIекхетар… ********* Зовкхан дуьхьа ша дуьненчу богIуш таттабелла, Сан безамна-м ца хаьарий шен хIун кхиэл хилла: КIожам хиллалц сингаттаман куьркахь ваттавелла, Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… ********* Дуьне мел ду хьо хестийна и сан иллеш хьан бах тий? Таханчул а зевне хир ю церан жутт-ма кхана. Амма кхоьру, ахь ен ойла — и сайн вастан набахти — ХIусам хилла дIахIоттарна кхечу тутмакхана… ********* Хуьл-хуьлууш сан ойланашна юххера дIахилча, Хьайн керлачу ирсан буйна хьо а гIор кхано. Сан къеначу сингаттаман багахь цергаш хилча, Деган дилха охьур дар-кха цхьаллин зорхано… | |
| | |
| | #2 (ссылка) |
| Къиза грамматика Зевне могIа сацабо вай, тIехьа тIадам буьллуш, ДIо Iаьршашка гIерта иза, ца кхочуьйту хьала. Дешдекъана тохар кхетта, дош лазийна Iуьллуш, И балдашца хьалагIатто ду-те вайна хала? Лаьхьанан мотт санна, гара цIоьмалг юккъе юьллий, Дешнийн доьзал шина-кхаа декъе боькъу къиза. Вас а кховсу цхьа элп жима, важа доккха дуьллий – Ненан меттан син нийсоно муха ловр ду иза?.. Цхьацца хьаьркийн хIосташ дарца, дешнийн совраш талхош, Ирбеш барта кхиъна уьш а дола дерзо лаам, Ирзе санна, ширделлачу дашо узам балхош, И ца хаззал, бустийна вай экаме синхаам?.. Дожарш хьийзаш къар ца дела дешнаш ма-ттов легош, Церан лоллех уьш а азатдаха вай хIун дина? Чекхдовлазчу могIанаша цIийн тIадамаш эгош, Вайна юккъехь цхьа а вуй-те велха церан къина?.. Дешнийн готта набахтеш ю – гонах лаьцна къовларш, Нохчийн кIентий, хан ма кхаьчна уьш дIаелла каде: Цалезначух ма ячийта дIадаьллачун кхоларш, Лезнарг ца лезнера алий, мукIарло а ма де… Ойла ейша жимма: шек а доцуш хьоькху хIунда Дохош дешнийн доттагIалла, царна юккъе сизаш? Хаттаран а, айдаран а хьаьркийн ший а мунда Меттан бешахь ма латтийта – ма ларбайта иза!.. Бита хIинца, денбалийта, зиэрехь бахчабелларг, ХьогIан бIаьргийн баролаша къедон герзаш гинарг, «Къаьмнийн дадас» лоруш хилларг дакъа доцуш белларг, Ненан кийрахь волуш дуьйна шена со вилхинарг... 1илман Юсупов Последний раз редактировалось Amazonka2; 29.07.2007 в 21:52. | |
| | |
| | #3 (ссылка) |
| Маршалла ду массаьрга! Аса жим-жимма йохкуш, х1окху чу йохкур ю 1илманан байташ, сайна уггаре хаза хеташ мел ерг хьалха а йоккхуш. Суна ца хаьа, кхечарна муха хета цуьнан байташ, амма суна-м 1аламат ч1ог1а 1аткъам бо цара. * * * Стогаран милт хьалауззушехь, можачу серлоно чоь серлайоккху, Къорачу татанца стогаран шишанах беттало полланан тIам... Генарчу некъаша сан даг тIе тийсинчу, хьаьхначу кIадонал йоккха, ГIайгIа ю тховса а бовзуьйтуш суна шен стимал а къахьбелла чам. Ас цунна лерина леррина ю ларъеш, гIевланга йиллина латтош, Ойланийн хьаьвхенехь меттамотт лаьцначу шийлачу IиндагIийн курс. Генара деанчу конвертан четарчу дешнашца синхаам гIаттош, Сайн деган уггар а къорачу соне ас дIагулбо гIайгIанан кIурз. И бу-те ачанах биллинарг богучу стогаран шишанна гонах? Цо карзахбоху-те дахарехь Iаьржа бос ца ловчу полланан бIаьрг? Овкъаршлахь ца яйта дахаран кIайн алу ша вогу бакъволу къонах, Адамийн кхетамехь язлучу сийлаллин йозанехь дуьтуш шен хьаьрк. Хорша шен герз лору хIинца а вайн догIмех къастазчу бIешерийн хьуно, И къаръеш латийна, вай леккха латтайо ойланийн йовшйоцу цIе. Мацах цкъа ваьгна дIаваьлла вай бахахь а хьуьнаре Джордано Бруно, ХIетте а гIерта вай ваьгначу цуьнан чим ийначу алуна тIе. ХIора а декхар ву шен деган суйнаца оьмарехь цIе лато йоккха, Багабеш хьомечу шен халкъан белшаш тIе тевжина гIайгIанийн лам... Хьажал, ас стогаран милт хьалауззушехь, цо гIийлла чоь серлайоккху: Йогучу милтана тIекхача гIерта-те, бетталуш, полланан тIам?.. Iилман Юсупов Последний раз редактировалось Amazonka2; 30.07.2007 в 02:00. | |
| | |
| | #4 (ссылка) |
| Сатоссуш Нилхачу бодашкахь шен дегIах чIагарш еш, сетта ДогIанан Iовраша юкъ-кара хедийна некъ… Зарзъяла гIертачу мархашна махо лол бетта, ТIуьначу кулла тIе оллало дахкаран бекх. Гуьйренан сатасар цхьа доккха хетало лаьттахь. Тийналлин йийсарехь со суо а цецваьлла Iа Хьо сайна карорах йист йоцчу дуьненан хьаьттахь, Ахь сайна дош даларх соьца ян мичча а дIа… Iилман Юсупов | |
| | |
| | #5 (ссылка) |
| * * * Буьйса а кIайлуш ю. Зарзделла дохк. Цо буткъа баржабо шен бамба хIинца. Бешначу батта кIел Iуьллу сан мохк, Детийха тхи лепош ламанца, Iинца... Делахь а, бодане хетало беш. Цхьа сема набъеш Iа IаммагIийн дитташ. Йийшинчу коьллашна - хIуьттаре еш - Буц кегош, махо йо чIинчIире Iиттарш. Кхоччуш дIалестина Iуьйкъенан раж, Ша йоьдуш хинйолчу буьйсанца берта. Лестаеш сирачу IиндагIийн маж, Кхин цхьаъ а сатасар доьсси сан керта... Iилман Юсупов | |
| | |
| | #6 (ссылка) |
| * * * Даймохк, хьоьх тешийна ирачу могIанан баьлча, Сан илли-ахархо балхана каде тIетаьIа-кх. Iожалла хетало оханехь ойлане ваьлча, Дахаран терзанахь товш йоцу вортанан даьIахк. Седарчийн жарж бууш, берстинчу беттан кIайн кIежар Бахьанехь хетало буьйсанан IиндагIаш аьрга… Даймохк, хьан корера кIирвелла со арахьежар Iаьткъича, хир бу-кха Iожаллин боданна бIаьрг а. Къоналлин кенара синхаам хIоара буьйлуш, Хьан шунаш дохорах ларъелла сан шерийн метиг… БIаьрсинан къурдашца хьан лаьмнаш, аренаш муьйлуш, Лоьху ас сайн илли цкъан цкъа а лийрдоцу меттиг. Амма со ца воллу цуьнах сайн къубба а йина, Осала хьесталуш, лензаллин гIевланга хийша – Сан илли дуьненан массо а пхьоьханахь хьийна, Дика а, вон а цо цхьабосса тIелаьцна Iийша. Цундела гIерта со, дош къуьйлу гIурчош а дагош, Абаден хIусаме доссадан сайн илли – хьаша – Адамийн шовкъаца уьншеран бодаш а къагош, Цо цигахь буцур бу хьоь болчу безаман маша… Хьайн лаьмнийн уггар а лекхачу момсар тIе даккха Чекхдаьллий-даланзий сан илли, хьайн сица луьттуш. Азаллин къайле а, ясталуш, хьаьар ю тIаккха, Кхолламан синтемах седарчийн кIохцалш а Iуьттуш… Iилман Юсупов Последний раз редактировалось Amazonka2; 30.07.2007 в 02:15. | |
| | |
| | #7 (ссылка) |
| Заманан мазлагIа Заманан мазлагIа хаддаза екайо адамийн ойланийн вено. ХIоккхузахь сан оьмар-никх а ду шена чохь ас IаIош балоз а, моз а. Оьшшучу барамехь дургалца кхачоян дуй биъна къоналлин хено: Коьртера цо хIора гIаттийна ойла ю – хьуьнаре накхаран моза. Ял такха кечделла шатайпа зезагаш къедош ю Даймехкан аре: Адамах Доглазар, Къинхетам, Дикалла, Сатийсам, Сий, Оьздангалла… Башхачу хьожанца геннара схьакъесташ дахаран чолхечу ярех, Уьш ду сан ойланийн юнашла хийлазза йиллинарш шайн синхазалла. Амма ду кхиндерш а, цIуналахь дахкалуш, серлонна тIекъерзаш гома: Гамо, ХьагI, Питана – иштта дIа кхин а ю оцеран и цIераш дукха… Синхьехам леллашехь, Iожаллин зезагах дIахехкош ойланаш тIома, Сан кхардам бевзачу сакхташа лергинчу зезаго леван там бу-кха… Хьажахьа, Малонан парталчу зезаган хьожано тилийна ойла Хьанала къинхьегам къахьбелла, эхьдоцчу жуккаран цIе лелон яьлла. Шен гIоьнца даьккхина доцу моз цо дууш цкъан цкъа а суна ма гойла! И лалла доьналла соьгахь ца хилахь, со хьовзийла накхарх цIе яьлла!.. Зуламан Iаьржачу зезаган дургало тIеийзон сайн цхьа кхин моза Ас халла саций-кха, орца а даьккхина сайн долахь мел долчу вега… ДIаьвше и зезагаш цхьаццадерш куц-хьарам хуьлуш ду – ма хиларш гIоза! ХIинцца тIекхиъначу мозаша, Iехалуш, ма бала бахьа-кх шайн дега… Делахь а, тIаьхь-тIаьхьа царна шен хьехар дан тIера ю накхарийн эла: Евза-кха суна и – Даймахках лаьцна ас хаддаза еш йолу ойла – Малх санна, сирлачу зезагийн кортош тIе хуьйшу сан мозий цундела, Iалам а бер долуш, вовшашлахь тийсинчу уьйраша церан барт бойла! Баркалла, Даймохк, ахь кхиорна хьайн арахь зезагаш уггар сан хьоме. ГIенийн кIур бетташ, ас улхара моз оьцу хьоь болчу безаман Iайгахь… Чудуьйла, адамаш! Ас шуна даьккхина деган моз, хьовсийша чоме, Аша-ъ ца вуьтий со, синойн и улхан моз жимма а ца диъча шайгахь… Ерриг а мазлагIа шен дола яьккхинчу замано сонта кIеж туьйсу: Диканиш-вониш а ца къестош, цо накхарш къоъмаза оту-кха хийла. Ойланаш, Бакъдолчу Зезагийн хьошалгIахь хьеелларш, лензаллехь юьсу – Дуьненан иэсехь йохйо цара оьмарийн цхьайолу кийсигаш шийла… Iилман Юсупов Последний раз редактировалось Amazonka2; 30.07.2007 в 18:41. | |
| | |
| | #8 (ссылка) |
| Хьо вина де (вешин ИбрахIиман безамна) Хьажахьа, ИбрахIим, Iаламна-м хьо виц ца велла: Сатоссуш вайн кертан ков туьйхи хьо винчу дийно… Хьуна сагатдина хир ду-кх и чIогIа гIелделла – НеIарш а, кораш а дIадоьллу цунна вайн цIийно. Хьо дуьхьалтуьйсучу гIенаша са дууш даим, «Ткъе къоъ шо…Ткъе къоъ шо…» - шабарш до вай динчу нанас. Хьо винчу деноша бутт а ца буьзи-кх, ИбрахIим… Ткъа хIара-м хьо воцуш деана… И муха ла ас?.. Бехкала яхана анайист къежъели геннахь, Стигало сирачу мархашца бIаьрхиш дIахьоькху: Дахкаран хинкиса дерзо хьан марчонна тоьгу Ма моьттуш делар-кха тахана хьо винчу денна… Ас иза, бIаьца йой, меллаша вайн цIа чу доккху, Аз доцчу тийжамца вайн нанна и маракхета… Хьоьл кегий йижарий, вежарий и тебан гIерта: Тахана и-м хьоьл а ду хьуна кхо бутт сов доккха… Ма девзар дацара хьуна хьуо вина де хIинца, Ма кхуьнах тера ца догIура хьо волуш хилларш. Дац кхуьнца хIара а дашон дан хьан ирсан цинцаш, Кхунна ган доьгIна ца хилла-кха хьан керла иллеш. ХIун дина дог эца аса кху гIийлачу хьешан, Массо а денойл а доцачу, хьан дахар санна? Иза-м гуш лаьтташехь ца туьгу хьо вацарх теша, Моьтту хьо вайн цIера ваьлла ву йоццачу ханна… Хьо хьалхе ваьхьначу кхиэлаца ца йогIуш берта, Ткъес детта стигало, къоранах бацалахь керча… Хьан де а, тIаьххьара бIаьрг тоьхна хьо винчу керта, Абаде дIадаха, йист йоцчу Iаьршашкахь кхерста… ГIайгIано кIай леци бIаьргашка корийн вайн цIийнан, МаьркIажан бодано Iадайо хьоьх лаьцна ойла… Iодика йолда-кха, ИбрахIим, хьо винчу дийнан, Хьо тхуна юккъера ваьхьна де цунна ма гойла!.. Iилман Юсупов | |
| | |
| | #9 (ссылка) |
| * * * Сан гIайгIанан дилха датIош, доккхуш дато нур чекх, Жил-Iаламан керахь хьийзаели маьлхан урчакх. Стигал ма-ю дIасадаржлш шен зIаьнарийн чIораш, Доьллу цо сан нана чохь Iаш йолчу цIийнан кораш. Ницкъан барам нис а бина, сарахь ша дIатуьйрриг, Мох а листа болабели мархийн къоьжа уьйриг… Дерриг дуьне дуьзна хетта гезгамашин теша – Со-м уьш мархийн билзигех схьадевлла хиларх теша. Сатийсамо хIинций-хIинций боху, са ца Iуьйддург, Шуьйра теси аьрзуно а стиглахь гуо – цхьа туьйдарг… …Беран хенахь нанас суна юьйцина ши пазат Зарз а елла, сан оьмаран когаш бовларх азат, Шен чилланах мел дозалла деш дерг а къар до Iа: Сан некъ бохбеш лела дела ненан довха доIа. Сан къоналлин гIушлакхехь цо дуьйцина ши кара Дарцо угIош йолчу арахь со дожийна вар а Нана восе хетта дац-кха, со шен дагах хьерчаш, Цунна го сан кхин каранаш – къинхьегаман берчаш… Iалам ахь хIун барзакъаш сан нене дуца боху? Оццул боккха гIирс а бахьаш, хьо-м тхан керта догIу! Ма-ттов шуьйра туьйсуш долчу туьйдаргашла Iенош, Со гIеметтахIотталц шорта дара ненан денош. ХIинца-м, ткъа, уьш дIадевллачийл вуно кIеззиг хета – Тегар бен, кхин хIума юцар дац-кха ненан, хIета: Дуткъделлачу синан хьесий дохкуш бIаьран меха, Кхиэлан эвнна гота-готта лол бетташ и еха… Iилман Юсупов | |
| | |
| | #10 (ссылка) |
| * * * Мохк хуьйцу олхазарш юха а, жатташка IаьIна, Дуьйлало хIаваэхь кхочушдан шайн тIома хелхар… Кху хене девли уьш, ца девзаш шайн кхиэлан маьIна, МоттаргIа санна ду шар-шарахь цара ден белхар. Дош олуш, яьлла Iаь, меллаша дахкарлахь хьуллой, Шен йовхо тхишна луш, эсарлахь цаьрцанна йоьлху… Даг тIера гIевттина могIанаш, байташка гуллой, Сан халкъан кхетаман къилбехьа – барта дIадоьлху… Iилман Юсупов | |
| | |