![]() |
|
|
|||||||
| Проза/Поэзия Искусство образного выражения мысли в слове; изображение жизни, создание художественных образов при помощи слова. |
|
|
Опции темы |
|
|
#981 |
|
Честолюбивая чеченка
Регистрация: 20.02.2007
Адрес: In Y.H.
Сообщений: 3,999
Репутация: 9 ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() |
* * *
Букарчу цхьаллин бу чекх сагун бIаьргаш, Къастаран мукъамаш царна чохь го, Го суна Iаьржачу гIайгIанан хьаьркаш, Пайденза дIадахна сайн хIора шо. Царна чохь мустлуш ду гуьйренан догIа, Къеж а деш уьйранза гатлун синош. ГIаргIулийн тоба го, нисбина могIа, ДIайоьдуш, ваIданийн можа гIаш хьош. И гаро цхьажимма сан дагна ялйо: Йоьрзур ю и цIехьа - тIехтилча Iа… Шен бIаьргаш къерзабо букарчу цхьалло, Цкъа хIинца-м царна чохь сингаттам Iа. 1илман Юсупов |
|
|
|
|
|
#982 |
|
Честолюбивая чеченка
Регистрация: 20.02.2007
Адрес: In Y.H.
Сообщений: 3,999
Репутация: 9 ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() |
Iуьйре
Къорзачу зезагийн дургал а муьйлуш, ГIаддахна хьийзаш ду дайн IиндагIаш. Iуьйренан зIаьнарша уьш тIе а кхуьйлуш, Цаьрцанна лестадо акхтаргийн гIаш. Шовданан татол го басах чу хьаьдда, Ламанан букъ тIехьа малх айало. Ца оьшу аматаш тIера дIакхаьдда, Iаламо исбаьхьа сурт хIоттадо. Стиглара серло цхьа сапаргIат Iена. Бацо а баржийна лаьтта шен куз. Цунна тIехь цIийзачу чкъургаша хенан Цаьпцалгийн догIмашка кхерстадо зуз. 1илман Юсупов |
|
|
|
|
|
#983 |
|
Честолюбивая чеченка
Регистрация: 20.02.2007
Адрес: In Y.H.
Сообщений: 3,999
Репутация: 9 ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() |
* * *
ХIун го хьан гIенашна, тIееъча догIане буьйса: ТIуьначу дахкаран бамба я боьлакаш куьйса? Iенаш ду тIадамаш – олхазарш дегадо милла. Доьлхуш ду олхазарш – чуоьгу седарчий сирла. ХIун боху хьан даго гуьйренан догIанаш хьоьлхуш, Шелделла Iалам а хьийзачохь карзахе доьлхуш? ТIадамаш дегадо – олхазарш дIакхелха лаьттахь. Чуоьгу олхазарш – тезет го седарчийн хьаьттахь. 1илман Юсупов |
|
|
|
|
|
#984 |
|
Честолюбивая чеченка
Регистрация: 20.02.2007
Адрес: In Y.H.
Сообщений: 3,999
Репутация: 9 ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() |
***
Буьйса ю. ДIатийна бIаьстенан арц. Ткъа суна-м ца до хьан кор хьеста кIорда. Сан бIаьргаш - сутара ши аьрзу яц Хьан чиркхах-ижунах лууш шайн пхьор дан. Мелхо а, экаме зарзарш ю уьш, Тийналлин серлонехь иллийн зов зуьйш. Дитташа тIедетташ зазанийн дарц, Сахиллалц екар ю сан деган бухIа. Лехаме сан лараш - кхокхарчий дац ГIур-гIур дан гулделла хьан кора буха. Адамийн мотт хуу тотеш ю уьш, Эсалчу дешнашца хьан чиркхе луьйш. Амма цхьа олхазар - къастаран хьаргIа ГIерта сан безамца даста шен марха... 1илман Юсупов |
|
|
|
|
|
#985 |
|
Согревшийся
Регистрация: 28.07.2007
Адрес: Маьлхан Дуьне
Сообщений: 495
Репутация: 2 ![]() ![]() |
* * *
Уьйриге хьаьрчина хиллачун-леллачун, Дахар а дIагIур ду, хан теш а йолуш. Дала соь хоттур ду: «Ас хьайна деллачун Пусар деш варий хьо дуьненчохь волуш?». Къа дуй-те ас кIеззиг ладегIар шовдане? Са алссам ца тийсар сайн езар гаре? ...Жоп дала ца ваьхьаш, гIур ву со суждане, Сатуьйсуш къиношна капарат даре... 1илман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|
|
|
#986 |
|
Согревшийся
Регистрация: 28.07.2007
Адрес: Маьлхан Дуьне
Сообщений: 495
Репутация: 2 ![]() ![]() |
* * *
Со-м вара тIемаш бен дац моьттуш механ, Ткъа цуьнан-м хиллера цхьа ховха дог а - И а ду, хетарехь, дуьненан мехха, Шена чу тар а луш стигланан бога. Бух боцу бIаьргаш а хиллера механ, Балдаш а - хьуьнхарчу цIазамех терра, КIажарш а - ламанан чухчарийл еха, Хьагаме беснеш а, цхьа тамехь лер а. Сан езар, сихха хьайн хи эций яла, Хьо яллахь илланча галваьлла ала 1илман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|
|
|
#987 |
|
Согревшийся
Регистрация: 28.07.2007
Адрес: Маьлхан Дуьне
Сообщений: 495
Репутация: 2 ![]() ![]() |
* * *
Суна хIинца Iемина цхьа хIилла, Хьоьга сайна ца беттийта пе: БIаьсте яьлча, Iожан заза хилла, Оьгур ву со хьан месашна тIе. Ткъесан нуьрехь, тарлуш хьочан генах, Аьхка аса-м тухур ду хьан кор. Гурахь ван а хьожур ву со гIенах, Бахьаш хьуна сатийсамийн мор. Амма Iай, хьоьх гIайгIа яьлча хьерча, Дагчохь санна, арахь угIуш дарц, Хьаьвзаш хьан бIаьргашчу кIуьрах кхерчан, Хьожур ву ахь бIаьрхиш туьдий харц. 1илман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|
|
|
#988 |
|
Честолюбивая чеченка
Регистрация: 20.02.2007
Адрес: In Y.H.
Сообщений: 3,999
Репутация: 9 ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() |
***
Дахарехь ас дечу хIаваан неканна Аьхна ду сан иллин маликийн тIемаш. Шу Iе шу, гуо бинарш къилахьчу текхана, Къуйн даарх бохуш шайн саьхьара чемаш. Ойланаш йисинарш дилханан хотталахь, Шу Iе шу, синтоман йийсархой хилий. Маьлхан цхьа зIаьнар шен могIанах хотталахь, Стигалахь гIишлош ян гIур ду сан илли-м. Аш ла аш йийбарийн хьагаме олалла, Токхечу диларийн уьшалахь керчарш. Ган доьгIна дац шуна сан деган долалла: Дайн шира бIаьвнаш я саьккалийн херцарш. Iахка шу, леш хиларш сутарчу зорханийн, Бала цакхачаран ховхачу меттахь. Сайн кийра хIу тосуш седарчийн хорханийн, Со-м заза доккхуш ву халкъан синметтехь. Доьшанца Iехий шу маьхзачу гуйнаша, Маьхьарлахь гIалх дайна рицкъанан хехой. Шун яххьаш тIадийна Даймехкан туйнаша, ХIосташ деш шун боцчу кепекан мехо. Ма чIогIа дай хила гIерта шу тахана Шаьш цергаш йихкинчу сан Нохчийчоьнан. Дух мичахь ду-м хаьа массо а нахана Хьарамчу хьолах аш буьзначу чIоьнан. ХIинца а-м хаало аьртанаш хьекъална, Сан мехкан шоралла шун гешца юстуш. ХIун аьлла хир вара шух тешнарг декъала, Аш буьтту зуламе аьшпаш а луьстуш. Дозаллех дарж дина шу-м мича дешара Ас дуьйцург схьалоцуш, сагатдан лерсин! Амма ас лоллур ю сайн халкъан бешара Шун синойн цIуналахь мел кхиъна херси… 1илман Юсупов |
|
|
|
|
|
#989 |
|
Честолюбивая чеченка
Регистрация: 20.02.2007
Адрес: In Y.H.
Сообщений: 3,999
Репутация: 9 ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() |
***
Хии суна, бес-бесарчу ойланашка вуьйлуш, Дуй хьан амат сан дахаран цхьа шатайпа кица. Цуьнан ховха маьIна дац-кха сан кхетамна къуьйлуш, Ас и айса тегна дела догуш долчу сица. Некхан бердаш хьоьстуш, доьдуш ду хьан месийн татол, Нека хууш доцу бIаьрса хьерчош шена буха... Хьайн беснешца алу хилча дуьне довха латтол, ХIунда дуцу ахь сан лаам бехка эхьан чуха? Синхааман гIушлакхе хьан дегIан малхах хьоьгу - Цхьа а марха тIехь а йоцуш, кхетар бу и маца? Цхьаллин баьрччехь кхозучуьра сан син текха оьгу Ахь седарчий лийса кхехьна сатийсаман цаца. Синпхенашца ас тIедоьху сайн синметте хьарча Ховхачарех лаьхьарчий - хьан дегIан горга сизаш... Хьо гуш юй ас хьайна йина мукIарлонийн ларча Иркено тIе суй а тесна, сан балдаш тIехь сийсаш?.. ГIенашкахь бен дист ца хилла хьоь сан эвхье дехарш. Уьш а шовкъан уьрсо дагах даьхна цастарш ду сан... Сан безаман малик ду хьан юьхь-сибат тIехь дехаш, Дола яккха ца хIуттуш хьан бIаьргийн сийна хIусам... 1илман Юсупов |
|
|
|
|
|
#990 |
|
Честолюбивая чеченка
Регистрация: 20.02.2007
Адрес: In Y.H.
Сообщений: 3,999
Репутация: 9 ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() |
Сингаттаме ойланаш
Де-дийне шорлуш ю кхелхинарш дIабухку меттиг: Ширачу цхьанна тIе кхетта го итт керла каш. ДогIмашлахь асар дан кIад ца ло Iожаллин метиг, Цо даим тидамехь латтадо дахаран кхаш. Мацца а каг ца луш Iийр яц сан кхолламан кхаба, ЦIеххьана хадош сан дахаран исбаьхьа гIан. Беллачийн чарташ тIехь Iамадеш Iожаллин абат, ТIаьххьара весет дан кечвала дезар ду сан. Сих-сиха кешнашка вогIий, со ойлаеш лаьтта: ХIоккхузахь йовр ю-кха дахаран тIаьххьара лар. Хир ду-кха сан дегI а - чаьммаза кхача кху лаьттан, Амма сан са хир ду – стигланан мерза даар. 1илман Юсупов |
|
|
|