![]() |
|
|
|||||||
| Проза/Поэзия Искусство образного выражения мысли в слове; изображение жизни, создание художественных образов при помощи слова. |
|
|
Опции темы |
|
|
#961 |
|
Честолюбивая чеченка
Регистрация: 20.02.2007
Адрес: In Y.H.
Сообщений: 3,999
Репутация: 9 ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() |
***
Кхин цхьа де а чекхдели сан, урчакх санна, хьийзаш, Эханг санна, адамаш а луьстуш шена тIе: Шайн боларшца, аматашца сан кхетамехь зийзаш Кхолламаш а болуш нехан, вац со паргIате. Малх чубуззуш сецна урчакх ас сайн кара ийци, Эзар ойла ечу цуьнан коьртах куьг хьаькхи. Шен темех, цатемех лаьцна цо соь дукха дийци, Дисиний-те аьлла хеттал бухахь дийца кхин. Къеста ца беш хийраниш я сайна бевза-безарш, Хеда ца деш, гулдалийти ас и синойн тай. Ас сайн даг чу дIадийшийти ша массеран дезарш, Сайн гIо оьшуш мел болчеран хабарш суна тай. Даим суна уьш хазийта шаьш ма-дарра шера, Дала хIоттош хилла тийналла а лаьтта тIехь. Ас сайн иэсехь Iалашйийр ю массо урчакх шеран, Уьш сайн хьийзаш мел ю лаьттар ву со царна хехь. Амма сайн денош тIе хьерча боьлча шийла Iеха, Цкъа мацца а сайн дахаран суна гур чаккхе. Дала тIаккха дIалур ду сан иэсехь IаьIна эханг Дуьне шена тIе луьстучу маьлхан урчакхе... 1илман Юсупов |
|
|
|
|
|
#962 |
|
Честолюбивая чеченка
Регистрация: 20.02.2007
Адрес: In Y.H.
Сообщений: 3,999
Репутация: 9 ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() |
ТЕЗЕТАХЬ
Адам кхелхаш, лаьттахь хIутту син баррамал къелла: Са легийна довлар - парз ду кхиэлан дожарийн. Цхьана кертан доьзал тахана а бекъабелла - ЦIа чохь кадеш - зударий, ткъа, арахь - божарий. Хийла некъо дагахь доцуш кхуза голатуьйхи, Нах а бахьаш мухIажарийн куьце бирзина. Лула-кулахь са мел доIуш долчо Iаьржа дуьйхи, Бехха белха беза бIаьргаш бохуш берзина. Ламасташа говза дина дешнийн тускарш - цхьацца - ДIало кадам оьцучуьнга тIе мел веанчо. Бохам-хьаша лан тIелаьцна юьртан хIара цхьа цIа Собарх-лоьрах тешон гIерта шена хилла чов. Воно даI даьккхинчу даг тIе доIа дуьжуш деза, Доглазаран коьртехь IаьIа бIаьрхиш дарба ден... Мила хир ву ишттачохь шен бIаьрса дуьтуш теза, Шен а хир дуй хууш хилча тIаьххьарлера де? Къилахь хилча веллачуьнан даьгна дахар хьедар, Лохуш верасашна аьхна хиндерг весетал, Стаг дуьненчу ваьлла аьлча хилла хазахетар Дайн хуьлий-те цунна хIуттуш долчу тезетал?.. 1илман Юсупов |
|
|
|
|
|
#963 |
|
Честолюбивая чеченка
Регистрация: 20.02.2007
Адрес: In Y.H.
Сообщений: 3,999
Репутация: 9 ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() |
* * *
Стогаран милт хьалауззушехь, можачу серлоно чоь серлайоккху, Къорачу татанца стогаран шишанах беттало полланан тIам... Генарчу некъаша сан даг тIе тийсинчу, хьаьхначу кIадонал йоккха, ГIайгIа ю тховса а бовзуьйтуш суна шен стимал а къахьбелла чам. Ас цунна лерина леррина ю ларъеш, гIевланга йиллина латтош, Ойланийн хьаьвхенехь меттамотт лаьцначу шийлачу IиндагIийн курс. Генара деанчу конвертан четарчу дешнашца синхаам гIаттош, Сайн деган уггар а къорачу соне ас дIагулбо гIайгIанан кIурз. И бу-те ачанах биллинарг богучу стогаран шишанна гонах? Цо карзахбоху-те дахарехь Iаьржа бос ца ловчу полланан бIаьрг? Овкъаршлахь ца яйта дахаран кIайн алу ша вогу бакъволу къонах, Адамийн кхетамехь язлучу сийлаллин йозанехь дуьтуш шен хьаьрк. Хорша шен герз лору хIинца а вайн догIмех къастазчу бIешерийн хьуно, И къаръеш латийна, вай леккха латтайо ойланийн йовшйоцу цIе. Мацах цкъа ваьгна дIаваьлла вай бахахь а хьуьнаре Джордано Бруно, ХIетте а гIерта вай ваьгначу цуьнан чим ийначу алуна тIе. ХIора а декхар ву шен деган суйнаца оьмарехь цIе лато йоккха, Багабеш хьомечу шен халкъан белшаш тIе тевжина гIайгIанийн лам... Хьажал, ас стогаран милт хьалауззушехь, цо гIийлла чоь серлайоккху: Йогучу милтана тIекхача гIерта-те, бетталуш, полланан тIам?.. 1илман Юсупов |
|
|
|
|
|
#964 |
|
Честолюбивая чеченка
Регистрация: 20.02.2007
Адрес: In Y.H.
Сообщений: 3,999
Репутация: 9 ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() |
РЕЧIА
Ас бераллехь олхазаршна хийла йийгIи речIа, Цхьаъ мукъа а лаца лууш тIома лела са. Ойла ца еш, сайна херадаьккхи хийла леча, Ларамза ас гамйи сайца хийла селасат. Ерриг стигал Iадош, хийла йилхи нана-маршо КараIамо воллу аьлла со шен олхазарш. Хийла сийна хIайкал даьккхи хьозарчашна варшо Царна кхераме ду моьттуш мархийн холхазаш... Иштта хийла тебна Iий-кха сан бералла къиза ХIинций-хIинций «чкъар-чкъир» лоцу бохуш речIано... ХIетахь яхкаяла йоьлла син церг дIаяьккхи сан Къинхетамо-лоьро, деган багахь еш цIано... Цуьнан дарба алсамдуьйлу со мел хили воккха Доглазаро, поппар санна, кIадъеш кхиэлан берг. ХIинца сан бераллин речIа шерийн уьйтахь го-кха: Хенан дакъаделла куьг ду иза йоьгIна дерг... Сайн дахаран темза некъаш дуьйлуш тIеттIа гамзар, Бехк-гуьнахь а доцчу денойн яххьаш чIечкъарна, Хьаваъ муьйлуш, тIома лела сайн садеIар-зарзар Со а-м кхоьру дукха улле хиъча речIанна. Забарна а доцуш, йоьгIна замано и речIа, Лаца лууш кху сан кийрахь тIома лела са. Ахь цундела бехк ма билла суна, кура леча, Хьо къинтера яла суна, ховха селасат... Дуьне мел ду уьдуш лела дахаре сан безам, Шена ца тохийта гIерташ Iожаллега ка. Ас хIун жайна даккха цуьнгахьа беш озабезам? Муьлха доIа де ас дайдан сайн бераллин къа? 1илман Юсупов |
|
|
|
|
|
#965 |
|
Честолюбивая чеченка
Регистрация: 20.02.2007
Адрес: In Y.H.
Сообщений: 3,999
Репутация: 9 ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() |
Iаламан бер
Мангалхойн яххьаш тIе хьацаран довха тхи дуьлуш, Некъашца ирхдуьйгIуш бIогIамаш сирачу ченан, Гечонаш гомхачохь шийлачу аьхкан хих юьйлуш, Тов лела аьхкенан уггар а чилланан хенан. Мангалан-комарийн луьстачу ярашлахь лелла, Когаш а цистина, дарбанна динбергаш лоьхуш, Са сохь мел долчунна хIоттийна IиндагIийн къелла, Сов къиза хьийза и, малхе ша гIел ца яр доьхуш… Iаламан бер ду и – шен ненан урхара даьлла – Кхечу шен берашна хьалха и юьхьIаьржа хIиттош. Иштта бер мел долчу ненан а бIаьргех хи даьлла, Оьздачу йоI-бIаьргийн кIоргенехь къаьхьа дохк гIиттош… Хийланна хууш ду: сов къиза тов Iеткъа ялар Тешаме билгало юй догIа кестта тIедаран – Иштта ду вайн ненан-Iаламан бIаьргех хи далар, Ла ца лой хьомечу шен беран къизаллин барам… 1илман Юсупов |
|
|
|
|
|
#966 |
|
Честолюбивая чеченка
Регистрация: 20.02.2007
Адрес: In Y.H.
Сообщений: 3,999
Репутация: 9 ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() |
Хадийна поп
Хьайн генийн кегйина тIаьрзенаш дIаса а Тийсина, хьо-м Iуьллу белла… ХIаваэхь хIинца а дIабанза хетало Хьан озан йилбазан мохь. Хьан дагах ямарта катоьхнарг Вуьсийла эндаже шен са малделла – Дагаран кIайн ткъесаш орамийх деттарца, Божий цо лаьтта хьан бохь. Орамийн чуьйраш шайн кара а яржийна, БIарзъелла бецаш ю тийжаш, Делхадеш дагаран татано хелигийн ДогIмашка кхарстийна зуз… Бохамо кхоьллинчу лазамна садетташ, Iаржбелла малх кийрахь Iийжаш, Аьхке ю шовданийн бIаьрхишца дIабуьттуш ЦIийх буьзна зезагийн куз... ТIехъэккха ца лууш, кхуза схьахьаьвззашехь, (Маьхьарца хьо бужуш гина), Хьан дегIан йозалла тIейоьжна, лазийна Акхаройн тачанан ног… Саэца тIевогIу зуламхо хилла ахь Шинакоган диттах тарвина? Эсала цициг ду моьттуш, тIедитира Ахь цуьнан месала дог?... Кегийра шайн буйнаш оьгIазе къевллинчохь Садаьлла, Iохку хьан гIаш а. Ас муха туьдур ду царна хьан баьццарцу Бохь-лакхехь мел гина гIан? Iаьржачу зарзарийн сибате дирзина Хьан генийн дайн IиндагIаш а ТIома дIадахана, ца лууш къизалла Ехачу кху лаьттахь Iан… Докъан бос эцна хьан ковст яа хIоьттина Дечиган сутара нIаьна. Шийлачу дилхалахь карабой, огу цо Хьан довха мутт лелла пха… Луьстачу хьуьнах хьан тезетахь лаьтта со Къеначу пепнашца цхьаьна, Акхаройн кIенташа хьан дегIан чорхана Гонаха хIоттадой ха… БIаьрхиша тIундина хьан юьхкан юьхь-сибат ЦIийн баса дахана, зийза. Цунна тIехь гонаш – хьан оьмаран шераш – Ма кIеззиг ду дIадагардан. Ахь баннаш техкийна олхазарш мархашлахь Хьан синна къубба еш, хьийза: Малхана, баттана бегIийла хилийта Шайн нуьре доIанаш дан… Зуламо вахийна, къизаниг, схьагарехь, Говр-ворда ялон вахана – И-м диттийн декъех шен пеш юззуш, ЦIе ягош, вохвала Iемина хир… Цтхьабакъду, къизачу йовсаран лар лохуш, Ондда бIo-м гIаьтти тахана: Со теша, дуьненан дитташа юьтур яц Ца йоькхуш шайн вешин чIир… 1илман Юсупов |
|
|
|
|
|
#967 |
|
Согревшийся
Регистрация: 28.07.2007
Адрес: Маьлхан Дуьне
Сообщений: 495
Репутация: 2 ![]() ![]() |
* * *
Ма баха со хьайна вицвелла тоххарехь, Хьайн гIенийн хьаша со хилча. Сан тIома шабар ду хьан къинойн могIарехь, Мел хьуна хетахь а ирча… Цецъюьйлуш ма хьежа сан ирсан майданах Шераша даьккхинчу кесе, Хьайн гIулч яй со вовзарх хиллачу пайданах, Яккха и сан некъан иэсе. ХIан-хIа, хьо ца яьлла со лиехна хIинца а, БIаьрсица адамаш лоьIуш. Со хьуна юххехь ву сица а, цIийца а, Хезаш ахь ховха садоьIуш. Стигалан сийна кир берриг а лилхина, Мархаша тIе сизаш хьоькхуш… ХIинца а ца яьлла хьо суна йилхина, Безаман чIир суна йоькхуш… 1илман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|
|
|
#968 |
|
Согревшийся
Регистрация: 28.07.2007
Адрес: Маьлхан Дуьне
Сообщений: 495
Репутация: 2 ![]() ![]() |
* * *
ХIун го хьан гIенашна, тIееъча догIане буьйса: ТIуьначу дахкаран бамба я боьлакаш куьйса? Iенаш ду тIадамаш – олхазарш дегадо милла. Доьлхуш ду олхазарш – чуоьгу седарчий сирла. ХIун боху хьан даго гуьйренан догIанаш хьоьлхуш, Шелделла Iалам а хьийзачохь карзахе доьлхуш? ТIадамаш дегадо – олхазарш дIакхелха лаьттахь. Чуоьгу олхазарш – тезет го седарчийн хьаьттахь. 1илман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|
|
|
#969 |
|
Согревшийся
Регистрация: 28.07.2007
Адрес: Маьлхан Дуьне
Сообщений: 495
Репутация: 2 ![]() ![]() |
* * *
Букарчу цхьаллин бу чекх сагун бIаьргаш, Къастаран мукъамаш царна чохь го, Го суна Iаьржачу гIайгIанан хьаьркаш, Пайденза дIадахна сайн хIора шо. Царна чохь мустлуш ду гуьйренан догIа, Къеж а деш уьйранза гатлун синош. ГIаргIулийн тоба го, нисбина могIа, ДIайоьдуш, ваIданийн можа гIаш хьош. И гаро цхьажимма сан дагна ялйо: Йоьрзур ю и цIехьа - тIехтилча Iа… Шен бIаьргаш къерзабо букарчу цхьалло, Цкъа хIинца-м царна чохь сингаттам Iа. 1илман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|
|
|
#970 |
|
Согревшийся
Регистрация: 28.07.2007
Адрес: Маьлхан Дуьне
Сообщений: 495
Репутация: 2 ![]() ![]() |
* * *
Боккхачу тIулга тIе хиъна Iа буйннал цхьа хьоза, ГIерташ шен эшаршца цецбаккха ламанан арц. Цундела полланан йозалла белшаца оза Ас лаьцна Iалашо, хетарехь, ца хир-кха харц. Ишттачохь деба-кха шовкъаша даьккхина орца, Керлачу иллешца лакхбеш сан поэзин бохь, Хьозалго екаеш тийналла зоьрталчу орцан, Ас узуш белшаца мискъалан зарратал мохь… 1илман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|