![]() |
|
|
|||||||
| Проза/Поэзия Искусство образного выражения мысли в слове; изображение жизни, создание художественных образов при помощи слова. |
|
|
Опции темы |
|
|
#81 | |
|
******
Регистрация: 08.06.2007
Сообщений: 162
Репутация: 2 ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() |
Цитата:
__________________
Цхьаннан меттана итт вог1ур ву! | |
|
|
|
|
|
#82 | |
|
******
Регистрация: 08.06.2007
Сообщений: 162
Репутация: 2 ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() |
Цитата:
1илман бахьнехь девзина суна доьххьара))) "Сонетийн кочар" - аьлла яздина мацаааааах цкъа гича, ас сайн хьехархочуьнга хаьттира "кочар х1ун ю?" аьлла))) Сан иштта мах хадорна Дела реза хуьлийла хьуна. Ас сайна хетарг ду олушдерг, кхин башха к1орггера анализ ян ца хаьахь а. Ткъа 1илманан дукхахйолчу байтийн "к1охцалг"))) суна т1е1аткъаме хета))))
__________________
Цхьаннан меттана итт вог1ур ву! | |
|
|
|
|
|
#83 | |
|
Согревшийся
Регистрация: 28.07.2007
Адрес: Маьлхан Дуьне
Сообщений: 495
Репутация: 2 ![]() ![]() |
Цитата:
Ахь х1уъ бахахь, а хьо дика кхета поэташа язйинчу байтех. Уьш х1ун ала г1ерта а хаьа хьунам. Со лоррий йоьшуш 1а ахь язйеш йолу посташ. Со а ю жимма 1ама г1ерташ. Хьуна т1аьхьа м кхуьур яцара со дош говза аларехь бакъдерг аьлча. Ас хьо ларйийр ю кху х1усамехь, Дала мукъалахь.
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… | |
|
|
|
|
|
#84 |
|
Согревшийся
Регистрация: 28.07.2007
Адрес: Маьлхан Дуьне
Сообщений: 495
Репутация: 2 ![]() ![]() |
«ДЕГАН ЦАСТАРШ» цикла юккъера
*** Керлачу кошана хьалха со хIоразза латтахь а, ойланехь воьхна, ХIоразза-ъ кхетаме цIеххьана дуссучу маьIнех сан бузу-кха бIаьрг: Барз — иза тIадам бу оьмаран могIанан чаккхенга Iожалло тоьхна, Ткъа чурт ду — 1ожаллел ца эша дахаро хIоттийна айдаран хьаьрк! *** Когаш кIел хьоьшу вай сийлахьчу эхь-бехкан гаьргаш. Вайн аьшпийн кIуьро бIаьрг Iовжоза дуй-те кхин дош? Стигала хьежадо вай дог1мийн хьараме бIаьргаш, Маьлха тIехь хьоькх мел гин, вайн къинош кхетош-кхиош…. *** Со гуш ву хьан даго ловш йолу стогаллин къелла. Хьан бакъо яц хьуна, хьехам беш, дош ала бере, Хьайн озан массо а тIаьхьало аьшпашна елла, Шабарийн Iаспар тIе хаийнарг бакъдолчун бере… Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|
|
|
#85 |
|
Согревшийся
Регистрация: 28.07.2007
Адрес: Маьлхан Дуьне
Сообщений: 495
Репутация: 2 ![]() ![]() |
***
Буьйса текхош, къайладели беттан можа бурам. Веччалг санна, лаьттан чкъурах йоьлла гIура-йис. ГIулч ма-яьккхи, бека берриг къерсигбаьлла урам. Дахкарлахь цхьа ирке серлайолу анайист… Махехь яздо туьнкалгаша кIаррийн сетта йоза. Довха иза доьшуш, мархийн бIаьрхиш дакъало. Ша хьаькхначу тIулга тIера гIоттуш цIирцIир-хьоза, Сан даге цхьа кIеда-мерза илли даккхало… Шан пардонан ахкарг дина генаш гIоьвно гIорош, Некъа йистехь, могIа бина, цIийза акхтаргаш. Дато долуш санна хета кIац йиллина гIораш. Шалмаз хьаькхча санна, вовшахлиетта эгна гIаш… ХIара бу-кх и хенан хIоттам, шахматийн у санна, Шеца ши бос болуш болу, ши бос — Iаьржа, кIайн: КIайн ду лаьмнийн баххьаш, лахахь — кIурбиллина хьаннаш. КIайн ду куьзга хинан, амма Iаьржа — чуьйнан тIай… Хета шалгоюьйлуш суна кху сайн иллин шовкъ а — Бода хьоьстуш лела, тIаккха серло хастайо: Iаьржа гIайгIа даг тIе тесна, гуьйре йоккхуш новкъа, Iа тIедаре хьоьжуш лаьтта ойла къежйи цо… Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|
|
|
#86 |
|
Согревшийся
Регистрация: 28.07.2007
Адрес: Маьлхан Дуьне
Сообщений: 495
Репутация: 2 ![]() ![]() |
«ДЕГАН ЦАСТАРШ» цикла юккъера
*** Батта тIе хьаьрчина мархийн бой хоьтуьйтуш нилха, АллахIа сий до-кха серло схьайолучу дуьхан: Буьйсанна талха ца талхийта стигалан дилха Цо говза хьаьрсина цунна тIе седарчийн туьха…. *** Ца гин хьуна, бат а сеттош, эладитта къажар, Цо хьайн тешам шеца бижор, тесна тIе кетар?.. И гиначу суна хили — лаьтта малх ца хьажар, Анайистан керт а кагъеш, стигал тIекхетар… *** Зовкхан дуьхьа ша дуьненчу богIуш таттабелла, Сан безамна-м ца хаьарий шен хIун кхиэл хилла: КIожам хиллалц сингаттаман куьркахь ваттавелла, Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|
|
|
#87 |
|
Согревшийся
Регистрация: 28.07.2007
Адрес: Маьлхан Дуьне
Сообщений: 495
Репутация: 2 ![]() ![]() |
Сан байташ
Дуьненан буйнара бIешеран аьлха Яккхахь ас, ирдан сайн оьмаран хьекъал, Сан байташ, хIуш санна токхечу маьлхан, ДIахIуьтту сан деган ардаш тIехь хьекъа. Со юкъагIоьртича шеконийн девнна Царалахь машар бан тешамна гергахь, Сан байташ, чIийш санна, дог хьокхуш девлла, Халбата ховшу сан безаман цIергахь. Мархех дIацIандина седарчийн хьаьвда, Маршонан мох беъча сан лерехь бека, Сан байташ, хиш санна, лам бешаш хьаьвдда, Диканца зиэн гIерта сан деган нека. Дош суна карийча хIинццалцца хьегна, БIаьргашна ган а гуш, и даьлча анда, Сан байташ, гIаш санна гуьйренца эгна, Кечло-кха сан меттан саз-латта хьандан. Бендацарх дин дина Iар суна доьхкуш, Иэс даьлча Ригахойн к1отара леста, Сан байташ, дой санна мохк мел бу хоьхкун, Хьакъ хуьлу нохчочун дог-ойла хьеста. Са тоьгуш сайн къоман амалан теца, ГIуллакхаш тоьхча ас гIиллакхийн кепа, Сан байташ, тхиш санна баьццарчу бецан, БIаьвнаш чохь яьгначу серлонгахь лепа. Со хенан букарчу басах чушаршахь, Цхьа а церг арт ца еш сайн иэсан херхан, Сан байташ, сеш санна Даймехкан варшахь, ГIум-Азехь дисинчу кешнашка гIергIа… Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|
|
|
#88 |
|
Согревшийся
Регистрация: 28.07.2007
Адрес: Маьлхан Дуьне
Сообщений: 495
Репутация: 2 ![]() ![]() |
«ДЕГАН ЦАСТАРШ» цикла юккъера
*** Машаречу Iаламо а ша теш хилар къуьйсу, Даймахкана ха деш, даим само хьекъаран: БIаьста диттийн чIенигаша хьуьнхахь тапча кхуьйсу, Аьхка юьйлу йоккха топ а стигал къекъаран… *** Дуьне мел ду хьо хестийна и сан иллеш хьан бах тий? Таханчул а зевне хир ю церан жутт-ма кхана. Амма кхоьру, ахь ен ойла — и сайн вастан набахти — ХIусам хилла дIахIоттарна кхечу тутмакхана… *** Хуьл-хуьлууш сан ойланашна юххера дIахилча, Хьайн керлачу ирсан буйна хьо а гIор кхано. Сан къеначу сингаттаман багахь цергаш хилча, Деган дилха охьур дар-кха цхьаллин зорхано… Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|
|
|
#89 |
|
Согревшийся
Регистрация: 28.07.2007
Адрес: Маьлхан Дуьне
Сообщений: 495
Репутация: 2 ![]() ![]() |
Гуьйренан аматаш
Дошан басе дирзи хIинца Iоман сирла аьнгали. ТулгIе отуш, цинцийн гаьргаш ца етта цо сих кхин сан… Диттийн гаьннех лохха кхозу мехийн чорда гаьнгали — Дахкаран кIайн шура луьтту гезгамашин хинкиса. Къена эмкалш санна, лаьтта цанахь элан холанаш. ХьаьжкIаш тилош хилла меттиг гойту лоьдгийн нехаша. Доьрчаш чуьра ялта идош, чIегIгаша до «къоланаш». Хьокхийн кертан цергаш малъеш, шакарш етта мехаша. Дерзанна кIел лаца кийчча некъан хоршан кана ю. Акхароша орца доху, чIанайолуш хьун гина. Кхаш тIехь когабуьхьар хIуьтту, хала къаьсташ, анаюх. Тийжа евлла, гIаргIулеша мархийн бIаьргаш тIундина. Йитта кечъен бедарш санна, дIо стигалан боганахь Iохкуш ю и морса мархаш — хилларш кIеда чилланал. Гой-те царна, бобер санна, гIийла Iуьллу охана, Ахархоша векалдинарг Iаьнан дера чилла лан… ГIанийн можа оьла махо сайн когаш кIел кхоьссича, Суна иза сайн син заза ду ма чIогIа моттало… Ткъе итталгIа хIара гуьйре кху сан керта йоьссича, Кхин цхьа харш а тосу-кх даг чу сан оьмаран готано… Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|
|
|
#90 |
|
Беркате к1удал..)
Регистрация: 30.11.2006
Адрес: Нохчийчоь, сирла Нохчийчоь...
Сообщений: 1,615
Репутация: 6 ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() |
Амазонка, аса х1инцца х1ун дира хаий хьуна?)
Х1ара комп сайна караеанчуьра ахьа кху чохь мел язйина йолу 1илмани байташ сайна "скопировать" йира-кх) Дикка ойла а еш а уьш йоьшур ю аса... Я же только открываю для себя его творчество... Ларамца Малика)
__________________
".. Г1енаш, сан эсала г1енаш, мичахь ду шу хаза т1емаш? Йига со б1арлаг1ийн махка, сайн ирсан аганчохь тахка...." (с) |
|
|
|