![]() |
|
|
|||||||
| Проза/Поэзия Искусство образного выражения мысли в слове; изображение жизни, создание художественных образов при помощи слова. |
|
|
Опции темы |
|
|
#71 |
|
Согревшийся
Регистрация: 28.07.2007
Адрес: Маьлхан Дуьне
Сообщений: 495
Репутация: 2 ![]() ![]() |
Беттан хьокхам
Дарделлачу цIоькъалоьмах дарцо мIараш туьйсуш, Цистина сан коре лаьцна шан пардонан кIай. Ткъа стигало мархийн цецах чекх лайн дама луьйсуш, Кху сан кертан бога дуззуш, бод биллина кIайн… Пхьуьйре юлуш кийча хир бу буьйда хьокхам беттан. Мархийн цецахь, бенчохь санна, цо Iаь еттар ю… Дорцан цIока Iуьллуш хир ю, луо а хилла детта. Кху сан коран бIаьрга лаьцна кIай а жимлур ду. Со а хир ву пхьор дан дагахь, пеша дечиг туьллуш. Ялтин мерза хьожа сунна баттах йогIур ю. Тхайн туьнкалган буйна к1уьран беха гIуркх а буьллуш, Беттан хьокхам кхерчан цIерга божон гIуртур ву… ТIаккха сайна даго довдар схьахезар ду шера: «ХIунда гIерта беттан хьокхам хьо чубожон, хIай?! И-м хьан нанас шен доьзалан синмаршонна тIера, Мац ма-делли, седарчашна хьалха буьллуш ба-й…». Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|
|
|
#72 |
|
Согревшийся
Регистрация: 28.07.2007
Адрес: Маьлхан Дуьне
Сообщений: 495
Репутация: 2 ![]() ![]() |
«ДЕГАН ЦАСТАРШ» цикла юккъера
*** ГIерташ поэт вицвалийта, ма къа хьоьгу аша, И ца везарш, амма цо шун пусар дIа-м ца до: Хи тIе боьду некъ дIабайарх лайша, догIанаша, Адамаша, хьаг ма-делли, меттахIоттабо… *** Бакъо йоккхуш сайна кхузахь, хехо санна, латта, Сайн байташна реза хирриг нохчийн шира илли, Дедайн ирзехь хIинццалц Iахар Iилла дезна латта, Деган чкъурах хIайкал де ас, хьо юккъе а диллий?.. *** ГIайгIанна яцош, шайн ойланаш ечул а аз, Шу хилахь, адамаш, наггахь а со дагалоцуш, Йилбазан мохь боцуш дуьсур дац сан деган аз, Илли а хир дац сан тIаьхьараалар а доцуш… Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|
|
|
#73 |
|
Согревшийся
Регистрация: 28.07.2007
Адрес: Маьлхан Дуьне
Сообщений: 495
Репутация: 2 ![]() ![]() |
***
Веха со, лелош сайн шерашца гамо, Цара сайн дег1ан сий ца дарна жимма. Хала ду-кх хебарш а ягарьеш Iамо Доккхачу дуьненан хьесапан Iилма. Къоналла-м хиллера цхьа йоца забар, Оьмаро качъелча сан даге йина. Цундела тIедоьжна денойх цаIабар ГIеметтах1оьттина долчу сан сина. Дахар ду заманца хьаббарех ловзар, ТIаьххьара бIаьрг беллар валар а долуш… Цкъа хIинца-м доьдуш ду сан кхиэлан ловзар — Со цигахь тхьамда ву хьаштийн кад молуш. Азъелла ягIахь а сан ирсан рузма, Безаман мIаьргонаш — агIонаш туьлуш, ВогIу со куьг лаьцна сайн къоман узаман, Син тIаьхьалонех сайн дог а ца дуьллуш. Ткъа дог, дIаладоьгIча, аре ю тIеман: Цунна тIехь леташ ю бIостане шовкъаш. Сан хьиэ чохь хьийзаш ю къийсаман сема, Шена тIе хьерчаеш толамийн къовкъарш. Сихачу боларна цхьа лазар кхетахь, Когашна аьрха ца хетийта сацар, Эшаман ша башош кхиаман четахь Муьйлу ас доьналлин хьаьж тIера хьацар. Цкъа-м омра кхочушдеш тIаьххьарчу сахьтан, ДIагIур ву абаден хIордах дIаэн со. Делахь а, дохлур ду сан шийла лахьта Сан чуртах Iаса яхь адамийн иэсо… Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|
|
|
#74 |
|
Согревшийся
Регистрация: 28.07.2007
Адрес: Маьлхан Дуьне
Сообщений: 495
Репутация: 2 ![]() ![]() |
«ДЕГАН ЦАСТАРШ» цикла юккъера
*** КIиръелла хьежарна сан ойла кхетаман аренах дIа, Кхоччуш тхьузйолош шен юьйлина латтийна яьIна, Гин цунна: могIанан-беречун букъ тIехьа лечкъина Iа Дадийна далочу нускалах тарделла маьIна… *** Даим лууш ду сан илли талла дуьне гIергIа: Х1ун чам болуш ю-те, ванах, беттан можа паста? Сетташ доьду тача ду-те сира эханг тIергIан? Цуьнан юьхьиг озае ас Лаьттан уьйриг баста?! *** Сан къолам, хьуна а хьуо декхар хетарна лара Хьайн хьаьркаш Iалашъян тIелаьцна сан шерийн аса, Тахана хьох бо ас ойланан дин лоллу сара, Сатуьйсуш хиларе кхана хьо сайн деган Iаса… Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|
|
|
#75 |
|
Согревшийся
Регистрация: 28.07.2007
Адрес: Маьлхан Дуьне
Сообщений: 495
Репутация: 2 ![]() ![]() |
Къийсаме
Иллин багахь лозуш хилла дешнаш-цергаш тий сан-м, Ахь ца делча суна цаьрца кегдан шовкъан бIараш. Хьа-м ма бара хьайн тешаме мурд со лоьруш къийсам, Соьга ахь кхин ир ца йойту хьайн болатан мIараш?.. ХIоьан чкъуьйриг сана, готта хIара томан оти, Дог таIочу синхьааман буьйра лешон долу. Сатийсаман шахьар хилла йилбаз-гIала отий, Синтоам шен мисарболат даг тIе леца болу…. Кху дуьненан духхьарлера дакъа санна, цхьалха Дуьтуш и сайн иллин туьран буьххьехь карзахвийлар, Синтемзаллин цIокалара волу со-м цкъа хьалха. Цул тIаьхьа тIедужу суна кIадо марахь къийлар…. Къийсам, аса-м синтем бустош, дегайовхо а йийна — Цуьнан дилханан цуьрг — со — Iа цхьаллин цергах лета… Ас кхетаман бIаьрса-ъ лахий, ойла муст а йина, Бендацаран къорза лаьхьа сунна уллехь сета… Меттан шалго хьалаIуьттуш, синхIуо элах кегош, Ла ца луш сан озан б1аьрхиш, къинхетаме лешарш, Шен кIамлучу дегIан чIагарш инкарлонца легош, И-м шакарца зарзъян гIерта хьо хестийна эшарш… Сан лехамийн бIона оьшу хьан тешаме байракх — Нийсонна хехь даим дитташIуьйра лаьтта тарраш! Ирдайтахьа соь уьш наггахь, яош шерийн гIайракх! Хьакъвеш со а, толам базбеш, тоха ондда тIараш! Схьалохьа сан иллин лазам — шовкъан маса бера, Хьай стогаллин малхехь къагош синмаьждиган момсарш. Хьажал хьо-м сан иллин бага: яц кхеманах тера Хийла зулам дIатабийна дешнийн ира кIомсарш…. Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|
|
|
#76 | |
|
******
Регистрация: 08.06.2007
Сообщений: 162
Репутация: 2 ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() |
Цитата:
ас каг а дина, цу юккъера т1ум д1акхаьллира шуна, Амазонка))) Х1умма а дуй ас иза дича?)))Суна цуьнан чам екзотически хийтира, сайна бевзича санна а хийтира)) 1илманан байтийн аре кхечерех соьга къастаяларан бахьана - оцу бай т1ехула д1аволавелча цо цига мел хазачу ораматашна юккъе а к1охцалг д1адийна хилар ду)))Цундела- зезаг доккхуш, к1охцалг доккхуш чекхвала везаш хуьлу цуьнан байтан аре т1ехула))))Вуьшта иза 1илман а хир вацара. Зезагийн курс юккъех к1охцалган га а долуш хуьлу)))
__________________
Цхьаннан меттана итт вог1ур ву! | |
|
|
|
|
|
#77 | |
|
Согревшийся
Регистрация: 28.07.2007
Адрес: Маьлхан Дуьне
Сообщений: 495
Репутация: 2 ![]() ![]() |
Цитата:
Ахьа Аптина яздеш дерг а доьшуш 1а со. Цуьнан теми чохь йочу байтех со дика кхеташ схьайог1у, амма цо язйеш йолчу цхьайолчу байтех со ца кхеташ дерг ахьа ацу байтех аьллачо кхетайо. Цо Германехь язъеш ерш ч1ог1а к1оргера философи йолуш ю. Суна яхьар ю аьлла цуьнан книга. Дела реза хилла со йолчу хьошалг1а ярна..
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… | |
|
|
|
|
|
#78 |
|
Согревшийся
Регистрация: 28.07.2007
Адрес: Маьлхан Дуьне
Сообщений: 495
Репутация: 2 ![]() ![]() |
«ДЕГАН ЦАСТАРШ» цикла юккъера
*** Сан дахар — хьан бере ву, ткъа хьо — сан дин бу, илли. Хьан гаъ даьIнех ларбеш ю сан деган кIеда нуьйр. Хьо поэзин арахь хоьхкуш, ас а бIиллиг дилли — И ца дича, кхочуш ца дало-кха халкъан буьйр… *** Сан ирсан бIаьргаш чу хьаьвзича гIайгIанан мархаш, Вас хилла ойланаш, ша бина хи санна, туьйш, Мел къуьйлуш хиларх шен когашна сан иллин кIархаш, Сан дог ца дохадан, Даймахко тIетуду уьш…. *** Седарчий хетало оьмаран чаккхешкахь тIадамаш… Чарташ ду-техьа уьш стигалахь дуьйгIуш дуьнено, Дахаран баьццарчу генаш тIехь ношделла адамаш Iожаллин готтачу тускар чу эгадеш хено?.. Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|
|
|
#79 |
|
Согревшийся
Регистрация: 28.07.2007
Адрес: Маьлхан Дуьне
Сообщений: 495
Репутация: 2 ![]() ![]() |
Сан дой
Сан денош дой ду, уьш ца Iебаш хоьхку ас дахаран арахь. Шо-гуо чекх мел бели, керланиг кхин болон уьш кийча ду. ГIеххьачу реманан да волчу суна а-м хало ду ала, Маса дин хир бу сайн берриг а, бисинарг маса гуо бу. КIайнчу дойн бергаша хIост динчу некъашца — сан хазахетарш. Iожа дой толаме кхачаран билгало — безаман кхаъ. Расха дой бахьанехь дикачу нахаца со цхьаьнакхета. Борачийн толамо, оьшшучохь гIо дина, велаво цхьаъ. Хьалхарчу могIарехь сираниш нислуш а меттигаш йогIу. Цаьрца ю сан гIайгIа, сан дагахьбалламаш, даг чуьра вас. Царна шед етташ со челакхчу дахкарлахь некъ ца гуш вогIу — Цундела со церан толамна кхин башха тIера а-м вац. Буьззина мах хадош, ца ваьлла сайн дойх со довха дош аьлла. И алар, шераш дIа мел кирчи, ша дазлуш сан декхар ду, Цахаарх, муьлха дин хьалха а баьлла, со дуьненчу ваьлла, Я иштта, муьлха дин тIаьхьа а бисина, д1акхелхар ву… Угар а хьомечу дойша дог ирсе деш шаьш долчу ден, Дехкина бIиллигаш дIаяздеш, артбелча сан кхиэлан къолам, Ахьа а боккхур бу цхьа а шех ца хьоьгу хьайн къиза толам, ХьаргIанан тIомал а Iаьржа дин — дахаран тIаьххьара де…. Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|
|
|
#80 |
|
Согревшийся
Регистрация: 28.07.2007
Адрес: Маьлхан Дуьне
Сообщений: 495
Репутация: 2 ![]() ![]() |
Тайп-тайпана ойланаш
Стиглара мархаш а хетало адамийн синош. Хьажал хьо, уьш а ю, вуьйш санна, Iаьржа а, кIайн а. Галваьлла хьо вожахь, ма деха нахана къинош, Нахана лерина харц кхиэл а кхайкхае хьайна. Лекъначу шовдантIе дахкаро хьарчийча марчо, Мотт соцу боьранан, дIадоду тогIенан бIаьрса. Сий лардеш волчунна елало Даймехкан маршо, Сий духкуш волчунна мостагIчун Iазап тIекъаьрза. Баьццара оьмар а кхачийна, оьгучу гIашна ТIехьаьжна хаза мох Iазапхо хуьлий, дIахIутту. Стаг муьтIахь ца хилахь «къинхетам» цIе йолчу дашна, Шен кхиэлан пенаш цо къизаллин тIулгашца дутту. Халкъана тIекхаччалц бохаман киртигаш къаьхьа, Ямартхо тебна Iа, шен дагчохь тешнабехк хьекъаш. Лекхачу дитта тIе балало дIовш туху лаьхьа Аьрзунан санна шен тIемаш а доццушехь, текхаш. Доьзалехь осала воI кхиар – ден-ненан бала. ГIеранчин къизаллаш ги хуьйшу гергарчу нехан, Яхь йоцу лай гIерта шен халкъан коьшкала вала, МостагIчо шен махка баржийча зуламе Iеха…. Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… Последний раз редактировалось Amazonka2; 31.08.2007 в 16:42 |
|
|
|