![]() |
|
|
|||||||
| Проза/Поэзия Искусство образного выражения мысли в слове; изображение жизни, создание художественных образов при помощи слова. |
|
|
Опции темы |
|
|
#601 |
|
Согревшийся
Регистрация: 28.12.2007
Адрес: .
Сообщений: 889
Репутация: 4 ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() |
Хьан б1аьргаш чохь пелаг хьедан х1утту г1айг1а-ч1ара,
Ирсан б1аьрхиш лакъор лоьруш коьрта 1алашо. И-м схьабаьккхи сан б1аьро, шех хуьлуш дашо м1ара, Лара ца бойтуш хьан дагчу боьха 1аь лашон… ХИинца-м хьан б1аьргаш чохь ловзуш, маьлхан азанаша Ахь кхоларшна караделла хьажар дохдина. Дуьзна балдаш мерза кхолуш дешнийн ц1азамаша, Сан даго шен 1аьнарх хьуна бацон мох бина. Сан г1евланга цуьнца х1отта ахь цкъа нигат делахь, Сан набаран дилха огуш, г1енийн сур ла1а… Нагахь санна, дерриг дуьне ялсамани елахь, Цунна чохь а яц-кха т1аккха хьо бен х1уьрла1а!.. Дуьне – петар хьайн хиларан ойланах хьуо юлуш, Ц1ийх ийна хьайн синмаликаш хьуна гахьара!.. Уьш ма ду ас г1оьнна хьехна, деган пондар булуш, Тайна мукъам балабайта сайна т1аьхьара… Даго хьоьху: нагахь санна, со ца хилча х1ара Ц1ена илли ала, хьан сий кховдош хастаме, Хьан куьцана хьог1о морса марчо дустур дара, Наха хьуна каш а доккхуш – дийцар дастаме… 1илман Юсупов |
|
|
|
|
|
#602 |
|
Согревшийся
Регистрация: 28.07.2007
Адрес: Маьлхан Дуьне
Сообщений: 495
Репутация: 2 ![]() ![]() |
ЦХЬАЛЛИН ГЛОССА
Серлонца мархийн тха дакъадо батто, Сан уьйтIахь туп туху IиндагIийн бIано. Дуьххьара ловш яц ас хIара цхьаллин гатто, Тийналлехь садоьIуш йижинчу пхьано... Чохь - сонийн баганаш гIаттийна пенаш, Вовшашца цара ден аз дойна хабарш. Ткъа, арахь - набарха туьдуш шайн гIенаш, Буьйсанан синоша деш долу шабарш, Дош-кIорни тIома кIел лечкъадар матто, Сан беснийл арахьа Iаь яьлча механ... Хаьржина буьйсанан нийсса ах ле хан, Серлонца мархийн тха дакъадо батто, Чохь - сиха собарна кхачало цIий сан, ХIоара ца довлуш ойланийн кенаш. Ткъа, арахь - дитташа охкийна генаш Ла ца луш бухарчу орамийн къийсам, Сан дагна гобина седарчийн каной, Кхоьруш шаьш тутмакхах бевлла бисарна... Кхузара дIа цхьаьнца тIом болон санна, Сан уьйтIахь туп туху IиндагIийн бIано... Чохь - бала боьжна сан миска синхаам, ТIедоьхуш аматаш, шех хьалха даьзнарш. Ткъа, арахь - кхозлагIчу боргIалийн аьзнаш, Сан цхьаллин са эца балхош шайн лаам, Оьшуш а цахилар и орца гIатто, ГIайгIанан ченаша сан бIаьргаш букъарх, Иэсан шед етташ дIадаьллачун букъах, Дуьххьара ловш яц ас хIара цхьаллин гатто... Чуй, арий вийлар сан - сингаттам хьахар - ХIордал а доккхачу къастаран цамгар. Цуьнан цхьа дакъа ду - гича со цамагар, Бодано боршам беш сайн кораш хьахар. Делахь а, кIорггера теша со-м: кхано Дарбане наб кхеташ, ваьлча со паргIат, Дала сан къиношна дийр ду капарат, Тийналлехь садоьIуш йижинчу пхьано... Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|
|
|
#603 |
|
Согревшийся
Регистрация: 28.07.2007
Адрес: Маьлхан Дуьне
Сообщений: 495
Репутация: 2 ![]() ![]() |
СОНЕТ
Сайн меттан зевнечу махкахь со веха Сай санна, оьздачу гIиллакхца цхьаьна. Ца хьерча сан дагах ачонан Iеха, Ца бо сан ойланна шеконан нIаьна. Кхузара бахархой - дешнаш ду зевне, Даггара къобалъеш сан къоман амал. Уьш соьца цкъан цкъа а ца хилла девне, Цундела со царна еш ву сайн Iамал. Дешнашна со а цхьа дош хета шайлахь, Суна а хета уьш адамех тера. Дуьсуьйтур дац цара сан илли байлахь Мацца а дIаваьлча да цунна тIера... Стогалла санна ду дошаман низам, Цо хьакъво со латто харцонца къийсам... Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|
|
|
#604 |
|
Согревшийся
Регистрация: 28.07.2007
Адрес: Маьлхан Дуьне
Сообщений: 495
Репутация: 2 ![]() ![]() |
СОНЕТ
Доьналлин маьждиг ду нохчочун амал. Цунна чохь рузба до гIиллакхо, яхьо. Къобалъеш со мел ву и тайпа Iамал, Лаьтта тIехь шело яц сан ойла яхьо. Лур бац-кха сан къоман собаран лам мал, ТIесерсарх бIешерийн питанийн къахьо. Ницкъ ло сан къийсамна со тола Iаммал Даймахко даьккхинчу маршонан сахьо. Хьо каде хьовзарна, сан лаьмнийн гIайракх, Къоман са ирдечохь хIаллакдан лолла, Нохчочун кхаж бели шен дедайн байракх Эххар а заманан момсар тIе олла. Лензалле вистхуьлуш бакъволу нохчо, ГIам-гIим дан ца оьшу дог-ойла лохачо... Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|
|
|
#605 |
|
Согревшийся
Регистрация: 28.12.2007
Адрес: .
Сообщений: 889
Репутация: 4 ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() |
Аьхкенан буьйса
ХIара буьйса… Маьрша хиларг сагIа тоьлла аьхкенан… Кхунна тайнна хьошалла ца дича ас ма хиндарий! ГIайгIано ятийна хилла деган беш а аьхкина, Кхуо самалхадаьккхи чIогIа сан ойланийн синтарийн. Олхазарша гихь лелийна хIаваан дегI дайделла, Сан садеIар карахь ловзон цуо а-м дера Iамийна!.. Мархийн чопа гонах йоккхуш, беттан саба кIайделла, Цунна кхехьа хи хьаштхилла Чухчахьеран чамина… Дитташ лаьтта, орамийн тIамарх чуйоьлла тийналла, Стоьмийн беснийх барташ дохуш гIаннабарийн Iехано… Детталучу деган озе лууш дийгIа цIийнна ла, Сатийсамийн ваIданашка са ма атта Iехало!.. Шур-шураш дан дуьйладели, лаьттахь шеллуш, IиндагIаш. Тхилахь ешна буц а ма ю – массо чо а бусийна! Белшаш хебош хоршано шайн, ваьштатеIаш хинда гIаш, Йовхо къийъян эхь ца хетча кху медачу буьйсанна! Нуьре сенаш долу бIаьргаш бетташ, гежа седарчий, Царна чуьра эгош наггахь суй-седанийн дато кIеш… Легаш Iуьйдуш синхаамийн – гарехь, уггар ледарчийн, Тоьллачаьрга аса-м тховса туьйсуьйтур ю ма-ттов кIеж… Буьйса, сихха чекх а ялий, со ма хьолахь саготте! Хьайн IиндагIийн ловзаргахь дош луо сан дагна-вотанна… Баттах турмал йина, хьоьжуш йолчу хьуна ца го-те Кху сан дегIан дукъо даош, шерша хенан воттана?.. Iилман Юсупов |
|
|
|
|
|
#606 |
|
Согревшийся
Регистрация: 28.12.2007
Адрес: .
Сообщений: 889
Репутация: 4 ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() |
Дуьххьарлера илли
Дуьххьарлера сан илли ду Диттан дато заза, ЧIогIа хаза кхелина Сан ойланан дитт цо. Ткъа цу диттан баьццаралла Iалашйина база, Аса-м хьан и сийна сибат Цкъа а диц ца до. Ас дахаран беш а кходу, Ца дан гIерташ лаза Сайн ойланан дитта тIера Иллин ховха са. Деган мерзаш зуьйш, меллаша Дека илли-заза. ГIад нисдина, малхе кхийда Дитт-ойла а сан. |
|
|
|
|
|
#607 |
|
Согревшийся
Регистрация: 28.07.2007
Адрес: Маьлхан Дуьне
Сообщений: 495
Репутация: 2 ![]() ![]() |
Кхо синхаам
Сайн иллийн х1усамехь баьррче мотт биллина, ДIабижо кечби ас кхо синхаам. Царна хIуо кхетийта, деган кор диллина Хьийза сан уггаре оьзда лаам. Хьалхара синхаам езачун бIаьргаша, Геннара схьакъежий, гIенашла хьо. Шовданан коьрте дIабигийтар цаьрга ша Набарха даима далхадо цо. ШозлагIа синхаам, ненан дог хьаьстина Баьлча бен, цхьанна а тхьаьвсаш ца го. Тем боцу наб хуьлу йийриг цо къаьсттина — Минотехь эзарза бIаьрг боьллу цо. КхозлагIчо, хийлазза вонна некъ бихкина, Нисди сан кхолламан гара сизаш. Набаран суй банза, ондда юкъ йихкина, Даймехкан ойла еш, Iаш бу иза… Ойланийн сирла мотт царна кIел биллина, Сан кхуьй а синхаам хьоьстуш со Iа. Хьалхарчу шиннан наб ларйо ас виллина, КхозлагIчо гонаха хIоттадой ха… Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|
|
|
#608 |
|
Согревшийся
Регистрация: 28.12.2007
Адрес: .
Сообщений: 889
Репутация: 4 ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() |
* * *
Стигал а къанлуш ю, къежделла седарчий Iенош, ГIерта и жимъян шен къорзачу юьхьтIера кIац… Эрна ду чот етташ, дагардар дахаран денош: Хьесапан Да волчу Делан бен уьш карахь дац… ВогIу со тIаьхь-тIаьхьа гIелвелла, цхьацца ког боккхуш, Уьдуш ас яьккхина хиллехь а къоналлин хан. Соьгара бакъо ца эшна со дуьнентIе воккхуш, Соь хоьттуш хир дац-кха эхарта вахар а сан. Мацца а, юьхь-чаккхе йоцучу новкъа со ваьлча, Со шайца вац бохуш, ма хила гIайгIане шу: Махьшаран майданахь къематан де серладаьлча, Шуна со массарна юха а ган воьгIна ву… Iилман Юсупов |
|
|
|
|
|
#609 |
|
Согревшийся
Регистрация: 28.12.2007
Адрес: .
Сообщений: 889
Репутация: 4 ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() |
Туьнкалган легашка х1оьттина
Б1аьстенан дог1а, Даьгначу дечигна т1ехь боьлху Пешара к1урз. Сирачу овкъарша къардина Аз доцу ц1ог1а, Йишхаьлла бисина Бистина, севсина к1ур... Ц1ераш-ма яьгна-кхи Адаман къизачу пешахь, Синтарийн синошна Цкъа мацах техкинарш хаза: Тийжачу баьллашка Мехаша кадам бо бешахь, Г1айг1ано макхдина Варшара баьццара база. Мутт-б1аьрхиш литтина, Ножо шен синпхенаш аьгна, Б1арзбелла, леста поп даг чуьра Ламанан ч1ожан: Товханан набахтехь Вежарий церан а баьгна - Ма ч1ог1а къаьхьа ю хьомечу Овкъаран хьожа... Туьнкалган легашка х1оьттина Б1аьстенан дог1а... Луьстачу к1уьралахь Бане а къурд ца бало... Язбина боллушехь, горбоьду Сан иллин мог1а, Лазамо мерцинчу синна а Хуьлу хало. Сан иллеш, хьуьнхарчу лаьттах Каш даккха д1ах1итта, Пана д1а а кхуссуш, Д1айолла пешара юкъ - Кошаза мукъана ма дита Докъаза дитташ, Чурт а хьакъ ду царна - Д1адог1а д1о орцан дукъ!.. *1илман Юсупов* |
|
|
|
|
|
#610 |
|
Согревшийся
Регистрация: 28.12.2007
Адрес: .
Сообщений: 889
Репутация: 4 ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() |
МаьркIаженан IиндагIашна пхьор дан лиъна мерза,
Мархийн маша боза хIоьтти беттан дато гезг… Ма галдала кийча хилла синхIоттаман терза, Деган дургал лиэша яьлла, сагатделча кIеззиг. Ма галдала кийча хилла синхIоттаман терза, Беран мIаьррал дагахьбаллам оза дезча шен. Туьгуш дац-кха дегочуьра иза юхадерза: Уьдуш лела синан цхьамза лууш бац-кха тиэн… Туьгуш дац-кха дегочуьра терза юхадерза, Шовкъо дабагIдина деган хIуо дIатийннашехь… Мархийн маша нилха болччухула схьа а къерзаш, Седарчий ду серло оза гIерташ цунна тIехь. Мархийн маша нилха болччухула схьа а къерзаш, ТIеттIа язло Чухчахьеран сирла герканаш… Буьйса-пондар хьедан йолу шен IиндагIаш-мерзаш, Улле охьахийшош иллеш – уггар гергарнаш… Буьйса-пондар хьедан йолу шен IиндагIаш-мерзаш, Цаьпцалгаша Iома йисттехь аьзнийн чиркх латош… Ойла-баргол хадош, хезна геннахь говраш терсаш, Кийра батIош, араоьккху уггар йоргIа дош. Ойла-баргол хадош, хезна геннахь говраш терсаш, Нохчийн аре екош, боьду и сан оьзда дин. Ненан меттан аьлха хьоькхуш, ирдеш бIаьрса, лерса, ХIинццалц къуьйлуш хилла архаш ас а дIамалйи… Ненан меттан аьлха хьоькхуш, ирдеш бIаьрса, лерса, Толлу ас сайн мукъам денбен башха сатийсам. Наггахь синна сиркхо тосаяларх кега-мерса, Кхиэлан кхерчахь хан ягорах, цIийн кIеж ца тий сан… Наггахь синна сиркхо тосаяларх кега-мерса, Дерташ доцу заза лепош ду сан ирсан га. Гуттар хир ма бац сингаттам йочане тIесерсаш, Цуьнан цхьа а зирх-тIадам ма болда Iуьйренга!.. Гуттар хир ма бац сингаттам йочане тIесерсаш, Деган дургал лиэша яьлла, са тIундаларх кIеззиг. Меттадан а герга ма ду синхIоттаман терза, Мархийн маша боьзна яьлча беттан дато гезг… Iилман Юсупов |
|
|
|