![]() |
|
|
|||||||
| Проза/Поэзия Искусство образного выражения мысли в слове; изображение жизни, создание художественных образов при помощи слова. |
|
|
Опции темы |
|
|
#51 |
|
Согревшийся
Регистрация: 28.07.2007
Адрес: Маьлхан Дуьне
Сообщений: 495
Репутация: 2 ![]() ![]() |
«ДЕГАН ЦАСТАРШ» цикла юккъера
*** Дикка хьаьжча, сан кхетамна йина хир ю берчаш, Саццаза ас хьох ен ойла хьекхаелла шех. Ас садоIуш яьлла Iаь ю, дохк а хилла, хьерчаш, Сан Даймохк, хьан лаьмнех, иштта цу хьан аренех… *** Цомгашчу адаман чот хуьлу тоделла, гIатта, Эшаеш сиркхонаш — шен дегIан гуьмалкахь IаьIнарш. Хьан ма яц и таро, декъаза дархо — сан Латта: Хьан дагца кешнаш ду — цкъан цкъа а ца доьрзу даьIнаш… *** Кхин ца гIерта шеконаш сан лере оьхуш, текъа — Ас уьш ерриге а къарйина: Сайн Даймехкан даг тIе боьду уггар боца некъ а — Байтан могIа суна карийна… Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|
|
|
#52 |
|
Согревшийся
Регистрация: 28.07.2007
Адрес: Маьлхан Дуьне
Сообщений: 495
Репутация: 2 ![]() ![]() |
«ДЕГАН ЦАСТАРШ» цикла юккъера
*** Паналле хьаьддачу сан шерийн коврана Сан цхьа а синхаам Iеса ца го: Дала шен хIост дина сан деган соврана, Элчанан умматах дIатухуш со… *** Лехамашна сутарчу сайн сина ХIун ду хууш кху дуьненахь товш, Ас сайн ненан бIаьрхих шекъа дина, Даг тIе язди «Даймохк» боху дош… *** Ша бо сан иллешна, адамаш, шун вонаш гуш. Ца лаьа довла и шун бIаьргаш, дилхина, баса. Шун хIора лазамна роггIана дIавожалуш, И къиза ворданаш сайн даг чу ялайо аса… Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|
|
|
#53 |
|
Согревшийся
Регистрация: 28.07.2007
Адрес: Маьлхан Дуьне
Сообщений: 495
Репутация: 2 ![]() ![]() |
«ДЕГАН ЦАСТАРШ» цикла юккъера
*** Сан кхиэлан хIосташка дирзина хьан некъийн дерташ. Хьан хIуонан дакъа ду ас доь1уш долчу син Iаь а. Хьан аре — кераюкъ — сайн деган кан кхио г1ерташ, Моьнаша — нахаран хершнаша — юьзнийла хаьа… *** «Даймохк» боху доккха дош ду хьо, гуьйренан стигал. Хьан чаккхенехь гIаргIулеш ю — дукхатIадамаш: КI о р г а ду хьан л е к х а маьIна со ойлане виггал, Лаьттахь даккхий синош даха хIиттол адамаш… *** Машаречу Iаламо а ша теш хилар къуьйсу, Даймахкана ха деш, даим само хьекъаран: БIаьста диттийн чIенигаша хьуьнхахь тапча кхуьйсу, Аьхка юьйлу йоккха топ а стигал къекъаран… Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|
|
|
#54 | |
|
Согревшийся
Регистрация: 28.07.2007
Адрес: Маьлхан Дуьне
Сообщений: 495
Репутация: 2 ![]() ![]() |
Цитата:
Додам, ахьа сих-сиха хаза дош олий, догъоьцу сан. Дала дукха яхайойла хьо. Ларамца Амазанка.
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… | |
|
|
|
|
|
#55 |
|
Согревшийся
Регистрация: 28.07.2007
Адрес: Маьлхан Дуьне
Сообщений: 495
Репутация: 2 ![]() ![]() |
***
Даймехкан дагна гел хьийзайо гIаргIулийн назмано. Адамийн ойланех шар-шарахь юцалуш ю и. И шайна ма-хеззи, сан шераш боларна даз ма ло, Набарна оьгу уьш, сан Iалашонаш а юий… ГIаш оьгу, шабарийн белашца гуо охкуш тийналлин, Шайн къорза барзакъаш лаьттахь а муха тов хьажа. БIаьрг баса баккхарал совнах шен бIаьрлачу cийналлин, Стигало-м хебадо тIехь маьлхан нур даьгна хьаж а. Мархаш ю — билхина маьлхан бIаьрг бакъабен йовлакхаш. Уьш хIинца бIаьрхиша язйина, ай ма-ллу ю-кха. Йочане ойланаш, со везачо шу ма йойла-кха, Со-м хьийза вой аша, коьрте а хьийзаш юкъ-юкъа. Дехкаша нох дохуш санна ду шур-щур дар дерзано… Дохк муьйлу лаьтто — ша лам оьзна, яьккхина шура. Кхоьлина денош бен ца уьйзу гуьйренан терзано, Ду иза сан бIаьргийн нур оза ца дашшал кура. Хьан хIуонехь хIун алий, даккха ас сайн ирсан самукъа, ТIаьхь-тIаьхьа шийлачу хаспашка марзделла Iалам? Генна дIа кхийсахьа гIайгIанан герканаш цкъа мукъа, Хьо чIанадоллушехь горбоьду сан б1аьргийн тIалам… Мехашца техкабеш гаьнгали сан хазахетаран, Хаахьа, буй иза аса хьайн сеаларх бина. Ахь суна тIехула лаьцначу стигалан четаран Бос мухха белахь а, аьхна бу даим сан сина. Сан са бен хьайн кхача бацахь, и ца бууш аз ма ло, Дахкарла хьерчаеш мажъелла хьайн бецийн чуьйраш… Даймехкан дагна гел хьийзайо гIаргIулийн назмано, Сирлачу гIайгIанан хих йохуш адамийн уьйраш… Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… Последний раз редактировалось Amazonka2; 26.08.2007 в 17:36 |
|
|
|
|
|
#56 |
|
Согревшийся
Регистрация: 28.07.2007
Адрес: Маьлхан Дуьне
Сообщений: 495
Репутация: 2 ![]() ![]() |
* * *
Сан шовкъаш гIайгIанан кIуьралахь къаръелла, Сайн цхьаллин кхерча ас тахкарна… Со-м воьду стигларчу гIаргIулех тарвелла, Пебетташ къоьжачу дахкарна. Со кхочур вац кхин хьо Iаш йолчу кIотара Хьан куц сайн бIаьрсица ловзадан… Со воьду, секх санна безаман Iодара, Йовзазчу йоьIан дог Iовжадан. Кагбелла сан кхоллам ма бетта зоьпара - Сан чов хьан дарбанах шекъяьлла… Со воьду, хIоъ санна йоккхачу тоьпара, Хьан деган дилханах чекхваьлла. Къастар а дели-кха вайга барт хаьттина. Хилла и дуьненчохь масанна?.. Со воьду, веллачун кийрара гIаьттина, ДегI дуьтуш, дIадоьду са санна. Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|
|
|
#57 |
|
Согревшийся
Регистрация: 28.07.2007
Адрес: Маьлхан Дуьне
Сообщений: 495
Репутация: 2 ![]() ![]() |
«ДЕГАН ЦАСТАРШ» цикла юккъера
*** Сан хьиэ лийса ларор яц хьуо моттаделла ойла, Ас хьуо сихха дIаяздарна кхераделла дош. Ашшиммо со Iамий (Дала сий шуьшинна дойла!), Сих ца вала деган орца халкъан кхиэле хьош… *** ХIинца-м сан син байракх юлуш, хьоькху хенан мох а. Амма суна доьгIна дац-кха сайн тIаьххьара цхьа де ган. Оцу дийнахь нехан иэсо бастахь уьйриг сан деган, Гур ду и хиллий сан иллин уггар беха могIа… *** Шераша мохь лацахь оьздачу сан дешан ге тIе, Стешхачу хьацарца бех а еш сан деган ботт, Сардаман топ тохий сан иллин осалчу хье тIе, Ахь иза доIанза дIадолла, сан ненан мотт… Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… Последний раз редактировалось Amazonka2; 26.08.2007 в 18:17 |
|
|
|
|
|
#58 |
|
Согревшийся
Регистрация: 28.07.2007
Адрес: Маьлхан Дуьне
Сообщений: 495
Репутация: 2 ![]() ![]() |
СЛОВО О ПОЭТЕ ИЛЬМАНЕ ЮСУПОВЕ
Ильман Юсупов родился в Казахстане В 1970 году с отличием окончил Махкетинскую среднюю школу Веденского района. В 1977 году успешно окончил исторический факультет Ленинградского государственного университета (ЛГУ) имени А.А.Жданова (ныне Санкт-Петербургский госуниверситет). В 1978–1993 годы работал учителем истории и заместителем директора по учебной части в разных сёлах Чечни. В 1993 году несколько месяцев занимал должность заместителя редактора газеты «Маршонан аз» («Голос свободы»). В августе 1993 года был назначен главным редактором литературно-художественного журнала «Орга» («Аргун»). Во время Первой русско-чеченской войны входил в редколлегию правительственной газеты «Ичкерия», которая выпускалась подпольно (до июня 1995 года — в Ведено). В сентябре 1996 года Ильман Юсупов назначен первым заместителем начальника Департамента школьного образования ЧРИ, позже преобразованного в министерство образования и науки ЧРИ (эту должность он занимает по сегодняшний день). Член Союза писателей ЧРИ. Национальный мастер спорта ЧРИ по шахматам. Кавалер ордена «Яхь» («Достоинство»). С 2001 года — в эмиграции. В настоящее время живёт в Швеции. Если говорить о поэзии конкретно, то писать стихи Ильман начал ещё со школьных лет. Впервые в печати появился в 1969 году — на популярной в то время литературной странице республиканской газеты «Ленинан некъ» («Ленинский путь»). Это была небольшая подборка стихов, о которой высоко отозвался один из старейших чеченских поэтов Хас-Магомед Эдилов. Дальше печатался во всех газетах, которые выходили на чеченском языке, начиная от веденской районной «Колхозан дахар» («Колхозная жизнь») и кончая республиканской «Васт» («Образ»). Многие стихи Ильмана Юсупова, написанные в начале творческого пути, были включены в коллективные сборники «Даймехкан мукъамаш» («Напевы Родины») и «Шерийн гунан когашкара» («У подножья лет»), вышедшие в Грозном (ныне Джохар) в 1985 и 1989 годах. В предисловии к книге «Шерийн гунан когашкара», название которой дало стихотворение Юсупова, чеченский писатель Ислам Эльсанов писал: «Нохчийн поэт Юсупов Iилман шен хьалхарчу стихашца дуьйнна шен къаьсттинчу хотIаца веана вайн поэзи юкъа. Гуьйре ю. Дитташка ас кадам бо хан. Къанъелла стигал а яц хIинца лекха. ГIаргIулийн хьожано мустдина догIа Дахкаро къарйинчу тийналлех декха… Поэтически хьежамашца, шен кхоллараллин мехаца-маьIница суна иза Супаев Русланна а, Бисултанов Аптина а герга хета, уьш хIора а ша-ша вовшех къаьсташ воллушехьа. Къаьсттина дика аьтто хилла Юсупов Iилманан поэзехь шира йолчу стихан барамехь. Иза сонет ю. Ритмаца, рифмица, поэтически техникица иза «цIена» а ю цуьнан. Иза иштта хилар гур ду хIара книга ешначунна. Юсупов Iилмана дуккха а керла дустарш, басарш деана нохчийн поэзе. «Шерийн гунан когашкара вогIуш верг со ву…» аьлла, яздина Iилмана цкъа хьалха, шен цхьа книга а араялале. Цуьнан синхаам кхетамо ца лаццал кIорга боьзна бу дIадаханчу чкъурийн синхаамех, иэсах. Оцу синхаамаша, хьала а ойий, иэсан гIу чу воссаво иза. Ткъа хууш ма ду, лаьтта тIехь стигална уггаре гергарниг — дийнахь а стиглара седарчий гойтург… гIу хилар… Iилмана, шен хьекъалх, кхетамах доцуш, гIу харжар эрна ма дац!». Первая отдельная книга Ильмана Юсупова, которая называлась «Заманан мазлагIа» («Пасека времени»), вышла в 1991 году, и получила положительные рецензии. Вот что писал, например, известный чеченский поэт и литературный критик Магомед Сулаев, анализируя этот сборник: «Юсупов Iилманан цIе нохчийн литературехь дуьххьара гучаелира 80-чу шерашкахь. Йозанан амал шатайпа хиларца, ойланийн хатI а, вастийн къепе а кхечерачарах тера доцуш хиларца билгалваьлла иза шен кхоллараллин мур дIаболалушшехьа». А эти строки взяты из статьи поэта Зайнди Байхаджиева, также написанной после выхода в свет «Пасеки времени»: «Юсупов Iилманан кхоллараллех лаьцна дош яздан хийлазза къолам-кехат меттахъхьадина аса. Амма юха а, кхин ца яздеш саца там бара иза, олий, Iадда Iара. Вайн литературехь дуьххьара хуьлуш ма дац оцу тайпана хIума. Поэзин стигалахь цIеххьана къага а къегий, поэзи езархойн шайна тIе тидам а бохуьйтий, хийлазза, дахкарлахь седарчий санна, дIаяйна нохчийн поэзехь дукха цIераш. Амма 1991-чу шарахь араелира Юсупов Iилманан дуьххьарлера стихийн гулар «Заманан мазлагIа». ТIаккха кхоччуш хиира суна вайн нохчийн поэзе бакъволу поэт веана хилар». Подтверждением тому, что в «чеченскую поэзию пришёл настоящий поэт», стал выход в свет последующих сборников Ильмана Юсупова: «Доьналлин маьждиг» («Мечеть стойкости») и «Иэсан гIу» («Колодец памяти»), изданных уже в столице независимой Ичкерии — городе Джохаре в 1997 и 1999 годах. Чеченская поэтесса Зайнапи Сулейманова, дочь известного в стране поэта и учёного Ахмада Сулейманова, анализируя творчество своего коллеги Ильмана Юсупова, писала: «Нохчийн поэтан Юсупов Iилманан цIе дика евза вайн республикехь. Муьран зорбанехь а, юкъарчу гуларшкахь а, шен къаьсттинчу гуларехь а арайийлина цуьнан произведенеш. Iаламат дика поэтикин законаш довзар, нохчийн лексикех шуьйра пайдаэцар, массо а жанрашкахь шен корматалла зер — иштта агIонаш гойту шатайпана хатI долчу поэта Юсупов Iилмана шен башхачу кхоллараллехь». Высокую оценку «уникальному творчеству» И.Юсупова дал и литературный критик А.Хусаинов, которому, чтобы придти к столь лестному отзыву, было достаточно проанализировать всего лишь одно стихотворение поэта — «ХьагIйолчуьнга» («Ненавистнику»): «Цо кхин язйина хIумма а ца хилча а, хIокху цхьана стихотворенино а гойтур дара Юсупов Iилман нохчийн поэзехь шен онддачу а, шатайпанчу а боларца вогIуш хилар». Немало стихов Ильмана Юсупова переведено и на русский язык. Его переводчиками были известные поэтессы Ия Николаенко (наша землячка) и Новелла Матвеева (москвичка). О своём знакомстве с поэтом И.Юсуповым и работе над его переводами Ия Николаенко писала буквально следующее: «С Ильманом Юсуповым меня познакомили поэты Абдулла Садулаев и Ямлихан Хасбулатов. Они очень высоко ценили его поэзию. По их просьбе, я перевела на русский язык около 20 стихотворений Ильмана Юсупова. Было очень трудно переводить его стихи. Образы, которых хватило бы на одно-два стихотворения, он умудрялся вместить в четверостишие. Своеобразный поэтический стиль у него». А вот что писал один из самых оригинальных чеченских поэтов Мусбек Кибиев в своём письме московской поэтессе Новелле Матвеевой: «Уважаемая Новелла! В районе, где я живу (Веденский — Автор), открытием последних лет стал очень талантливый чеченский поэт Ильман Юсупов. Мне бы хотелось, если у Вас найдётся время, чтобы Вы перевели на русский язык штук десять его стихотворений с последующей публикацией их в журнале «Дружба народов». Если Вы дадите согласие, то он сам подготовит подстрочники. Ждём вестей от Вас! С уважением, Мусбек Кибиев. 28 сентября 1985 года». Некоторые стихи Ильмана Юсупова переложена на музыку. Многие наши композиторы жалуются, что трудно писать песни на его стихи, которые «страдают» плотностью образов и непривычным течением стихотворной фразы. Среди тех, кто сумел преодолеть этот барьер, были композиторы и певцы Имам Алимсултанов, Гилани Алимханов и Саид Димаев (песня «Зезаг ду со»). Плотность образов, оригинальность сюжета, колоритность языка — это и есть тот самый особый почерк, который выделяет Ильмана Юсупова в чеченской поэзии как самобытного поэта, самородка в буквальном смысле этого слова, взявшегося покорить литературный Олимп. Что это не пустые слова, можно убедиться, и при этом получить огромное удовольствие, ознакомившись с колоритным языком Ильмана Юсупова, которому позавидует даже самый опытный собиратель чеченского фольклора. Вот они те самые «новые сравнения, краски» («керла дустарш, басарш»), которые принёс в чеченскую поэзию Ильман Юсупов: «Ас сайн ненан бIаьрхих шекъа дина», «Аьхна ду сан иллин маликийн тIемаш», «Веччалг санна, лаьттан чкъурах йоьлла гIура-йис», «ГIаргIулийн хьожано мустдина догIа», «Дагалецам вичIабоккхуш, лакхло шерийн гIат», «Дахар ду заманца хьаббарех ловзар», «Деган Iомахь буру хьийзо шовкъийн кIуркIмани», «Доьналлин хьаьж тIера хьацар», «Дуьненан буйнара бIешеран аьлха», «Илли алар — йоьрзуш йоцчу чевнах цIий далар», «Мархаш ю — билхина маьлхан бIаьрг бакъабен йовлакхаш», «Ойланаш яр — син пардонна сийлахь даьIнаш дахар», «Са тоьгуш сайн къоман амалан теца», «Стигало-м хебадо тIехь маьлхан нур даьгна хьаж а», «ТIаьхь-тIаьхьа шийлачу хаспашка марзделла Iалам», «Ткъа дог, дIаладоьгIча, аре ю тIеман», «Хьан чаккхенехь гIаргIулеш ю — дукхатIадамаш», «ХьаргIанан тIомал а Iаьржа дин — дахаран тIаьххьара де», «ХьогIан хьожа етталучу бIаьран ира урс», «Шан пардонан ахкарг дина генаш гIоьвно гIорош», «Шелбелла бутт Iуьллу мархашлахь хебаш», «Эшаман ша башош кхиаман четахь»… Вниманию читателей предлагается подборка стихов Ильмана Юсупова на чеченском языке, составленная по сборникам «Заманан мазлагIа» («Пасека времени»), «Иэсан гIу» («Колодец памяти») и «Доьналлин маьждиг» («Мечеть стойкости»). Ведущее место в этой подборке занимают стихи, написанные в жанре сонета («шира йолчу стихан барам»), и четверостишия, в которых нельзя не заметить следы «поэтической техники» маэстро, приобретённой годами напряжённого труда: Шераша мохь лацахь оьздачу сан дешан ге тIе, Стешхачу хьацарца бех а еш сан деган ботт, Сардаман топ тохий сан иллин осалчу хье тIе, Ахь иза доIанза дIадолла, сан ненан мотт… А мы, в свою очередь, пожелаем замечательному поэту Ильману Юсупову, который находится в зените славы, новых творческих успехов на литературном поприще и всех благ в дальнейшей жизни, которую он без остатка посвятил служению своему народу. Дала аьтто бойла хьан, Iилман! Абу-Хусайн Шамилёв, литературный критик Информация взята с сайта «Кавказ-Центр» http://www.kavkazcenter.com/russ/con...23/47163.shtml
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… Последний раз редактировалось Amazonka2; 26.08.2007 в 19:26 |
|
|
|
|
|
#59 | |
|
Беркате к1удал..)
Регистрация: 30.11.2006
Адрес: Нохчийчоь, сирла Нохчийчоь...
Сообщений: 1,615
Репутация: 6 ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() |
Цитата:
дукха а, ирсе а, маьрша а! Аса боккъала а хазахетарца йоьшу х1ара байташ! Сайгахь корматалла елхьари аса уьш йийцаре а йийр яра... Иза доцуш ду) Цундела суна хетарг дерриге а соьца дуьсу..... Ларамца Малика)
__________________
".. Г1енаш, сан эсала г1енаш, мичахь ду шу хаза т1емаш? Йига со б1арлаг1ийн махка, сайн ирсан аганчохь тахка...." (с) | |
|
|
|
|
|
#60 |
|
Согревшийся
Регистрация: 28.07.2007
Адрес: Маьлхан Дуьне
Сообщений: 495
Репутация: 2 ![]() ![]() |
ХьагIйолчуьнга
Гича ирсо сан иллина гонах лаьцна турс, И ла ца лой, хебий, тIегатло и хьан са-тIара. ХьогIан хьожа етталучу бIаьран ира урс Вуонан карадилла лаам кхобу ахь сутара. Тешнабехко дина хIоа ду хьан Iаьржа дог. Со аьшнаш веш, тIаьхьасетта хьан мотт — луьра лаьхьа. Хьайн неIалтийн пхьалгIахь тусуш ас мел боккху ког, Левси кховсуш, цабезаман кIега денбо ахьа. Адамаша со лараро сенбина хьан пах. Хьан питанехь моьне доьрзу сан диканан сиз а. Ма дика ду ахь ца хадош сан гIуллакхийн мах — Ма нахартийн зов дадийна лелар бара иза! Вуоне карча лууш хилар хьо, сан ирсан мур, Го-кха, дешча хьан осалчу бIаьргаш чуьра доIа. Мурйоьллачу хьайн гамоно къедош стешха нур, Яхкаелла ойла хьегIаш, ма тебна а хьо Iа… Iе хьо иштта, д1аьвшан улх, и букъ хьайн тIеттIа бош — Со дIацIанван гIалатех хьо волуш дика ду-кха: Хьуна белам боккхур боцуш ду сан х1ора дош. Ледарлонаш сан ягаръеш, гIад ца гIор хьо дукха… Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|