![]() |
|
|
|||||||
| Проза/Поэзия Искусство образного выражения мысли в слове; изображение жизни, создание художественных образов при помощи слова. |
|
|
Опции темы |
|
|
#551 |
|
Согревшийся
Регистрация: 28.12.2007
Адрес: .
Сообщений: 889
Репутация: 4 ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() |
* * *
Сан гIайгIанан дилха датIош, доккхуш дато нур чекх, Жил-Iаламан керахь хьийзаели маьлхан урчакх. Стигал ма-ю дIасадаржлш шен зIаьнарийн чIораш, Доьллу цо сан нана чохь Iаш йолчу цIийнан кораш. Ницкъан барам нис а бина, сарахь ша дIатуьйрриг, Мох а листа болабели мархийн къоьжа уьйриг… Дерриг дуьне дуьзна хетта гезгамашин теша – Со-м уьш мархийн билзигех схьадевлла хиларх теша. Сатийсамо хIинций-хIинций боху, са ца Iуьйддург, Шуьйра теси аьрзуно а стиглахь гуо – цхьа туьйдарг… …Беран хенахь нанас суна юьйцина ши пазат Зарз а елла, сан оьмаран когаш бовларх азат, Шен чилланах мел дозалла деш дерг а къар до Iа: Сан некъ бохбеш лела дела ненан довха доIа. Сан къоналлин гIушлакхехь цо дуьйцина ши кара Дарцо угIош йолчу арахь со дожийна вар а Нана восе хетта дац-кха, со шен дагах хьерчаш, Цунна го сан кхин каранаш – къинхьегаман берчаш… Iалам ахь хIун барзакъаш сан нене дуца боху? Оццул боккха гIирс а бахьаш, хьо-м тхан керта догIу! Ма-ттов шуьйра туьйсуш долчу туьйдаргашла Iенош, Со гIеметтахIотталц шорта дара ненан денош. ХIинца-м, ткъа, уьш дIадевллачийл вуно кIеззиг хета – Тегар бен, кхин хIума юцар дац-кха ненан, хIета: Дуткъделлачу синан хьесий дохкуш бIаьран меха, Кхиэлан эвнна гота-готта лол бетташ и еха… Iилман Юсупов |
|
|
|
|
|
#552 |
|
Согревшийся
Регистрация: 28.07.2007
Адрес: Маьлхан Дуьне
Сообщений: 495
Репутация: 2 ![]() ![]() |
* * *
Ма баха со хьайна вицвелла тоххарехь, Хьайн гIенийн хьаша со хилча. Сан тIома шабар ду хьан къинойн могIарехь, Мел хьуна хетахь а ирча… Цецъюьйлуш ма хьежа сан ирсан майданах Шераша даьккхинчу кесе, Хьайн гIулч яй со вовзарх хиллачу пайданах, Яккха и сан некъан иэсе. ХIан-хIа, хьо ца яьлла со лиехна хIинца а, БIаьрсица адамаш лоьIуш. Со хьуна юххехь ву сица а, цIийца а, Хезаш ахь ховха садоьIуш. Стигалан сийна кир берриг а лилхина, Мархаша тIе сизаш хьоькхуш… ХIинца а ца яьлла хьо суна йилхина, Безаман чIир суна йоькхуш… Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|
|
|
#553 | |
|
Согревшийся
Регистрация: 28.12.2007
Адрес: .
Сообщений: 889
Репутация: 4 ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() |
Цитата:
Лара,посмотри как Красиво! Он не дает ей Шанса уйти,он умен и понимает,что она заблуждается,что она любит его как и прежде... Что она же сама и будет искать пути назад ,когда осознает ,что совершила ошибку ! Думаю,он одновременно осознает,что не такая уж легкая доля любить поэта,такого переменчивого,непостоянного!) Самое приятное во всем этом, что он честен с нею,он на ее стороне,он любит ее и дорожит ею!Искренность в любви,она всегда благородна.Как идет Юсупову быть благородным!) | |
|
|
|
|
|
#554 |
|
Согревшийся
Регистрация: 28.12.2007
Адрес: .
Сообщений: 889
Репутация: 4 ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() |
--------------------------------------------------------------------------------
Заманан мазлагIа Заманан мазлагIа хаддаза екайо адамийн ойланийн вено. ХIоккхузахь сан оьмар-никх а ду шена чохь ас IаIош балоз а, моз а. Оьшшучу барамехь дургалца кхачоян дуй биъна къоналлин хено: Коьртера цо хIора гIаттийна ойла ю – хьуьнаре накхаран моза. Ял такха кечделла шатайпа зезагаш къедош ю Даймехкан аре: Адамах Доглазар, Къинхетам, Дикалла, Сатийсам, Сий, Оьздангалла… Башхачу хьожанца геннара схьакъесташ дахаран чолхечу ярех, Уьш ду сан ойланийн юнашла хийлазза йиллинарш шайн синхазалла. Амма ду кхиндерш а, цIуналахь дахкалуш, серлонна тIекъерзаш гома: Гамо, ХьагI, Питана – иштта дIа кхин а ю оцеран и цIераш дукха… Синхьехам леллашехь, Iожаллин зезагах дIахехкош ойланаш тIома, Сан кхардам бевзачу сакхташа лергинчу зезаго леван там бу-кха… Хьажахьа, Малонан парталчу зезаган хьожано тилийна ойла Хьанала къинхьегам къахьбелла, эхьдоцчу жуккаран цIе лелон яьлла. Шен гIоьнца даьккхина доцу моз цо дууш цкъан цкъа а суна ма гойла! И лалла доьналла соьгахь ца хилахь, со хьовзийла накхарх цIе яьлла!.. Зуламан Iаьржачу зезаган дургало тIеийзон сайн цхьа кхин моза Ас халла саций-кха, орца а даьккхина сайн долахь мел долчу вега… ДIаьвше и зезагаш цхьаццадерш куц-хьарам хуьлуш ду – ма хиларш гIоза! ХIинцца тIекхиъначу мозаша, Iехалуш, ма бала бахьа-кх шайн дега… Делахь а, тIаьхь-тIаьхьа царна шен хьехар дан тIера ю накхарийн эла: Евза-кха суна и – Даймахках лаьцна ас хаддаза еш йолу ойла – Малх санна, сирлачу зезагийн кортош тIе хуьйшу сан мозий цундела, Iалам а бер долуш, вовшашлахь тийсинчу уьйраша церан барт бойла! Баркалла, Даймохк, ахь кхиорна хьайн арахь зезагаш уггар сан хьоме. ГIенийн кIур бетташ, ас улхара моз оьцу хьоь болчу безаман Iайгахь… Чудуьйла, адамаш! Ас шуна даьккхина деган моз, хьовсийша чоме, Аша-ъ ца вуьтий со, синойн и улхан моз жимма а ца диъча шайгахь… Ерриг а мазлагIа шен дола яьккхинчу замано сонта кIеж туьйсу: Диканиш-вониш а ца къестош, цо накхарш къоъмаза оту-кха хийла. Ойланаш, Бакъдолчу Зезагийн хьошалгIахь хьеелларш, лензаллехь юьсу – Дуьненан иэсехь йохйо цара оьмарийн цхьайолу кийсигаш шийла… Iилман Юсупов |
|
|
|
|
|
#555 |
|
Согревшийся
Регистрация: 28.12.2007
Адрес: .
Сообщений: 889
Репутация: 4 ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() |
* * *
Сан лерсин тIорказаш тIанк-аьлла хьайн озах дуьзна, Сан бIаьрсин гурачу хIоттийна сурт куьцан хьайн, Орамаш тIе кхаччалц вайн марзо дIахьакха хьайн лаам туьйсина, Ахь цхьаллин мехачу дIанисди къастаран тай. Хьо шовкъе синхаам дIатебен коч тега йоллу? Цхьалло са хьере деш, хьайн лол ахь беттар бу бетта-м, Амма хьо дIайоьдуш хьан ларийн тоьгано Iаржйина йолу Лайн лоччарш йиттина, ши куьг мажардоьлла беттан-м… Сан деган ангалин бIогIаман лекхалла уьдур ду хьала Цу беттан гинсу а, дустуш сан ойланийн дагар… ТIорказаш досту ас, хиларх а хьан озе ладогIа хала, Лардо ас сайн бIаьрсин гурарчу хьан суьртан дахар… Iилман Юсупов |
|
|
|
|
|
#556 |
|
Согревшийся
Регистрация: 28.07.2007
Адрес: Маьлхан Дуьне
Сообщений: 495
Репутация: 2 ![]() ![]() |
Беран Iожалла
Цхьайтта бутт кхаьчначу беран са дIадели, ДIадаха, акхтарган пухI санна, тIома. Стигална лаьтто шен цхьа дакъа дIадели Лазаман йочанан къаьхьачу чомах. Къийделла хилла-те азаллехь шекъанаш Дала кху пекъаран рицкъа дIаяздеш? ДIабаха эхарта кхетамза текъамаш, Даанза дитинчу дуьнене арздеш... Чиркх санна, дIаяй-кха хьан сирла йозалла, БIаьрзечу бIагоро техкаден ага, Къиза ю хьан кохкарш хедийна Iожалла, Дац цуьнан амалехь ша динчух ягар... Сенбелла Iохкучу кегийчу когашна Дуьнен чохь цхьа мача ца хили-кх хьашт а. Хьозарчийн коьрттел бен доцучу куьйгашна Хан-зама ца тоьи-кх ненан дог хьаста.... Хьайн боьза мотт Iовший, марчо, хьо делхахьа, Дуьтуш хьайн бендоцуш лахьти чу диссар - ТIе бIаьрхин хьоькх лацарх хIуммаъ ца телха хьан, ДIахьарчош хьайн жима декъаза йийсар... Беран ден бIаьргаш чохь детталун ов гарна Къурдашлахь горйоьду сан дегайовхо. Дилха шелделлачу жимачу овгална ЙоьгIна ца хилла кхин дахаран йовхо... Суй-седа шех хилла, баьгначу кхолламан МIаьргонийн чимаш сан ойланехь хьегIа... Даш лозу цундела сан шерийн къоламан Кагйинчу даьIахкан тIум санна, цIегIа... ДоIанна пурба луш шен коьртехь бохь бегIа, Бер Iуьллу, тIаьххьара садеIар хаьлла. Дуьненчу ша долуш цо тоьхна мохь беха Ненан син баххьашца йилбаз а баьлла... Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|
|
|
#557 |
|
Новичок
Регистрация: 02.04.2007
Сообщений: 6
Репутация: 0 ![]() |
Дахаре
Хенан сиркхо — наб тIегIерташ, бIаьргийн хIоаш луьйсуш, Дахар, и хьан маьIна довза сан а дийзи-те? Сан механа еза йоцу гIеметталла къуьйсуш, Кхиэлан туька гатъеш, хIуьтту-кх шераш гийзиге… Кхача гIерта юьхь сан хершнийн гезгамашин кара, СингIаш хьега девлла баьрзнех эгначу гIанийн… Амма дегI сан боддинехь а, лагI ца йи ахь хIара Деган Iомахь буру хьийзо шовкъийн кIуркIмани… Ца юсторна нехан хьокъо сан рицкъанан ворта, ХIуьтту хир ду теш хьо деган цIеналлина сан: Ахь семанна даьтта хьаькхна сан оьмаран ворда ТIера яц-кха, цIийзаш, адамашна кула ян… Лиъна хьан нийсонан хьоста къинхетамза лакъон. Вуонаш гIерташ диканийх дан шайна муьтIахь леш, Елла-те ахь, «дахар» аьлла, хьайн цIе тилла бакъо Кху деношна, уьш хиларх а, дIадовларца леш?.. Байтийн совнахдевлла генаш синан херхо хедош, Сан ойланан бага юзуш дешнийн жираша, Хьо го суна пхьуьйшахь, четахь хазахетар къедош — Чохь а, тIехь а дашо динарг ирсан тираша… Лалур доций хууш хьайга дог сан къийдалар, Сих-сиха ахь соьга кховдош ши совгIат ду, дахар: О й л а н а ш я р — син пардонна сийлахь даьIнаш дахар, И л л и а л а р — йоьрзуш йоцчу чевнах цIий далар… |
|
|
|
|
|
#558 |
|
Согревшийся
Регистрация: 28.12.2007
Адрес: .
Сообщений: 889
Репутация: 4 ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() |
Саллар
Хьоьх нIаьна ала со ца хIутту, сан хьоме саллар, Исбаьхьа ойланаш юй хууш хьан коьртехь IаьIна. Комаран диттан гIаш ду-кха хьан баьццара кхаллар, Адамо къобалдан хьакъ ду хьан дахаран маьIна. Iаламат хала ду мах хадон муьлххачу белхан Оцуьнан чаккхенга диллина вар-валар хилча. Цаьцваьлла со хир вуй хаарна хьайн сина велха, Ахь шек а ца болуш, тIеуьйзу Iожалла ирча. Хьайна тIе хаддаза хьерчадеш дуткъа тай къоьжа, Эххар цо хорамбой, хьо цуьнан кIоргенехь ле-кха. Хьан сирла каш хуьлий дIахIутту ахь бина гоьжа - Азаллехь ахь юьхьарлаьцна хьан Iалашо лекха. И листа волалахь, бекар бу цхьа зевне чилла - Ахь цкъа а дешанза хьан кхиэлан тIаьххьара жайна... Ахь доггах хьегна къа цуьрриг а эрна ца хилла: Адаман хьашташа тIеоьцу и чIогIа тайна. ...Сан деган салларна тIехьерчаш, могIанийн теша ГIеметтахIоттош бу сан иллийн мукъаме гоьжа. Жимлучу рицкъанан ницкъах со ца вуьту теша Комаран гIаш санна, оьгучу сан коьртан чоьша... Лахьтанан гоьжанахь хууш сайн дезар дуй Iилла, Ас оццул къахьегча, ца лоьхуш хастам а, ял а, Хир бац-те мацца а сан байтех мел баьлла чилла Сох бухадуьсучу иэсана цхьа бедар ялла... Iилман Юсупов |
|
|
|
|
|
#559 |
|
Согревшийся
Регистрация: 28.12.2007
Адрес: .
Сообщений: 889
Репутация: 4 ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() |
Эзар шо дIадаьлла хьо суна езаш,
Дуьненчохъ ас лехнарг миллион шарахь. Охку ас азаллин бухбоцу иэсаш, Хьо дуьхьал мел теси есаллин марахь. Хьан эвхье сибат ган ца хуьлуш таро, Дуьненан букъ тIе со кхозлагIа ваьлла. Хьан куьйгийн ховхаллин шапаIат каро Сан бIаьрса седарчех дIаийна даьлла. ДоIанан дош латтош сайн байтан багахь, Уьншерийн бодашкахь хьоь хьоьжуш Iийн со… Доьдучу бIешарахь вай вовшийн ца гахь, Галъяла герга ду безаман нийсо. Батта тIе Iаь етташ, доьIучу сица Хиламза сан лаам ахь денбеш лаьтта… Стигланан бIаьргара долучу хица Йоссахьа со хьайга хьоьжучу Лаьтта. Iилман Юсупов |
|
|
|
|
|
#560 |
|
Согревшийся
Регистрация: 28.07.2007
Адрес: Маьлхан Дуьне
Сообщений: 495
Репутация: 2 ![]() ![]() |
***
Тийжа хIутту можа назма беттан Седа бахча лаьттан махка маре. Хьо - мох бу сан кор а тоьхна, бедда, Ткъа, со - махах хьаьгна тевнан аре. Карзахечу сайн дустарийн тидарш Мел лаарх а суна хьох ца акха, Ахь лелийна моттаргIанаш-пхьидаш Сан гIайгIанан уьшал екош Iа-кха. Сан сих йин ахь шовда лекъна меттиг, Сан бохбелла лаам хьогах буьтуш... Седарчашца беттан юкъаметтиг Хьуо а хилахь тховса цхьаьнхьа туьдуш, Са ма тийса мархийн белхар тере - Хьох ца теша цуьнан цхьа а чIикъ а: Шина декъе декъна уьйран шерет, Ахь безаман весет доха ди-кха... Ойла хьоьжу сингаттаман кеда, Лууш цунна чуьра лазам Iийша... Лаьттан махка маре бахча седа, Беттан можа назма хIутту тийжа... Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|