![]() |
|
|
|||||||
| Проза/Поэзия Искусство образного выражения мысли в слове; изображение жизни, создание художественных образов при помощи слова. |
|
|
Опции темы |
|
|
#481 |
|
Согревшийся
Регистрация: 28.07.2007
Адрес: Маьлхан Дуьне
Сообщений: 495
Репутация: 2 ![]() ![]() |
***
Дахарехь ас дечу хIаваан неканна Аьхна ду сан иллин маликийн тIемаш. Шу Iе шу, гуо бинарш къилахьчу текхана, Къуйн даарх бохуш шайн саьхьара чемаш. Ойланаш йисинарш дилханан хотталахь, Шу Iе шу, синтоман йийсархой хилий. Маьлхан цхьа зIаьнар шен могIанах хотталахь, Стигалахь гIишлош ян гIур ду сан илли-м. Аш ла аш йийбарийн хьагаме олалла, Токхечу диларийн уьшалахь керчарш. Ган доьгIна дац шуна сан деган долалла: Дайн шира бIаьвнаш я саьккалийн херцарш. Iахка шу, леш хиларш сутарчу зорханийн, Бала цакхачаран ховхачу меттахь. Сайн кийра хIу тосуш седарчийн хорханийн, Со-м заза доккхуш ву халкъан синметтехь. Доьшанца Iехий шу маьхзачу гуйнаша, Маьхьарлахь гIалх дайна рицкъанан хехой. Шун яххьаш тIадийна Даймехкан туйнаша, ХIосташ деш шун боцчу кепекан мехо. Ма чIогIа дай хила гIерта шу тахана Шаьш цергаш йихкинчу сан Нохчийчоьнан. Дух мичахь ду-м хаьа массо а нахана Хьарамчу хьолах аш буьзначу чIоьнан. ХIинца а-м хаало аьртанаш хьекъална, Сан мехкан шоралла шун гешца юстуш. ХIун аьлла хир вара шух тешнарг декъала, Аш буьтту зуламе аьшпаш а луьстуш. Дозаллех дарж дина шу-м мича дешара Ас дуьйцург схьалоцуш, сагатдан лерсин! Амма ас лоллур ю сайн халкъан бешара Шун синойн цIуналахь мел кхиъна херси… Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|
|
|
#482 |
|
******
Регистрация: 08.06.2007
Сообщений: 162
Репутация: 2 ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() |
Буьйса дика йойла хьан, Ельмира.
"Дух мичахь ду-м хаьа массо а нахана Хьарамчу хьолахь аш буьзначу чIоьнан." Ас билгалдаьккхинчу шина дешан маь1нeх кхетаехьа со, аьтто белахь. Barkalla.
__________________
Цхьаннан меттана итт вог1ур ву! |
|
|
|
|
|
#483 |
|
Согревшийся
Регистрация: 28.07.2007
Адрес: Маьлхан Дуьне
Сообщений: 495
Репутация: 2 ![]() ![]() |
Дела реза хуьлда, Энигма. "Хьарамчу хьолах" хилла кхузахь книги т1ехь. Аса к1еда хьаьрк совнаха тоьхна хилла. Суна ца хаьа 1илман х1ун ала воллуш хилла. И ахь билгалдаьхна дешний маь1нем хьаьжи со словарана т1ехь. "Дух" - источник, основа, сущность, ткъа "ч1оь" - ларь. Ларамца
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|
|
|
#484 | |
|
******
Регистрация: 08.06.2007
Сообщений: 162
Репутация: 2 ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() |
Цитата:
Цхьа безамах лаьцна байт язйийр ярий ахь кхузахь сан дехарца))
__________________
Цхьаннан меттана итт вог1ур ву! | |
|
|
|
|
|
#485 |
|
Согревшийся
Регистрация: 28.07.2007
Адрес: Маьлхан Дуьне
Сообщений: 495
Репутация: 2 ![]() ![]() |
Энигма, х1ара муха хета хьуна?
* * * Дитташа бос хийцар ах бен ца гуш, Август а язбели таьптар тIе шеран. Шиъ хенан хIоттам бу къуьйсуш цхьа гIуш - ХIоттийнарг гIевланга маьлхан цIен кхера… Сентябро юьллуш ю гуьйренна хан, Оьгу гIаш кара луш, беснаш а хуьйцуш. Хийистехь диттана го дашо гIан: Шена кIел со лаьтташ хьоь безам буьйцуш… Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|
|
|
#486 |
|
Согревшийся
Регистрация: 28.07.2007
Адрес: Маьлхан Дуьне
Сообщений: 495
Репутация: 2 ![]() ![]() |
* * *
(Тимиргаев Хьасайне) Кхелхи хьо. Барам тIехь юьртахойн коьшкала хиъна, Волу хьо тIаьххьарчу юьхь-чаккхе йоцучу новкъа… Дийначийн ойланех хьекхалуш, даI даккха кхиъна И некъ а, меллаша лахьтичу буссушехь, бов-кха…. Даьстинчу лаьттах схьаеттало Iожаллин хьожа. Стаг хьулвеш, сутара яраш ю и худа гIерташ. Тийналло гIорасиз доькуьйту доIанан дош а, Божарийн бIаьрхиша лоьлхуьйту стогаллех дерташ. Къаьрзинчу йозанца чурт хьожу адамийн бIаьра-м, Цецдолий шен когех хьаьрчинчу биъларчу борзах… БIаьрзечу буоберах тера бу бассийна барам, Дегнех каетташ бу лазаман гушбоцу морзах. Хьан когийн баррамал шоръелла дуьненан майда Верасийн пурбано, тхов беш, хьан чуртана тилли. Назманийн гIийлачу мукъамна доьгIна дац айдан Хьан озан гIорранал жимделла дахаран илли. Хьан кхиэлан ворданан кегъелла дIаевлла милкаш Ден деган дилханах кIоргга чуйиссина уьрсах, Доцачу хьан ирсан хеназа дIаяйна милташ Лан ма-ллу йоьттина хьан ненан гIайгIанан кIуьрзах… Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|
|
|
#487 | |
|
******
Регистрация: 08.06.2007
Сообщений: 162
Репутация: 2 ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() |
Цитата:
![]()
__________________
Цхьаннан меттана итт вог1ур ву! | |
|
|
|
|
|
#488 |
|
Согревшийся
Регистрация: 28.07.2007
Адрес: Маьлхан Дуьне
Сообщений: 495
Репутация: 2 ![]() ![]() |
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|
|
|
#489 |
|
Согревшийся
Регистрация: 28.07.2007
Адрес: Маьлхан Дуьне
Сообщений: 495
Репутация: 2 ![]() ![]() |
Олхазарийн тхьамдане
Iоман хин бIаьрга тIе шелоно лацале ша, Жутт гIатто деза хьан, хIоттаеш и хьайна тIаьхьа. Деза хьан бовхачу мехкашка и йига дIа, КIорнешна доладеш, хьайн лазар иэшадеш къаьхьа. Мехашна дуьхьало ца яло баннашка шун. Ялта ца карадо лайно дIахьулдинчу кхашца. Шуна кхин бацо ца хIиттадо тхин сирла шун. Шун зевне эшарш а кхелхина эгначу гIашца. Дийцахьа, ахь муха кхетор ю хьайн хьоме жутт, КIорнеш дIа йигаран кепех - хьо цхьаьна ца хилча? Дийнахь малх ца кхетахь я буса д1абуьзча бутт, Цара х1ун дан деза стигалахь шаьш некъах тилча? Ахь халла гIаьттина, тасур бу лохха цхьа гуо. Iодика ярца, ахь тухур ду тIаьххьара тIемаш. Юькъачу мархашлахь лалур дац хьоь шийла хIуо: Хьан аьрру тIома кIел лазар ду хьо эшон Iемаш. Ма-хуьллу г1ертахь а хьомечу к1орнешца тIе, Кхолламо лекхаллехь цхьа меттиг буьтур бац хьуна… Лаьтто тIеозийна, хьан цаьрца хедар ю зIе. Хьан мохь ма хазийла шен доьзалх мел хаьддачунна... Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|
|
|
#490 |
|
Согревшийся
Регистрация: 28.07.2007
Адрес: Маьлхан Дуьне
Сообщений: 495
Репутация: 2 ![]() ![]() |
«ДЕГАН ЦАСТАРШ» цикла юккъера
***
ГIерташ поэт вицвалийта, ма къа хьоьгу аша, И ца везарш, амма цо шун пусар дIа-м ца до: Хи тIе боьду некъ дIабайарх лайша, догIанаша, Адамаша, хьаг ма-делли, меттахIоттабо… *** Бакъо йоккхуш сайна кхузахь, хехо санна, латта, Сайн байташна реза хирриг нохчийн шира илли, Дедайн ирзехь хIинццалц Iахар Iилла дезна латта, Деган чкъурах хIайкал де ас, хьо юккъе а диллий?.. *** ГIайгIанна яцош, шайн ойланаш ечул а аз, Шу хилахь, адамаш, наггахь а со дагалоцуш, Йилбазан мохь боцуш дуьсур дац сан деган аз, Илли а хир дац сан тIаьхьараалар а доцуш… Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|