![]() |
|
|
|||||||
| Проза/Поэзия Искусство образного выражения мысли в слове; изображение жизни, создание художественных образов при помощи слова. |
|
|
Опции темы |
|
|
#401 | |
|
Заблокирован
Регистрация: 10.08.2006
Сообщений: 104
Репутация: 0 ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() |
Цитата:
| |
|
|
|
|
|
#402 |
|
Согревшийся
Регистрация: 28.12.2007
Адрес: .
Сообщений: 889
Репутация: 4 ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() |
***
Муьлхачу кепехь вай латтор-те синхьехам тидар Вайн дегайовхонаш шеконан аганахь тахкахь, Боккхачу хиламах тарлучохь полланан идар, Мела мох тарлучохь гIаттамах луларчу махкахь?.. Амма сих ов тухуш, пIелг лаза баьлча а мехкан, Юьхьдуьхьал хIуттучохь мостагIчун Iазапан унна, Карзахе цIийзар а гуро схьалаьцначу дехкан Маршоне сатийсар хетар ду лай воцучунна… Iилман Юсупов |
|
|
|
|
|
#403 |
|
Согревшийся
Регистрация: 28.12.2007
Адрес: .
Сообщений: 889
Репутация: 4 ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() |
--------------------------------------------------------------------------------
* * * Ламанан шовданца гIорийна шен куьйгаш дуьлий, Шийла Iа схьакхочу, кIайн хIумнаш тегархо хуьлий. Шах-эсарх ша дина тай-махий цо меттаххьадин, Амма ду дуткъа а, зоьрза а лайн сирла кIади. ХIора лол мел туьйхи, боьху цо йовхонан хьаса, ТIаккха бен ца тоьгу дахкаран юргIа цо маса. КIайн хIумнаштегархо дIайолаелча къахьега, Со теша: атта дац хIаваэхь лайн чимаш тега. Iаьно ша тIедарах сайга ма-баьккхинехь луца, Со гIерта цунна сайн могIанех довха тай дуца. КIайн хIумнаш тоьгуш ду Iа-м хIуъа дийцарх а наха, Сан дешан Iаьнарлахь бохбо цо шен хIора маха. Дош дуьллий син меха, со а-м Iа сайн байташ тоьгуш, Лайн зоьрза киса ду сан иллин ездарех хьоьгуш. Iаьно лол мел бетта, яржош шен лайн дато ченаш, Хадалур йоцуш ю заманан шад хилла зIенаш. Сан байтийн урчакхо могIанаш луьстуш ду суна, Ас ондда дуьхьало ян лууш сайн шерийн хьуна. Тегархо Iа хилча - Iаламехь кIайн бедарш яьржа. Сан иллин-м дезар ду мацца а цкъа духа Iаьржа. Сан деган лаьтта тIе Iожалло ло диллахь доккха, Дахарехь ас дина тоьгуна ма эрна дов-кха… Iилман Юсупов |
|
|
|
|
|
#404 |
|
Согревшийся
Регистрация: 28.12.2007
Адрес: .
Сообщений: 889
Репутация: 4 ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() |
***
Ма марсадуьйлу хьо тIаьхь-тIаьхьа, сан денойн догIа, Сиркхонийн къорано сан дегIах хьан вота йина. Лазаман хих бузуш хIора сан хебаран могIа, Сан юьхь тIе йокъа ца хIоттийта ахь нигат дина. Со-м реза ву хьуна, дацахь а дог дакъо атта Хьан шийла тIадамаш тIеоьгуш, дашийна долу, Ахь дага тийсарна сан юьрта йистера латта Хьо саца ма-сецци, со шена чувуьжу волу... Iилман Юсупов |
|
|
|
|
|
#405 |
|
Согревшийся
Регистрация: 28.12.2007
Адрес: .
Сообщений: 889
Репутация: 4 ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() |
Седане
Бус-буса сан ойла тIеийзо марзбелла седа, Байбеш сан синлазам, ахь говза йо суна гIоли. Суьйранна малх бузуш болало хьо суна къеда, Iуьйранна малх кхеташ дIабов хьо, баьгна а болий. Генара лепа хьан дуьне ду – цIеран дарц тIома, Ткъа, нур хьан мел сирла лепахь а, ду чIогIа къена. Шийлачу шелонца хьо хIунда хьоьжу соь гома - Экамчу буьртиге Лаьттарчу йовхачу ченан? Моттало сих-сиха, дийна а буй-те хьо, олий, Седарчий делча а, серло ца ле олу церан: Эзарнаш бIешерийн боданех майрра чекхйолий, Хета и схьайогIуш есаллин чкъура юккъера. Хьо белла Iиллахь а, хьан долахь стигал ю сийна. МIаьргонан IиндагIа ду со хьан кхолламна хьалха. Седарчийн тобанехь хьо цхьаъ бу со санна, тийна, Адамийн пхьоьханехь со а ву хьо санна, цхьалха. Iилман Юсупов |
|
|
|
|
|
#406 |
|
Согревшийся
Регистрация: 28.12.2007
Адрес: .
Сообщений: 889
Репутация: 4 ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() |
МаьркIаженан IиндагIашна пхьор дан лиъна мерза,
Мархийн маша боза хIоьтти беттан дато гезг… Ма галдала кийча хилла синхIоттаман терза, Деган дургал лиэша яьлла, сагатделча кIеззиг. Ма галдала кийча хилла синхIоттаман терза, Беран мIаьррал дагахьбаллам оза дезча шен. Туьгуш дац-кха дегочуьра иза юхадерза: Уьдуш лела синан цхьамза лууш бац-кха тиэн… Туьгуш дац-кха дегочуьра терза юхадерза, Шовкъо дабагIдина деган хIуо дIатийннашехь… Мархийн маша нилха болччухула схьа а къерзаш, Седарчий ду серло оза гIерташ цунна тIехь. Мархийн маша нилха болччухула схьа а къерзаш, ТIеттIа язло Чухчахьеран сирла герканаш… Буьйса-пондар хьедан йолу шен IиндагIаш-мерзаш, Улле охьахийшош иллеш – уггар гергарнаш… Буьйса-пондар хьедан йолу шен IиндагIаш-мерзаш, Цаьпцалгаша Iома йисттехь аьзнийн чиркх латош… Ойла-баргол хадош, хезна геннахь говраш терсаш, Кийра батIош, араоьккху уггар йоргIа дош. Ойла-баргол хадош, хезна геннахь говраш терсаш, Нохчийн аре екош, боьду и сан оьзда дин. Ненан меттан аьлха хьоькхуш, ирдеш бIаьрса, лерса, ХIинццалц къуьйлуш хилла архаш ас а дIамалйи… Ненан меттан аьлха хьоькхуш, ирдеш бIаьрса, лерса, Толлу ас сайн мукъам денбен башха сатийсам. Наггахь синна сиркхо тосаяларх кега-мерса, Кхиэлан кхерчахь хан ягорах, цIийн кIеж ца тий сан… Наггахь синна сиркхо тосаяларх кега-мерса, Дерташ доцу заза лепош ду сан ирсан га. Гуттар хир ма бац сингаттам йочане тIесерсаш, Цуьнан цхьа а зирх-тIадам ма болда Iуьйренга!.. Гуттар хир ма бац сингаттам йочане тIесерсаш, Деган дургал лиэша яьлла, са тIундаларх кIеззиг. Меттадан а герга ма ду синхIоттаман терза, Мархийн маша боьзна яьлча беттан дато гезг… Iилман Юсупов |
|
|
|
|
|
#407 |
|
Согревшийся
Регистрация: 28.12.2007
Адрес: .
Сообщений: 889
Репутация: 4 ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() |
Буьйса текхош, къайладели беттан можа бурам.
Веччалг санна, лаьттан чкъурах йоьлла гIура-йис. ГIулч ма-яьккхи, бека берриг къерсигбаьлла урам. Дахкарлахь цхьа ирке серлайолу анайист… Махехь яздо туьнкалгаша кIаррийн сетта йоза. Довха иза доьшуш, мархийн бIаьрхиш дакъало. Ша хьаькхначу тIулга тIера гIоттуш цIирцIир-хьоза, Сан даге цхьа кIеда-мерза илли даккхало… Шан пардонан ахкарг дина генаш гIоьвно гIорош, Некъа йистехь, могIа бина, цIийза акхтаргаш. Дато долуш санна хета кIац йиллина гIораш. Шалмаз хьаькхча санна, вовшахлиетта эгна гIаш… ХIара бу-кх и хенан хIоттам, шахматийн у санна, Шеца ши бос болуш болу, ши бос — Iаьржа, кIайн: КIайн ду лаьмнийн баххьаш, лахахь — кIурбиллина хьаннаш. КIайн ду куьзга хинан, амма Iаьржа — чуьйнан тIай… Хета шалгоюьйлуш суна кху сайн иллин шовкъ а — Бода хьоьстуш лела, тIаккха серло хастайо: Iаьржа гIайгIа даг тIе тесна, гуьйре йоккхуш новкъа, Iа тIедаре хьоьжуш лаьтта ойла къежйи цо… Iилман Юсупов |
|
|
|
|
|
#408 |
|
Согревшийся
Регистрация: 28.12.2007
Адрес: .
Сообщений: 889
Репутация: 4 ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() |
МостагИчо дайн латта дИалаьцна, со уьйрех хадар
Тергал дИа ца далла дог-Иаьржа хиллера дуьне. Хийрачу нахалахь йохьана ян гИерташ мадар, Ас хийла синхаам бейти-кха шеконийн уьне. Хено шен цхьа га а, пайденза ду аьлла, кхадар Ла ца луш Иийначу сайн дагалецамийн хьуьне Доьху ас жимма шен орамаш кхетамехь кИаддар, Лайначун къахьалла ца йилла хийрачу шуьне. Геналлехь гИенах гуш дайн лекха сатийсам — маршо, Суьпачу сица ас Иалашдо цИийн озан уммат… Сатийсам дИабоьхуш хьомечу стигалан Иаршо, Сих-сиха ойланийн садаа хИуьтту цхьа хИума: Со пана махкара цИавоьрзуш, гитоьхна са-лам, Даймахко дИаоьцур дуй-техьа ас делла салам?.. Иилман Юсупов Все ети стихи ,что я обновила , можно отнести как бы к одному циклу в творчестве Юсупова - " Философия Жизни",или "Размышления о жизни".... Очень трогательные и сильные стихи...Любовь к родине ,к родной земле перекликается с любовью к природе, с сомнениями ,с тревогой,с ожиданием,с надеждой... Многое можно увидеть и понять в этих стихах...Но одно проявляется очень четко,1льман человек чистой ,нежной и хрупкой души и одновременно сильной воли... Нелегко совмешать поэтическую натуру s силой и волей ,ot prirody гордого ,упрямого,скупого на проявление чувств , чеченца, необходима большая гибкость , в попытке совместить такие очень далекие друг от друга понятия...И ему удалось ,оставаясь настоящиm человеком, гражданином, патриотом , чеченцем , сохранить и подарить нам всю нежность ,силу и красоту своей Души!!! Дала аьтто бойла хьан 1илман!!! |
|
|
|
|
|
#409 |
|
Согревшийся
Регистрация: 28.12.2007
Адрес: .
Сообщений: 889
Репутация: 4 ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() |
Сахиллалц хьекхначу гуьйренан механ йишхаьлла.
Г1иг1 а деш, 1а х1инца, г1алх дайна пхьу санна, и. Дахкаран чопанна юккъера халла схьадаьлла Кхоьлина сатасар к1айдала ца туьгу кхин. Стигалан белша т1е кхоьллина шен оба еха, Зоьрталчу мархано шелйина х1аваан 1аь. Набкхетта 1уьллучу уьшалан тийналлин 1еха Семачу дитташна аздоцу къадоьхуш 1а. Ирачу дог1машца лаьтта т1ехь даь1наш а дохуш, Некъаш а лаьхьарчех цхьаццанхьа д1атекхаш го. Ткъа, царах цхьаъ мукъа ца хилча со йолчу бог1уш Х1ун г1уллакх дадийна я мича воьдуш ву хьо? 1илман Юсупов |
|
|
|
|
|
#410 |
|
Согревшийся
Регистрация: 28.12.2007
Адрес: .
Сообщений: 889
Репутация: 4 ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() |
--------------------------------------------------------------------------------
*** Самсабохуш тишбеллачу сан лааман бен, Хьо хIун деха йоллу соьга олхазарал къечу? Со да волуш хIума дац-кха деган тIемаш бен - Эрна гIерта хьан сибат сан хьиэ чу... Охьаэгна сан ойланийн диттийн тIома гIаш, ХIинца ву-кха со цундела Iаьнан хьуьнал беркъа. Кхин дIа хьекъа лууш дац сан шерийн гIура кхаш - Сатийсамо церан хьукма дер-кха... Оццул йоккха хилла йолчу цIеран цхьа а суй Кара-м ца бо кийрахь, «хIуп» а аьлла, меттаххьабан... Хоьхкуш ю-кха, говрах тарбеш, шен хийцамийн нуй ХIара зама - къена жоьра-баба... Лаца цхьа а тIам а боцуш, сайн сагатдалар Хьан дог деттадалар санна, соьга лалахьара Ялсаманех тера дар-кха хIара миска Iар - Ша ма дойла суна Дала хьарам! Хьан хьадалчаш дуй а хууш беттан IиндагIаш, Царна там ца балуш, йоьлху сан лааман къелла: Цхьаллин некъийн шаш тIехь муха лелар ву со гIаш Деган тIемаш хьуна дIа а делла?.. |
|
|
|