Chechen Forum Selard  

Вернуться   Chechen Forum Selard > Наши Увлечения > Творчество и Искусство > Проза/Поэзия

Проза/Поэзия Искусство образного выражения мысли в слове; изображение жизни, создание художественных образов при помощи слова.

Ответ
 
Опции темы
Старый 14.08.2007, 13:15   #31 (ссылка)
 
Аватар для Amazonka2
***
Къорзачу уьйригна Чухчахьер олучу
Собаре тебна Iа кIайн цициг беттан.
Хета и сайх тера аз лаца воллучу -
Мазалахь кхиънарг хьан ховхачу бетан.

Мархийн тха зарздина седарчийн дехкаша,
Даточу цергашца Iуьргаш а дохуш...
Изза ду-кх сан дагна дийриг хьан бехкаша
Хьан кераюккъехь и дIатийча, дохлуш.

Мекара бутт гича ладоьгIуш суо санна,
Ца лууш седарчий довдийта дIаса,
Тарло сайн тебар хьан сирлачу озана
Суо хьагарх рогIера хьан яппарш хаза...


Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
Amazonka2 вне форума   Ответить с цитированием
Старый 14.08.2007, 22:21   #32 (ссылка)
 
Аватар для Amazonka2
* * *

МаьркIаженан IиндагIашна пхьор дан лиъна мерза,
Мархийн маша боза хIоьтти беттан дато гезг…
Ма галдала кийча хилла синхIоттаман терза,
Деган дургал лиэша яьлла, сагатделча кIеззиг.

Ма галдала кийча хилла синхIоттаман терза,
Беран мIаьррал дагахьбаллам оза дезча шен.
Туьгуш дац-кха дегочуьра иза-м юхадерза:
Уьдуш лела синан цхьамза лууш бац-кха тиэн…

Туьгуш дац-кха дегочуьра терза юхадерза,
Шовкъо дабагIдина деган хIуо дIатийннашехь…
Мархийн маша нилха болччухула схьа а къерзаш,
Седарчий ду серло оза гIерташ цунна тIехь.

Мархийн маша нилха болччухула схьа а къерзаш,
ТIеттIа язло Чухчахьеран сирла герканаш…
Буьйса-пондар хьедан йолу шен IиндагIаш-мерзаш,
Улле охьахийшош иллеш – уггар гергарнаш…

Буьйса-пондар хьедан йолу шен IиндагIаш-мерзаш,
Цаьпцалгаша Iома йисттехь аьзнийн чиркх латош…
Ойла-баргол хадош, хезна геннахь говраш терсаш,
Кийра батIош, араоьккху уггар йоргIа дош.

Ойла-баргол хадош, хезна геннахь говраш терсаш,
Нохчийн аре екош, боьду и сан оьзда дин.
Ненан меттан аьлха хьоькхуш, ирдеш бIаьрса, лерса,
ХIинццалц къуьйлуш хилла архаш ас а дIамалйи…

Ненан меттан аьлха хьоькхуш, ирдеш бIаьрса, лерса,
Толлу ас сайн мукъам денбен башха сатийсам.
Наггахь синна сиркхо тосаяларх кега-мерса,
Кхиэлан кхерчахь хан ягорах, цIийн кIеж ца тий сан…

Наггахь синна сиркхо тосаяларх кега-мерса,
Дерташ доцу заза лепош ду сан ирсан га.
Гуттар хир ма бац сингаттам йочане тIесерсаш,
Цуьнан цхьа а зирх-тIадам ма болда Iуьйренга!..

Гуттар хир ма бац сингаттам йочане тIесерсаш,
Деган дургал лиэша яьлла, са тIундаларх кIеззиг.
Меттадан а герга ма ду синхIоттаман терза,
Мархийн маша боьзна яьлча беттан дато гезг…


Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
Amazonka2 вне форума   Ответить с цитированием
Старый 15.08.2007, 03:17   #33 (ссылка)
 
Аватар для Amazonka2
НОХЧИЙЧОЬ

(сонетийн кочар)

Сулаев Мохьмад дагалоцуш

1.
Нохчийчоь – сан къоман сийлаллин бен,
Оьшу хьан гергарло сан кхиэлан цIенна.
Чкъураца хьоькх йоцу хьан сибат бен
Хир дац сан оьмаран марчонал цIена.

Хьан анайистан бос ма ховха бу,
Со цуьнах сайн деган ботт ялла, хьаьгна.
Маьлхан сир дилли цо сан бIаьргаш чу
Iуьйренца, суьйренца шен коьртехь даьгна.

ЦIа доцчун ваша ву хьан маьрша мох,
Керт къахьъян тIера ду хьан доцу доза…
Хьан беттан бIаьрга кIел текхадеш нох,
Дешна ас сурт кхуллу хьан мархийн йоза…

Башломан дохк ду - хьан гаьнгали цIина
Мокхазан торха тIехь гIиллакхо бина…

2.
Мокхазан торха тIехь гIиллакхо бина
Зил бу сан юьхькIоман са хьоьстуш берг.
Суна и доьналлин бесни тIехь гина –
И бу-кха сан иллин боцуш ца терг.

И зил бу Урартун йозанаш тIера,
ХIинца а лаьтташ хьан къайленийн хехь.
Доькъу цо вар-валар гойту ши терахь
Хьан лаьттахь дийгIинчу тхан чарташ тIехь.

Чекхволуш дахаран тIаьххьарчу зилах,
Ас маракъовлур бу сайн къоман зил:
Воккхавеш сайн каш а хьан кертахь хиларх,
И коьрта хъетарна массо а сийл.

Сан деден бIов ю хьо ас пусар ден,
Сан дагна ха деш бу хьан горга пен.

3.
Сан дагна хадеш бу хьан горга пен,
Кечамбеш сан дог шен Iаьнарлахь дашон.
Суна хьан Iуналло ца тохахь пе,
Хьоьх лаьцна иллеш а хир ду сан дашо…

Элпа тIе элп тухуш, дашна тIе – дош,
Шо-шаре гулби ас цхьа зевне бахам.
Iазраил малико сан са дIахьош,
Шатайпа хир ду сан верасийн сагIа-м.

Луур ду и сагIа ахь къобалдан,
Даггара дарца хьайн мукъамийн доIа.
И совгIат лорур ду къомана дан
Хьан иэсан паналле ваханчу воIа.

Сан кийра Iена хьан гуьйренан гIина,
Хьан цIарах дарба деш нохчочун сина.

4.
Хьан цIарах дарба деш нохчочун сина,
Iаламо йоьхку сан маршонан юкъ.
Сайн лазар карчадеш бух боцчу Iина,
Хьан гIоьнца кагбо ас Iожаллин букъ.

ТIаьхь-тIаьхьа эхь дайна сан шерийн базар
Соь хетта яьллехь а оьмаран мах,
Сан деган хесара сиркхонийн асар
ДIадаккха гулбо ахь тешаме нах.

Мацца а дууш сан каш-лаьттан хьовла,
Ахь бетах хьоькхур ду хьайн иэсан пхьош,
Иллешна аьхна еш лензаллин гIовла,
Ахь самсадоккхур ду сан хIора дош.

Хьаштхилла сайна хьан ялйоцу гIо,
Хьан дуьхьа ваьлла кху дуьнен тIе со.

5.
Хьан дуьхьа ваьлла кху дуьнен тIе со,
Кхочушдеш азаллехь мел гина гIенаш.
Хьоьца ас даьккхина муьлхха а шо
Даздан хьакъ ю хьуна уьншеран хенаш.

Ширачу хьадисийн керт йоцу урд
Дай лоьруш, даьккхи ас сайн иэсан дола.
Цундела бийр бу ас тIаьххьара къурд,
ТIеэца деза каш ца хеташ дола.

Векалдеш сайн уьйрех дисина доь
Абадехь биллина мотт лара лахьта,
Ас хьуна чIагIо йо, сан Нохчийчоь,
Осалла Iеттийна, дуьне ца къахьдан…

Баркалла хIуьтту сан пхенашкахь аьлча,
Воккхавеш цхьамма хьоьх довха дош аьлча…

6.
Воккхавеш цхьамма хьоьх довха дош аьлча,
Коьшкала боккху ас сайн ненан мотт.
Нахана жимма а пайда сох баьлча,
Туху ахь сихха сан гIуллакхийн чот.

Ахь до-кха ас дечу диканийн жамIаш,
Сих ца луш кхайкхо ас баьккхина мэл…
Иллеш сан къобалдеш сох тешна къам Iаш,
Хаац хьан лаьттахь со лелар ву мел.

Шен барам къайленах тешийна рицкъ а,
Хаац хьан текхахь ас мел дуур ду-м…
Цкъа хIинца-м аьтто бац цхьана а ницкъан
Якъо сан кхолламан даьIахкийн тIум.

Цундела ас хьоьга цхьа хаттар ло:
Дийцахьа, хьан бIаьрга со муха го?

7.
Дийцахьа, хьан бIаьрга со муха го:
Месалчу орццал я пиллигал жима?
Хьан лаьмнийн бIаьрсинах дозалла до
И муьйлуш, малхо а, батто а – шимма.

Со-м хаа лууш ву сатуьйсуш дуй
Сан деган татане хьан варшан лерса.
Со-м баа кийчча ву ахь бохху дуй
Хьо бен сайн дац аьлла дош оза терза.

Дуьххьара гуш яц хьан стигалан Iарш
Ас дуьлуш бIаьрхишца хьан лаьттан даьIнаш…
Дийцахьа, муха ду дIакхаьчна Iаш
КIенташа сий даран турпала кхаьънаш?

Суна а-м тарло сайх дуьненан баьчча,
Маршонан мурд хила дуй биъна ваьлча….

8.
Маршонан мурд хила дуй биъна ваьлча,
Лоллу ас йийсарехь хьарчийна къа.
Куьг лазош, къуьйлу ас къоламан баьлча,
Ойлане охуш сайн кехатан кха.

Цул тIаьхьа боккхуш сан шеконо мекха,
МогIанийн зIийдигаш чолакх а еш,
Дарбане хьан малх сан оханах бекха –
Ялта сан мацца а дебаран теш.

Гойту ахь хьайн лаам хилар а ботта
Могашчу гIоранах сан байтан кан:
Ахь лома дIавоьху со хьажахIотта
Ас мел ен ойланаш юххера ган…

Сан некъан таж ду хьан лечанан тIам,
Сан къена верас бу хьан акха лам.

9.
Сан къена верас бу хьан акха лам.
И-м лаьтта, охкийна чухчарийн кхесаш.
Дохийна, хьан кхерчах даьккхича къам,
Дас санна, кхаьбна цо хIолламийн иэсаш.

Гихь лелош обарган мажъяьлла хьун,
Кавказехь Iалашъеш сан къоман хьожа,
БIаьвнех ца кхетийта мостагIийн ун,
Хьун кхиош тIорказахь шен хIора чIожан.

И лам бу ахь доьгIна шатайпа чурт
Вайн массо кошана ГIум-Азехь долчу.
Хьо ганза беллачийн хIораннан сурт
ТIулгашна гIенах гуш, хьо-м хIуьтту холчу.

Хьоьх лезна ойланаш хир яц сан хьаре,
Сан кхиэлан цIенкъа ю хьан шера аре.

10.
Сан кхиэлан цIенкъа ю хьан шера аре,
Шена тIехь хенаша боршамаш беш.
Шар-шарахь йоьду и бIаьстене маре
ТIаьххьара лайн чимаш хIаваэхь леш.

Шен кийра хьаьвзича татолийн болам,
Со воккхуш ойланийн косказаш тIе,
Куьйгана байбо сан лехамийн къолам,
Иллига тохийта сан дагна це.

Кхиайо суна шен зезагийн тоба
Бацалахь бес-бесар доIанаш дан,
Механ хьу кхетта сан сатийсам туобан
Сан бIаьрса хьерчадеш зазашла хьан.

Ша мерза бацахь а, беш суна там,
Сан меттан буьххьехь бу хьан лаьттан чам.

11.
Сан меттан буьххьехь бу хьан лаьттан чам.
Мацца а беза и лахьтичу бахьа.
БIаьрхиша хIоттор бу сан кийра Iам,
Кхачадахь суна хьан марзонан лахьа.

Сан токхе напха ду – хьо денна гар,
Кхаъ бу и баккха сан хьо езачаьрга.
Хьан новкъахь дIаяйча сан коган лар,
Шан пардо лоцур ду хьан маьлхан бIаьрга.

Лур бац-кха сан цхьа а синхаам аз
Со бууш мел ву хьан буьйсанийн кIора.
Хьан лере дIакхачахь сан довха аз,
Хир яц сан байташ а лергашна къора…

Даго деш хьан васте лераме даре,
Ас сица дору хьан стигалан даре…

12.
Ас сица дору хьан стигалан даре,
Ойланца бетташ хьан мархашна лол.
Хьан шовда хьоьжу со суьйренца варе,
Цинцашца лийчаеш бIаьстенан кол.

Белшаш тIе кхоьллина дахкаран оба,
Ларйи ас хийла цу шовданан йист.
Ас цигахь аьлла сайн ирсана оба,
Дуьххьара хуьлуш сайн езаче вист…

Луларчу варшара диттийн цхьа доьзал
ХIинца а синтаршка со вуьйцуш Iа…
Хьан Iалам мел деха, вовр вац со доьза,
Кхин юха ца ван со водахь а дIа…

Лоруш шех валарна со кхерар хийла,
Суна а лаьа хьан са ийлуш хила…

13.
Суна а лаьа хьан са ийлуш хила,
Кховдадан цуьнга сайн байракхан дарж.
Хьанала яц ала хIуттур ву мила
Хьан маршо лоьхуш, ас мел йина харж?

Ца гIерта баккха со хьан цIарах пайда,
Хьан киса кегадеш, ца лоьху сом.
Цхьабакъду, лууш верг ас динарг дайдан
НеIалтах дIавехка кийча ву со-м.

Ца тоьъча осалчийн нахартийн гIора
Механа билгалдан хьан бIаьрла хьал,
Дуьненна хьо хестош, ас иллеш дора,
Лехьаеш дашочу хьан дешнийн сал,

Мархаша кхоладеш хьан бIаьргийн лила,
Ас чехка хаьхкича заманан гила…

14.
Ас чехка хаьхкича заманан гила,
Иймано боккху сан оьмарна барт.
ГIолда со гIийлачу буоберан къила,
Малбахь сайн иллица ас бина барт.

Хьан кIайнчу тIулгаш тIехь ламаз дан лууш,
Къилбехьа йирзина сан къоман яхь…
Лакъийла сан илли, дош дашо дууш,
Харцо а хастийна вас хьуна яхь.

Тахана хьан маршо декъалъеш лаьтта,
Тешаман гIоьнча хьан – гIазотан дин.
Хуьлда сох Iесаллин чиркхара даьтта,
ЦIунан лай лелла дош ас яздахь кхин.

Лойла со, лелахь хьо ца хеташ бен,
Нохчийчоь – сан къоман сийлаллин бен…


15.
Нохчийчоь – сан къоман сийлаллин бен,
Мокхазан торха тIехь гIиллакхо бина.
Сан дагна хадеш бу хьан горга пен,
Хьан цIарах дарба деш нохчочун сина.

Хьан дуьхьа ваьлла кху дуьнен тIе со,
Воккхавеш цхьамма хьоьх довха дош аьлча,
Дийцахьа, хьан бIаьрга со муха го
Маршонан мурд хила дуй биъна ваьлча?

Сан къена верас бу хьан акха лам,
Сан кхиэлан цIенкъа ю хьан шера аре,
Сан меттан буьххьехь бу хьан лаьттан чам,
Ас сица дору хьан стигалан даре.

Суна а лаьа хьан са ийлуш хила,
Ас чехка хаьхкича заманан гила,


Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…

Последний раз редактировалось Amazonka2; 15.08.2007 в 03:24.
Amazonka2 вне форума   Ответить с цитированием
Старый 21.08.2007, 15:04   #34 (ссылка)
 
Аватар для Amazonka2
***
Безаман Iодара секх нийсса синметте кхетта,
Ас юкъах даьккхира латтар бендацарна хехь.
Сатийсам пана дIа гIаш бигар меле а хетта,
Ас дуьне теллира, юй хьожуш хьо цунна тIехь.
Кхералуш IаьнтIехь хьо мох-дорце яхарна маре,
Гуьйренца гIадожар тарлуш ахь доьIучу сих,
БIаьстенца хьан коч ю мотталуш зезагийн аре,
Аьхке тIе мел кхечи, дан лууш сайн болар сих,
Кхиэлана тIедуьллуш хьукма дар - сайна дан доггIург,
Де-буьйса дIакхуьйсуш,Iаж санна, цкъа тоьхча це,
Цхьа эзар некъ бира ас, лохуш хьуна тIе богIург,
Цхьа эзар цIе йоккхуш Iамале яккха хьан цIе...


Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
Amazonka2 вне форума   Ответить с цитированием
Старый 21.08.2007, 15:13   #35 (ссылка)
 
Аватар для Amazonka2
***
Вайна юккъехь лазам Iуьллу, саьрмик санна, луьра.
Вайна юккъехь доза хилла, лаьтта шерийн пен.
ГIайгIа яц дIаяла туьгуш вайн бIаьргашна чуьра,
Хьалха санна, хIинца цо ца бетта вайна пе.

Вайна юккъехь херо уьду. Ю и стимал къаьхьа.
Вайна юккъехь - гIорийначу шовкъех хилла шаш.
Акхадевлла жIаьлеш санна, угIу вайна тIаьхьа
Дегайовхо эккхаш, кхоллаелла геригаш.

Вайна юккъе херо юьйли, цергков санна, ирча.
Вайна юккъе букар дижи синхааман каш.
Юккъаметтиг вайн талхийнарг нагахь шайтIа хилча,
Мичахь ду хьо суна хазъеш лелла маликаш?


Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
Amazonka2 вне форума   Ответить с цитированием
Старый 22.08.2007, 01:30   #36 (ссылка)
 
Аватар для Amazonka2
Жерочуьнга

Хьоь ала дош ду сан, вацахь а лайначех со
Эмкало чуьрк санна, хьан васто дог-ойла хьашар.
Цхьаннах а цаяшарх дозалла деш лелла хьо
Тахана-м бехкедан кийчча ю хьайн кура хьажар.

КIажарца боьхку ахь буьйсанан IиндагIийн цIов,
Якхделла дог угIош гIалартийн баккъашна тIаьхьа.
Сов яьлча ла ца лой Iахарчу хьайн дегIан тов,
БIаьрсица къуьйлу ахь шийлачу ураман лаьхьа.

Эвхьазчу гIенашна ахь лелон несалла гуш,
Букара тийналла - тешаме хьан гIудгIаз тийжа...
Хьан кхиэлан стигална ца девзи безаман гIуш,
Куьзгана ма-хьаьжжи, хьан бIаьргаш цундела Iийжа...

ХIуъа дарх ца иккхи божаршна ахь боьгIна гур,
Лаьцначун озаца бекабеш хьан цхьаллин боьра...
Хьан коран экъанахь ца ловзу седарчийн нур -
Дог ду хьан эмгаре, цундела дегI а ду жоьра...

Пхьоьханийн майданахь хабарийн кIур хилла, яй
Хьо ядон кхерамаш тийсинчу «къонахийн» цIераш.
ЦIе жима хиларна ца кхихки хьан ирсан яй,
Цундела цхьаммо а ца дохдо хьан чIиркъе шераш...

Тишачу ойланех хьиэ цIанбен горгамаш йина,
Кхетаман оти чохь дегаза хьайн шарам беш,
Яппарийн нуй бетташ хьайн лоха дисинчу сина,
Ахь хенан кхе туьллу хьайн куьцан тIаьххьара чIеш...


Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…

Последний раз редактировалось Amazonka2; 22.08.2007 в 01:33.
Amazonka2 вне форума   Ответить с цитированием
Старый 22.08.2007, 01:40   #37 (ссылка)
 
Аватар для Amazonka2
***
Хии суна, бес-бесарчу ойланашка вуьйлуш,
Дуй хьан амат сан дахаран цхьа шатайпа кица.
Цуьнан ховха маьIна дац-кха сан кхетамна къуьйлуш,
Ас и айса тегна дела догуш долчу сица.

Некхан бердаш хьоьстуш, доьдуш ду хьан месийн татол,
Нека хууш доцу бIаьрса хьерчош шена буха...
Хьайн беснешца алу хилча дуьне довха латтол,
ХIунда дуцу ахь сан лаам бехка эхьан чуха?

Синхааман гIушлакхе хьан дегIан малхах хьоьгу -
Цхьа а марха тIехь а йоцуш, кхетар бу и маца?
Цхьаллин баьрччехь кхозучуьра сан син текха оьгу
Ахь седарчий лийса кхехьна сатийсаман цаца.

Синпхенашца ас тIедоьху сайн синметте хьарча
Ховхачарех лаьхьарчий - хьан дегIан горга сизаш...
Хьо гуш юй ас хьайна йина мукIарлонийн ларча
Иркено тIе суй а тесна, сан балдаш тIехь сийсаш?..

ГIенашкахь бен дист ца хилла хьоь сан эвхье дехарш.
Уьш а шовкъан уьрсо дагах даьхна цастарш ду сан...
Сан безаман малик ду хьан юьхь-сибат тIехь дехаш,
Дола яккха ца хIуттуш хьан бIаьргийн сийна хIусам...


Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
Amazonka2 вне форума   Ответить с цитированием
Старый 22.08.2007, 22:57   #38 (ссылка)
 
Аватар для Amazonka2
Саллар

Хьоьх нIаьна ала со ца хIутту, сан хьоме саллар,
Исбаьхьа ойланаш юй хууш хьан коьртехь IаьIна.
Комаран диттан гIаш ду-кха хьан баьццара кхаллар,
Адамо къобалдан хьакъ ду хьан дахаран маьIна.

Iаламат хала ду мах хадон муьлххачу белхан
Оцуьнан чаккхенга диллина вар-валар хилча.
Цаьцваьлла со хир вуй хаарна хьайн сина велха,
Ахь шек а ца болуш, тIеуьйзу Iожалла ирча.

Хьайна тIе хаддаза хьерчадеш дуткъа тай къоьжа,
Эххар цо хорамбой, хьо цуьнан кIоргенехь ле-кха.
Хьан сирла каш хуьлий дIахIутту ахь бина гоьжа -
Азаллехь ахь юьхьарлаьцна хьан Iалашо лекха.

И листа волалахь, бекар бу цхьа зевне чилла -
Ахь цкъа а дешанза хьан кхиэлан тIаьххьара жайна...
Ахь доггах хьегна къа цуьрриг а эрна ца хилла:
Адаман хьашташа тIеоьцу и чIогIа тайна.

...Сан деган салларна тIехьерчаш, могIанийн теша
ГIеметтахIоттош бу сан иллийн мукъаме гоьжа.
Жимлучу рицкъанан ницкъах со ца вуьту теша
Комаран гIаш санна, оьгучу сан коьртан чоьша...

Лахьтанан гоьжанахь хууш сайн дезар дуй Iилла,
Ас оццул къахьегча, ца лоьхуш хастам а, ял а,
Хир бац-те мацца а сан байтех мел баьлла чилла
Сох бухадуьсучу иэсана цхьа бедар ялла...


Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
Amazonka2 вне форума   Ответить с цитированием
Старый 23.08.2007, 01:04   #39 (ссылка)
 
Аватар для Amazonka2
***
Хьан амат охьуш ю сан деган кахьар,
СадаIа, бохуш, ахь ма е и чеха:
Хьагаме хьан дегI ду - сан бIаьргийн шахьар,
Берриг а сатийсам сан цигахь беха.

Сан дагалецамна хьо гIенах гича,
Сан кхетам шел ца бо гIайгIанан шано.
Ас хIун де сайн ойла йийсаре йича
Хьан куьцан къайленийн ховхачу бIано?

Хилахьа эсала хьайн месийн дуьхьа,
Дог ирча ца хиллал хьуо хилча хаза.
Дац-кха сан идар хьан озана дуьхьал
Сатийсар кIоршаме хьан Iиттарш хаза.

Дуьнен чохь хьо мел ю хир яц-кха йоьхна
Сан дегайовхонан экаме гIовла.
Хьо - дашо хьостам бу сан даг чу тоьхна
Хено сан малбина синхаам къовла...

Хьуна тIе ас бечу сутарчу некъах
Шен хIайкал дан гIерта синхьехам мерза.
Сан кхиэлан гIопаста юзий хьайн некхах,
Цкъа меттахдаккхахьа сан куьйгийн терза...


Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
Amazonka2 вне форума   Ответить с цитированием
Старый 23.08.2007, 12:42   #40 (ссылка)
 
Аватар для Amazonka2
***

Маршонан бIов латтош турпалчу къийсамна хехь,
ГIазотан дин кхайкхо дутту ас доьналлин маьждиг.
Нохчийчоь ларъяр а цундела ду суна тIехь,
Бекхаман биргIане лоьцуьйтуш мостагIчун бIаьштиг.

Дайн иэсан гоьрга тIехь даьккхина назманийн дос,
Син кхерча тохкуш, ас бохбина сайн суьпа кхетам.
ХIора сайн доIане эцийти ас дашо бос,
Оьмаран йохаллехь хестабеш Делан къинхетам,

Хьаьрка тIе, элпа тIе хьоькх лаца ларийна стих,
Бакъдолчун хих йоккхуш, вийлла со даим а хене.
Дош гал ца далийта, со цкъа а ца велла сих
Байташца къамел деш Даймахке, нене, дуьнене…


Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
Amazonka2 вне форума   Ответить с цитированием
Ответ

Опции темы




Селард - светило (все космические светящиеся объекты).
vBulletin © Jelsoft Enterprises Ltd.

1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21 22 23 24 25 26 27 28 29 30 31 32 33 34 35 36 37 38 39 40 41 42 43 44 45 46 47 48 49 50 51 52 53 54 55 56 57 58 59 60 61 62 63 64 65 66