Chechen Forum Selard  

Вернуться   Chechen Forum Selard > Наши Увлечения > Творчество и Искусство > Проза/Поэзия

Проза/Поэзия Искусство образного выражения мысли в слове; изображение жизни, создание художественных образов при помощи слова.

Ответ
 
Опции темы
Старый 07.08.2007, 18:13   #21 (ссылка)
 
Аватар для Amazonka2
Цитата:
Сообщение от Dodam Посмотреть сообщение
Со-м цецъяьлла 1аш ю кху байтех, Амазонка!
Цу поэтан ц1е а суна дуьххьара хезаш ю...
Дела реза хуьлийла хьуна иза вовзийтарна!
Цхьа шатайпа мотт бу цуьнан,
берриге а васташах буьззина...
Иза нийса муха эра ду а-м ца хаа суна)
Дала аьтто бойла хьан!
Шен дагах кхетта х1ума иштта нахана довзийтар дика ду...
Дела реза хуьлда хьуна а, Додам. Цхьаннах а тера доцург цкъан цкъа а къорда а ца до я къахь а ца ло. Со цундела дика кхета хьан даго Аптин стихаш х1унда къобалйо. Иза а вац х1окху дуьненчуьрчу цхьана а поэтах тера, 1илман а санна. Суна к1ордор дацара церан стихаш еша. Со Аптинаш а йоьшуш 1аш ю. Халахеташ делахь а, цуьнан книгаш яц соьгахь, амма х1окху инетехь йоьшуш 1а со уьш. Цундела суна сайн рог1ехь доккха баркалла ала лаьа къаьсттина хьуна цуьнан кхолларалла кху чохь йовзийтарна. Вайн къомах къам деш берш Апти а, 1илман а санна болу поэташ бу аьлла хета суна-м. Амма, халахеташ делахь а, уьш дукха бац вайн, яздеш болчийн барам г1еххьачул боккха белахь а. Цул совнаха, церан пусар а деш, церан дог эца г1ерташ берш вайн халкъалахь башха дукха а бац. Ткъа цара шаьш башха къа а ца хьоьгу шайн кхолларалла йовзийта г1ерташ. Цундела ца вевза хир ву Юсупов 1илман а оццул поэзех кхеташ йолчу хьуна а. Амма и шиъ вовшийн вевзаш ву аьлла-м хета суна. Дала аьтто бойла вайн массеран а.
Лерамца Амазонка

Последний раз редактировалось Amazonka2; 07.08.2007 в 18:36.
Amazonka2 вне форума   Ответить с цитированием
Старый 07.08.2007, 23:43   #22 (ссылка)
 
Аватар для Amazonka2
СОНЕТ

Хьан мерза тIеIаткъам ас хIаллакби -
Тоийта хьайн куьцан чиркх суна багор.
Ца аьлча ца волу: ца хьийза кхин
Къайллах хьан тидам беш, бIаьргашна бIагор.

Букарчу сайн шерийн бодане Iин
Дити ас хьан месийн серлонца къагор,
ХIетте а, кхоьруш ахь лачкъорна и
Сайн дагна керт йи ас массо а агIор.

Син Iаьршахь Iалашдеш хьан куьйгийн нур,
Ахь кхаьбна гIан лоьIуш, ца лоьху там ас.
Сан иэсах бетташ хьайн аматийн кур,
Ма гIерта галдаккха сан цхьаллин ламаз,

Со воьрзуш ца хилча хьайн шовкъан дине,
Ма кхийдадехьа соь хьайн дегIан дуьне...


Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
Amazonka2 вне форума   Ответить с цитированием
Старый 08.08.2007, 00:03   #23 (ссылка)
 
Аватар для Amazonka2
***
Самсабохуш тишбеллачу сан лааман бен,
Хьо хIун деха йоллу соьга олхазарал къечу?
Со да волуш хIума дац-кха деган тIемаш бен -
Эрна гIерта хьан сибат сан хьиэ чу...

Охьаэгна сан ойланийн диттийн тIома гIаш,
ХIинца ву-кха со цундела Iаьнан хьуьнал беркъа.
Кхин дIа хьекъа лууш дац сан шерийн гIура кхаш -
Сатийсамо церан хьукма дер-кха...

Оццул йоккха хилла йолчу цIеран цхьа а суй
Кара-м ца бо кийрахь, «хIуп» а аьлла, меттаххьабан...
Хоьхкуш ю-кха, говрах тарбеш, шен хийцамийн нуй
ХIара зама - къена жоьра-баба...

Лаца цхьа а тIам а боцуш, сайн сагатдалар
Хьан дог деттадалар санна, соьга лалахьара
Ялсаманех тера дар-кха хIара миска Iар -
Ша ма дойла суна Дала хьарам!

Хьан хьадалчаш дуй а хууш беттан IиндагIаш,
Царна там ца балуш, йоьлху сан лааман къелла:
Цхьаллин некъийн шаш тIехь муха лелар ву со гIаш
Деган тIемаш хьуна дIа а делла?..


Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…

Последний раз редактировалось Amazonka2; 08.08.2007 в 00:12.
Amazonka2 вне форума   Ответить с цитированием
Старый 11.08.2007, 21:53   #24 (ссылка)
 
Аватар для Amazonka2
* * *
ТIемаша Iаь етташ, кIур туьйсу анайист хьейо,
Хьаннашна тIехула догIанаш цIийш хилла оьгу.
Луьрачу мостагIчо хIусамаш лаьттах дIаэйо,
Балано тишбинчу наноша марчонаш тоьгу.

БIаннекъийн тIулгаша мийлинчу шовданийн иэсо
Шен цинцийн сагIа ло бецашна маршонна тIера.
БIешерийн зIе латтош бехчинчу къийсаман хьесо
ГIазотан тур оьхьуш, чехайо гIазакхийн гIера.

Лам ломе мел кхайкхи йилбазмохь бека йишхаьлла,
Ла ца луш мостагIийн арданго дайн латта хьоьшуш…
БIаьвнаша цIе йоккху кху лаьттан Нохчийчоь аьлла,
Баролийн бIаьргашца доьналлин жайнаш а доьшуш…


Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…

Последний раз редактировалось Amazonka2; 11.08.2007 в 21:57.
Amazonka2 вне форума   Ответить с цитированием
Старый 11.08.2007, 22:02   #25 (ссылка)
 
Аватар для Amazonka2
***
Муьлхачу кепехь вай латтор-те синхьехам тидар
Вайн дегайовхонаш шеконан аганахь тахкахь,
Боккхачу хиламах тарлучохь полланан идар,
Мела мох тарлучохь гIаттамах луларчу махкахь?..

Амма сих ов тухуш, пIелг лаза баьлча а мехкан,
Юьхьдуьхьал хIуттучохь мостагIчун Iазапан унна,
Карзахе цIийзар а гуро схьалаьцначу дехкан
Маршоне сатийсар хетар ду лай воцучунна…


Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
Amazonka2 вне форума   Ответить с цитированием
Старый 11.08.2007, 22:28   #26 (ссылка)
 
Аватар для Amazonka2
Езаче

Дуьненан тIулгаш тIехь екош сайн дахаран ворда,
Хьан дегIан синтарна гуо туьйсу де-дийне ас.
Цхьа къурд бен ца оьшу суна-м хьан марзонан хIордах,
Цкъа лерса хьасттал бен ца оьшу суна-м хьан аз.

Ма-хуьллу тийсалуш сингаттам олучу ломах,
Сайн дахар такха со кийча ву хьан дагна хехь,
Мотт Iоттал хьаса бен ца оьшуш хьан ирсан чомах,
Ког биллал меттиг бен ца лоьхуш хьан ойланехь.

ХIун ду ас хьан корехь зевнечу иллица хьабарх
Сайн оьмар чехаеш, бегабен бIешерийн пен?
Со оьшуш вац хьуна цхьа суй бен ахь ечу набарх,
И суна тоьар бу къагабан хьан гIенийн бен.

Мацца а йоьссича сан даг чу Iожаллин гIура,
Сирта-тIай тIехула сан ваха дезар ду дIа.
Со лоьхуш вац хьуна серло бен хьан куьйгийн чкъуран,
Ахь доьIуш долчу син Iаьнарх со тоам беш Iа.

Сан оьмар тIехьерчош, хьийзаш ю заманан сема,
ГIеметта хIоттар а схьакхечи, оллийна цIом.
Ткъа суна-м ца оьшу цхьа цинц бен хьан беснийн деман,
Хьан баьргийн цхьа бIаьца тоийта хьожур ву со-м


Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
Amazonka2 вне форума   Ответить с цитированием
Старый 12.08.2007, 15:34   #27 (ссылка)
 
Аватар для Amazonka2
Кешнашкахь

Хьо коша вуьллушехь, кху кешнийн хьаьттахь
ЦIеххьана шелъели, мох а хьаькхи.
Малхо а, хьо шена ца гича лаьттахь,
Iаьвжинчу бIаьрга тIе марха хьаькхи.

Дуьненчохь кхин цкъа а хир бац хьан аьтто,
Бохам а богIур бац дохо хьан дог.
Хьуна тIехь меллаша тIегорглуш, лаьтто
Цхьа дагахьбалламе шур-шураш до.

РагI лаьцна, хьо къайла ваьккхинчул тIаьхьа,
Юьртахой цецбевлча санна Iаш бу.
Ахь тесна дитина хIаваъ ду къаьхьа,
И хьоьх дIакъастийнарг - Iаьржа каш ду.

Хьан метта цхьа иэс бен ца деза кхаба
ХIинца хьан ден-ненан, дIавахча хьо…
Хьан коштIе хи дотта еана кхаба
Хьан деса дог санна, оха дIахьо.


Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…

Последний раз редактировалось Amazonka2; 12.08.2007 в 15:38.
Amazonka2 вне форума   Ответить с цитированием
Старый 12.08.2007, 18:04   #28 (ссылка)
Amazonka,haza baytash yu ax'a kxu chu yohkursh ersh.Dela reza xilla x'una u'sh thuna yovziytarna..oxa u'sh lerrina yo'shu x'una..Dala a'tto boyla 1ilmanan a!!Dala nick' loyla cunna!!TAMASHENA XAZA mott a,yoza a du cu'nan.X'una a Dala dikanca bekxam boyla!
Sielsat вне форума   Ответить с цитированием
Старый 13.08.2007, 18:10   #29 (ссылка)
 
Аватар для Amazonka2
Цитата:
Сообщение от Sielsat Посмотреть сообщение
Amazonka,haza baytash yu ax'a kxu chu yohkursh ersh.Dela reza xilla x'una u'sh thuna yovziytarna..oxa u'sh lerrina yo'shu x'una..Dala a'tto boyla 1ilmanan a!!Dala nick' loyla cunna!!TAMASHENA XAZA mott a,yoza a du cu'nan.X'una a Dala dikanca bekxam boyla!
Дела реза хуьлда, Селасат, ахьа иштта довха дешнаш аларна. Со а ю аша кху чохь деш долу йозанаш леррина доьшуш 1аш, цхьа хьаьрк т1ех ца туьлуьйтуш. Дала меле бойла аша беш болу болх. Вайн литература къен ю бохучарна дан деззарг деш ду шу, Дала мукъалахь. Дала т1аьхье беркате йойла.
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
Amazonka2 вне форума   Ответить с цитированием
Старый 13.08.2007, 18:12   #30 (ссылка)
 
Аватар для Amazonka2
ГУЬЙРЕ

Сийна бос дIабала гIерта анайистан долара,
Iаьржа тIемаш дIадаржийна стигал тебаш лаьттана.
Цхьа шатайпа хецаделла хIинца механ болар а -
Синтем боцчу сеаларшна цуьнан каде Iаь тайна.

Генийн цIендарш гучудуьйлуш, азлуш йолчу хьаннаша
Шайн гIадожарх къа хьарчадо диттийн массо шабаран,
Ойла лакъош, суна бала барна кхоьруш санна ша
ТIеян сиха йоццушехьа зама хина шабаран.

МогIа-чIу а Iуьттуш, цIанйо ас сайн деган туьнкалгаш,
(Собар кхаччол са ца тийсарх шийла денош дахкаре),
Мажъеллачу баца тIера тхин кIайн-меда зуьгалгаш
Йох ца елча бамбанал а кIеда долчу дахкаре.

Со-м Iа лоьхуш оьгуш долчу гIашка ала кIедо дош,
Царна ца моттийта къинхетам сайн меттан къийбелла.
Даймахкана ямарт хилар (синош дезахь) тIедожош,
Олхазаршна бале дуьйлуш мисарболат къилбенан.

Цо тIеийзо шайн ойланаш тIома-акха йийларна,
Уьш дIаоьху, бIаьран хишца Делан хIора де дуьлуш,
Шайн баннаш чохь юьсуш йолчу мас-пелагийн йийбарна
Шайна тIера сагIа хилла Iаьнахъялар тIедуьллуш...


Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
Amazonka2 вне форума   Ответить с цитированием
Ответ

Опции темы




Селард - светило (все космические светящиеся объекты).
vBulletin © Jelsoft Enterprises Ltd.

1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21 22 23 24 25 26 27 28 29 30 31 32 33 34 35 36 37 38 39 40 41 42 43 44 45 46 47 48 49 50 51 52 53 54 55 56 57 58 59 60 61 62 63 64 65 66 67