![]() |
|
|
|||||||
| Проза/Поэзия Искусство образного выражения мысли в слове; изображение жизни, создание художественных образов при помощи слова. |
|
|
Опции темы |
|
|
#2121 |
|
Честолюбивая чеченка
Регистрация: 20.02.2007
Адрес: In Y.H.
Сообщений: 3,998
Репутация: 9 ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() |
* * *
Безаман Iодара секх нийсса синметте кхетта, Ас юкъах даьккхира латтар бендацарна хехь. Сатийсам пана дIа гIаш бигар меле а хетта, Ас дуьне теллира, юй хьожуш хьо цунна тIехь. Кхералуш IаьнтIехь хьо мох-дорце яхарна маре, Гуьйренца гIадожар тарлуш ахь доьIучу сих, БIаьстенца хьан коч ю мотталуш зезагийн аре, Аьхке тIе мел кхечи, дан лууш сайн болар сих, Кхиэлана тIедуьллуш хьукма дар - сайна дан доггIург, Де-буьйса дIакхуьйсуш,Iаж санна, цкъа тоьхча це, Цхьа эзар некъ бира ас, лохуш хьуна тIе богIург, Цхьа эзар цIе йоккхуш Iамале яккха хьан цIе. 1илман Юсупов |
|
|
|
|
|
#2122 |
|
Честолюбивая чеченка
Регистрация: 20.02.2007
Адрес: In Y.H.
Сообщений: 3,998
Репутация: 9 ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() |
***
ТIемаша Iаь етташ, кIур туьйсу анайист хьейо, Хьаннашна тIехула догIанаш цIийш хилла оьгу. Луьрачу мостагIчо хIусамаш лаьттах дIаэйо, Балано тишбинчу наноша марчонаш тоьгу. БIаннекъийн тIулгаша мийлинчу шовданийн иэсо Шен цинцийн сагIа ло бецашна маршонна тIера. БIешерийн зIе латтош бехчинчу къийсаман хьесо ГIазотан тур оьхьуш, чехайо гIазакхийн гIера. Лам ломе мел кхайкхи йилбазмохь бека йишхаьлла, Ла ца луш мостагIийн арданго дайн латта хьоьшуш… БIаьвнаша цIе йоккху кху лаьттан Нохчийчоь аьлла, Баролийн бIаьргашца доьналлин жайнаш а доьшуш… 1илман Юсупов |
|
|
|
|
|
#2123 |
|
Честолюбивая чеченка
Регистрация: 20.02.2007
Адрес: In Y.H.
Сообщений: 3,998
Репутация: 9 ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() |
Безаман лами
Оьздачу хьан дешнех буцу ас безаман лами: Хьан деган Iаьршашка лууш ву со хьалавала. ХIуъа дийций а, со волччохь цхьаъ дийций яла – Хьан къамел кего кечбелла бу сан деган чами… Сан ламин тIегIанаш – мукъамах аьгна хьайн дешнаш – КIадо а ца еш, чуэгаде хьайн балдаш тIера. Хьан дешнийн оьланаш – со гуттаренна шайх тешнарш – Дахаран хазна ю сан ирсан кераюккъера… Сан болх бахийттина мерзачу чаккхенан герга, Там бара цIеххьана хьан дашо къамелаш кхачон? Хьанал ю ламина ас тIегIанашца ен кхачо, Беркате хуьлда ас хаддаза церан бен тергам… Ши тIегIа тIеоьшу со Iалашоне дIакхача. Йист хуьлуш ма яц хьо? Ас хIинца хьаьнга ладегIа? Тийналло мацдина, ирделла сан лерса хьегIа – Хьарам би цунна ахь хьайн балдийн и зевне кхача?.. Хийистехь садайна… Хьан кIудал тIехъеха ели… Ахь, даржехь совдоккхуш лааман кIоршаме собар, Эвхье схьахьажарца эли сан ойланна оба, «Хьо веза» - ши дош а - сайн лами со бина вели… 1илман Юсупов |
|
|
|
|
|
#2124 |
|
Честолюбивая чеченка
Регистрация: 20.02.2007
Адрес: In Y.H.
Сообщений: 3,998
Репутация: 9 ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() |
* * *
(Тимиргаев Хьасайне) Кхелхи хьо. Барам тIехь юьртахойн коьшкала хиъна, Волу хьо тIаьххьарчу юьхь-чаккхе йоцучу новкъа… Дийначийн ойланех хьекхалуш, даI даккха кхиъна И некъ а, меллаша лахьтичу буссушехь, бов-кха…. Даьстинчу лаьттах схьаеттало Iожаллин хьожа. Стаг хьулвеш, сутара яраш ю и худа гIерташ. Тийналло гIорасиз доькуьйту доIанан дош а, Божарийн бIаьрхиша лоьлхуьйту стогаллех дерташ. Къаьрзинчу йозанца чурт хьожу адамийн бIаьра-м, Цецдолий шен когех хьаьрчинчу биъларчу борзах… БIаьрзечу буоберах тера бу бассийна барам, Дегнех каетташ бу лазаман гушбоцу морзах. Хьан когийн баррамал шоръелла дуьненан майда Верасийн пурбано, тхов беш, хьан чуртана тилли. Назманийн гIийлачу мукъамна доьгIна дац айдан Хьан озан гIорранал жимделла дахаран илли. Хьан кхиэлан ворданан кегъелла дIаевлла милкаш Ден деган дилханах кIоргга чуйиссина уьрсах, Доцачу хьан ирсан хеназа дIаяйна милташ Лан ма-ллу йоьттина хьан ненан гIайгIанан кIуьрзах… 1илман Юсупов |
|
|
|
|
|
#2125 |
|
Честолюбивая чеченка
Регистрация: 20.02.2007
Адрес: In Y.H.
Сообщений: 3,998
Репутация: 9 ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() |
* * *
Мохк хуьйцу олхазарш юха а, жатташка IаьIна, Дуьйлало хIаваэхь кхочушдан шайн тIома хелхар… Кху хене девли уьш, ца девзаш шайн кхиэлан маьIна, МоттаргIа санна ду шар-шарахь цара ден белхар. Дош олуш, яьлла Iаь, меллаша дахкарлахь хьуллой, Шен йовхо тхишна луш, эсарлахь цаьрцанна йоьлху… Даг тIера гIевттина могIанаш, байташка гуллой, Сан халкъан кхетаман къилбехьа – барта дIадоьлху… 1илман Юсупов |
|
|
|
|
|
#2126 |
|
Честолюбивая чеченка
Регистрация: 20.02.2007
Адрес: In Y.H.
Сообщений: 3,998
Репутация: 9 ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() |
***
Вас ма йоза (карзахечу дегаллин са дууш), Дог а чехош, еза хьайга ас цааларца - МоттаргIанийн олаллина кIел ца виса лууш, Сайн са ийдо ас хIаваэ дIо сеаларца. Дешна вала гергавоьдуш хьан юьхь-сибат - жайна, БIаьрса лехна, юкъахвели, кхин са-ъ даIаза ... Дагахь хаарх хьан цIоцкъамийн ший а могIа сайна, Царах соьга дан ца дели деган доIа сайн. ТIе а лаьцна тIаьхье йоцчу уьйран мерза лолла, Дегнийн боларш цхьаьна ца уьйш, эрна хан яьхьи... Я сан безам хилла - цхьана дийнан чехка полла, Я и хьайниг хилла - дукха еха уьнтIепхьид... 1илман Юсупов |
|
|
|
|
|
#2127 |
|
Честолюбивая чеченка
Регистрация: 20.02.2007
Адрес: In Y.H.
Сообщений: 3,998
Репутация: 9 ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() |
* * *
Хала до оьгучу гIаша дуькъачу дахкарлахь нека, Дерзана довлучу диттийн мехаша пусар ца до… ДогIанан тIадамийн мукъам хьан коран экъанахь бека, Шеконийн гIаттаман баьчча хьан дог ду ца боху цо? Стигалан шийлачу некхах гIаддайна тIамарш а етташ, Йоьдучу гIаргIулийн жуьто тийжарца дуьне до къахь… Кураллин пIелгашца айхьа ойланех мел дина шеддаш, Хьайн даг тIехь моьнашка доьрзуш лан муха лайра-те ахь? 1илман Юсупов |
|
|
|
|
|
#2128 |
|
Честолюбивая чеченка
Регистрация: 20.02.2007
Адрес: In Y.H.
Сообщений: 3,998
Репутация: 9 ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() |
* * *
Б е з а м, м а р з о - синойн массо сиркхо эшон лоьраш, Ас къобалдо аш сан кийрахь бечу белхан низам. Шуна даим хьанал хилар деган похIма лоьруш Суо хиларна хаьа суна шун мах хадо нийса. Шуна дIалуш иллешкара синбуц яьлла меттиг, Гул ма-беллии цига лалла сатийсамийн бажа, Сайна хьакъ ян гIерташ шуьца йолу юкъаметтиг, Со бус-буса гIенийн лома воьду... шуьга хьажа. Шу бен ца хиларна лаьттахь хIун дан деза хууш Сан син кхерчахь ца хIоттийта ирсан цIеран къелла, Сайн оьмаран хIуьцIин чIуьчIехь цхьалхха Iан ца лууш, Со-м уьйрашка боьду чолхе некъ бан волавелла. Шерийн зIарех тIех а лелхаш, ловзуш лела денош Сар-сарахь шайх серий хуьлуш, хенах дуцалучохь Б е з а м, ахь сан ойланашла деган дургал Iенош, М а р з о, ас хьо лоьху цхьана йоьIан бIаьргийн гIу чохь. Доггах денойн догIа доьлхуш, дахар даьлча даьчна, Суо нахана дагаварехь ца хIоттийта йокъа, Цкъа маццаъ сайх олу долчу дешан бала кхаьчна, Ас сайн байташ шуна гуттаренна муьтIахь йо-кха... 1илман Юсупов |
|
|
|
|
|
#2129 |
|
Честолюбивая чеченка
Регистрация: 20.02.2007
Адрес: In Y.H.
Сообщений: 3,998
Репутация: 9 ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() |
***
Хьаннашца дов дели гуьйренан мехийн, Дохк йижи лаьтта хьан йовлакхал сира. Ла ца ло аьлла сан Iиттарийн мехий, Вайн уьйран мохь охьабилли ахь гира. Дегаллин гIалатах хьо кхето санна, Хьан лерехь шабарш деш оьгучу гIаша, Бух болуш баккха бехк ца хили сан а, Дохко а яьккхина, хьан ойла хьаша. Со йохьах ца вуьйхи, ца вуьйжи гора, Ахь чIагIо ца йохий, ца хийци дош а, Боггушехь шелбели хьан бIаьргийн кIора, ХIаваъо дIаяьхьи хьан месийн хьожа. Вайшиннах цхьаммо а ца ийци пайда КIеззигчу хенах а Iодикаяран: Хьуна а ца хии вай къастар дайдан, Суна а ца лии кхин дахдан хIара. Стигалахь пхьоьхане гулъели мархаш ЭтIачу сан даг тIе шайн туьха таса... Орамаш телхина вайн уьйран маргIалш Бухдаьхна довллушехь, къаьсти вай дIаса... 1илман Юсупов 1илман Юсупов-утонченный лирик, наделенный исключительным чувством духовной красоты и гениальным дарованием. В его лирических стихах открывается большой мир переживаний, свойственных каждому человеку. Они поражают эмоциональностью, светлой грустью и радостью, своеобразной передачей самых тонких оттенков душевной жизни. Всегда приятно читать произведения Юсупова,открывая его для себя каждый раз по-новому... Баркалла хьуна,1илман! |
|
|
|
|
|
#2130 |
|
Честолюбивая чеченка
Регистрация: 20.02.2007
Адрес: In Y.H.
Сообщений: 3,998
Репутация: 9 ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() |
* * *
Деган кор дIакъовлуш, сан гIаларт чударна кхоьруш, Хьайн дагалецаман неIарна туьйхи ахь догIа. Лерера дIаданза сан аз хьайн мостагIа лоьруш, Хетарехь, хьо лууш яц хIинца цуьнга ладогIа… Делахь а, хьо Iашшехь къастаран тептарш а доьшуш, Ойланан нахарца къахьделла сан амат охуш, Сан вухаверзар ду хьан деган корах чу хьоьжуш, Хьан дагалецаман неIарехь синош а дохуш… 1илман Юсупов |
|
|
|