Chechen Forum Selard  

Вернуться   Chechen Forum Selard > Наши Увлечения > Творчество и Искусство > Проза/Поэзия

Проза/Поэзия Искусство образного выражения мысли в слове; изображение жизни, создание художественных образов при помощи слова.

Ответ
 
Опции темы
Старый 31.07.2007, 14:32   #11 (ссылка)
 
Аватар для Amazonka2
* * *
Сан ненан меттара сатоссуш хьала а гIоттий,
Сан когех хьаьрча некъ - дийнахь сан бан безаш берг.
Ткъа, самаволлушехь, соьга цкъа хьал-де а хоттий,
Со кхарста кIамво цо, хуьлий сан боцуш ца терг…

Ткъа, буса, набаро хьаьстича сан зийза кIажош,
Мел чIогIа кIадбаларх, шен хеннахь ца буьжу дIа:
Боьдий, дIахотталой сан ненан нилхачу кIажарх,
Со ларвар доьхучу доIане ладоьгIуш Iа…


Iилман Юсупов
Amazonka2 вне форума   Ответить с цитированием
Старый 31.07.2007, 14:38   #12 (ссылка)
 
Аватар для Amazonka2
Делан лайн ойланаш

Суьлхьанаш-кепекаш оьхкина писаллин тай тIе,
Рицкъано Iехийнарш шайтIанна мэл кхайкхош бу.
Со-м тасбихь доккхуш ву ваккхале суо Сирта тIай тIе.
Со Делан кхетамехь Махьшаран майданхо ву.

КъорIано кула йо озачу ийманан дайшна.
Уьш дуьне тIекхетарх тешна бу, шаьш кхетта лахь.
Маликийн шапаIат кхочур дац Иблисан лайшна
БIешерийн ченашлахь, седарчийн буьртигашлахь.

Есаллин кIоргенехь цхьа шовкъе хьийзаш ду Латта,
Малхо а, Батто а ца дойтуш бодане гIел.
Дала ша пурба луш декъашна эхартахь гIатта,
Эххар а хьарчор ю Iожалла дахарна кIел…


Iилман Юсупов
Amazonka2 вне форума   Ответить с цитированием
Старый 03.08.2007, 18:18   #13 (ссылка)
 
Аватар для Amazonka2
Цхьана накъосте

Хьо вистхилар – ека хiоттар хьан гамонан тоти,
Айпе дешнаш лаьтта Iенош – ямартлонан хiуш.
Цабезаман уггар луьра саьрмик беха оти
Лаьтташ ду хьан деган уьйтiахь, пенош дахкалуш.

Цкъацкъа со цiаверзарх, хьаькхна хьан гiийбатах бiаьштиг,
Букъ а къийзош ахь тiаьхьашха ечу Iиттарша,
Ницкъ бу соьгахь куьйга кагдан хьогiан стелахаьштиг,
Кийрахь алу ю сан лалон эладита-ша.

Хета хьуна аьшпийн кiуьрехь къайлавалар атта,
Доцу дела хьайца дуьне серладаккха нур.
Лаьа хир ду хьуна ас а, айхьа санна, артдан,
Кiайн хабарш а дуьйцуш, цергех детташ меттан тур.

Пхьоьханехь ахь волла Iеттош, дуьненах дог дахар
Сих ца иэдеш, сайн хиндолчух со-м бiобулуш ву:
Денош тiеттiа дебаш лаьтташехь, жимдаларх дахар,
Хено байташ кходдушехь, сан илли хьекъаш ду…

Хьо дiалелаш, гайна там беш, жуккаралла юстош,
Елош хьарам рицкъа хийла цаста дезна церг,
Со-м ву адамашна сайн синбаьрче йоькъуш-юстуш,
Лаам кхобуш хила халкъан воцуш а цатерг…


Iилман Юсупов
Amazonka2 вне форума   Ответить с цитированием
Старый 04.08.2007, 06:57   #14 (ссылка)
 
Аватар для Amazonka2
* * *
Сийсара сахиллалц догIано пийсак а хьоькхуш,
Лаьттан жарж ца кхоош, дина ду кIетара худар.
Селхана син когаш берзина ас бахар доькхуш,
ГIайгIано тIедожий суна шен ши кало тудар.

Уьш а ю шайна чохь ца тоьаш, сан дакъазалла,
Уггар а кIедачу ойланах яьккхина утаркх.
Цундела шелло со, делахь а, садетта халла –
Кху тайпа хоршане гIайгIа а ца хирий гуттар-х…

Цкъа хIинца-м къора бу сан корехь цо боьзна маша.
Амма сайн иллешца маьлхан кIайн буька-яй хестош,
ДогIанан хударо ген пIаьлдиг совсийна хьаша
ДIаэккхор ю аса, шен калош тIаьхьа а лестош…


Iилман Юсупов
Amazonka2 вне форума   Ответить с цитированием
Старый 05.08.2007, 04:38   #15 (ссылка)
 
Аватар для Amazonka2
* * *
Къоьжаллин канаша гиччош тIе хьорсур ду, ца кхоош, дама.
Литтане йиллинчу элах денош а маргIал ду лур.
Къоналлин бIарлагIа хьистина, кIадвелла, со воккхуш сама,
Кхочур бу, Iаса а луьйзуш, дахаран жамI даран мур.

ХIун хир ду сан шерийн сайра чохь совгIат деш, цунна дIадала?
Сан дагалецам-цIеркема хьийзар-те ца карош берд,
Ас динчу диканех боьттинарг, тIалам беш, айбинарг хьала?
Хир ю-те вонаша сийсош, адамаш къехкош сан керт?

Ткъа, эрна хихкина карабахь къоналлин хIу цIена гила?
Хьуьнарш сан дорах а хетта, уьш бакъдан ца хIоттахь теш?
Хилахь, ткъа, вахана цкъа мацах бехкбоцчу аламан къила?
Къухо дIахьулйина хир-те ас динчу гIуллакхийн беш?

Цкъа хIинца-м зоьрталчу лаамийн, уьдучу хенан бо хама.
Хиндолчу диканийн закъалт ду лекхачу ойланийн сур…
Хууш ву, цIеххьана гIевланга хIуттур бу, со воккхуш сама,
Шен турсан Iаса а луьйзуш, дахаран жамI даран мур…


Iилман Юсупов
Amazonka2 вне форума   Ответить с цитированием
Старый 05.08.2007, 11:54   #16 (ссылка)
 
Аватар для Amazonka2
* * *
Байттамал, хьан сирник дIаяй-кха, сан къинан кIожам
Хьо багон хIуттушехь, гонаха Iаь тухуш къаьхьа.
ШайтIа-къа дIадеди, такхийна марцаран хьожа,
Мел чIогIа идарх а, ца кхии хьо цунна тIаьхьа –

Ойланийн хьийкъинчу гIодамех ас дина литта
Шеконан дехкаша цу сохьта долий-кха даа…
Байттамал, суна хьайн сатеден аьшпаш ма битта,
Хьоьх гIуда хьаьрчина, дIо соне цкъа охьахаа.

Хьо каде ца хилар бахьанехь, тIетоьхна хир-кха
Кхиэло сан хьашташна: корехь ас ден хIара ха а,
Мархаша милт дIасахьийзаен дIо беттан чиркх а,
Кхетаман ковста кIел хьиэ кIамбен ши-кхо могIа а…


Iилман Юсупов

Последний раз редактировалось Amazonka2; 05.08.2007 в 11:58.
Amazonka2 вне форума   Ответить с цитированием
Старый 06.08.2007, 03:05   #17 (ссылка)
 
Аватар для Amazonka2
* * *
Iомачохь беттан сурт тховса а дисина сайнна,
Шовкъашна качвелла, буьйгIу ас ойланехь бохь.
Вовшеха хьекхало IиндагIаш, кIамделча санна,
ХIаваан пардонах чекхбуьйлу бухIанан мохь.

Жима ши марха ю, туьйдина седарчийн кIархаш,
Къорзачу стигалахь меллаша шайн болар деш.
Корсаман куйнаш а техкина лаьтташ ю тархаш,
Боьранийн лергашка къайллаха забарш а еш.

Дахкаро цIуббина, цIанбина уьшалан зорха,
Шелделла тхиш ца ло тIуьначу бацалахь дох.
Шен тIома куьг Iуттий, егайой седарчийн хорха,
Сийначу серлоно багабой, дIаэккха мох.

Юьртара пхи цIа ду тховса а вайшинна юккъехь.
Тоххарехь йижна хьо гуш ю-те мосалгIа гIан?
Хаалахь, сан са дуй набъечу хьайн кераюккъехь,
Шен йовха Iаь етташ ховхачу пIелгашла хьан…


Iилман Юсупов

Последний раз редактировалось Amazonka2; 06.08.2007 в 03:11.
Amazonka2 вне форума   Ответить с цитированием
Старый 06.08.2007, 03:18   #18 (ссылка)
 
Аватар для Amazonka2
* * *
Ас хIинца ца етта эшамийн, толамийн чот,
Уьш IаIош таппашкахь оьмаран шуьйрачу четахь.
Со хIинца Iамош ву хьан дагна безаман мотт,
Тамаша белахь а цуьнах и кесталгIа кхетахь.

Хьо дага мел еа, чIагIло сан кийрара цIе,
ГIад яхна ойла а дIайолу ерриг а лелий...
БIаьргашна хьо ца гуш кхин цхьаъ а дIадели де.
Сан дахар кхин цкъа а безамца галморзах дели…


Iилман Юсупов
Amazonka2 вне форума   Ответить с цитированием
Старый 06.08.2007, 03:23   #19 (ссылка)
 
Аватар для Amazonka2
* * *

Сахиллалц хьекхначу гуьйренан механ йишхаьлла.
ГIигI а деш, Iа хIинца, гIалх дайна пхьу санна, и.
Дахкаран чопанна юккъера халла схьадаьлла
Кхоьлина сатасар кIайдала ца туьгу кхин.

Стигалан белша тIе кхоьллина шен оба еха,
Зоьрталчу мархано шелйина хIаваан Iаь.
Набкхетта Iуьллучу уьшалан тийналлин Iеха
Семачу дитташна аздоцу къадоьхуш Iа.

Ирачу догIмашца лаьтта тIехь даьIнаш а дохуш,
Некъаш а лаьхьарчех цхьаццанхьа дIатекхаш го.
Ткъа, царах цхьаъ мукъа ца хилча хьо йолчу богIуш
ХIун гIуллакх дадийна я мича воьдуш ву со?


Iилман Юсупов
Amazonka2 вне форума   Ответить с цитированием
Старый 06.08.2007, 17:03   #20 (ссылка)
 
Аватар для Dodam
Цитата:
Сообщение от AMAZONKA2 Посмотреть сообщение
Сатоссуш

Нилхачу бодашкахь шен дегIах чIагарш еш, сетта
ДогIанан Iовраша юкъ-кара хедийна некъ…
Зарзъяла гIертачу мархашна махо лол бетта,
ТIуьначу кулла тIе оллало дахкаран бекх.

Гуьйренан сатасар цхьа доккха хетало лаьттахь.
Тийналлин йийсарехь со суо а цецваьлла Iа
Хьо сайна карорах йист йоцчу дуьненан хьаьттахь,
Ахь сайна дош даларх соьца ян мичча а дIа…

Iилман Юсупов
Со-м цецъяьлла 1аш ю кху байтех, Амазонка!
Цу поэтан ц1е а суна дуьххьара хезаш ю...
Дела реза хуьлийла хьуна иза вовзийтарна!
Цхьа шатайпа мотт бу цуьнан,
берриге а васташах буьззина...
Иза нийса муха эра ду а-м ца хаа суна)
Дала аьтто бойла хьан!
Шен дагах кхетта х1ума иштта нахана довзийтар дика ду...
__________________
"Г1енаш, сан эсала г1енаш, мичахь ду шу хаза т1емаш?
Йига со б1арлаг1ийн махка, сайн ирсан аганчохь тахка.." (с)

Последний раз редактировалось Dodam; 06.08.2007 в 17:05.
Dodam вне форума   Ответить с цитированием
Ответ

Опции темы




Селард - светило (все космические светящиеся объекты).
vBulletin © Jelsoft Enterprises Ltd.

1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21 22 23 24 25 26 27 28 29 30 31 32 33 34 35 36 37 38 39 40 41 42 43 44 45 46 47 48 49 50 51 52 53 54 55 56 57 58 59 60 61 62 63 64 65 66