![]() |
|
|
|||||||
| Проза/Поэзия Искусство образного выражения мысли в слове; изображение жизни, создание художественных образов при помощи слова. |
|
|
Опции темы |
|
|
#1501 |
|
Честолюбивая чеченка
Регистрация: 20.02.2007
Адрес: In Y.H.
Сообщений: 3,999
Репутация: 9 ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() |
***
Хии суна, бес-бесарчу ойланашка вуьйлуш, Дуй хьан амат сан дахаран цхьа шатайпа кица. Цуьнан ховха маьIна дац-кха сан кхетамна къуьйлуш, Ас и айса тегна дела догуш долчу сица. Некхан бердаш хьоьстуш, доьдуш ду хьан месийн татол, Нека хууш доцу бIаьрса хьерчош шена буха... Хьайн беснешца алу хилча дуьне довха латтол, ХIунда дуцу ахь сан лаам бехка эхьан чуха? Синхааман гIушлакхе хьан дегIан малхах хьоьгу - Цхьа а марха тIехь а йоцуш, кхетар бу и маца? Цхьаллин баьрччехь кхозучуьра сан син текха оьгу Ахь седарчий лийса кхехьна сатийсаман цаца. Синпхенашца ас тIедоьху сайн синметте хьарча Ховхачарех лаьхьарчий - хьан дегIан горга сизаш... Хьо гуш юй ас хьайна йина мукIарлонийн ларча Иркено тIе суй а тесна, сан балдаш тIехь сийсаш?.. ГIенашкахь бен дист ца хилла хьоь сан эвхье дехарш. Уьш а шовкъан уьрсо дагах даьхна цастарш ду сан... Сан безаман малик ду хьан юьхь-сибат тIехь дехаш, Дола яккха ца хIуттуш хьан бIаьргийн сийна хIусам... 1илман Юсупов |
|
|
|
|
|
#1502 |
|
Честолюбивая чеченка
Регистрация: 20.02.2007
Адрес: In Y.H.
Сообщений: 3,999
Репутация: 9 ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() |
* * *
Чаккхенга лестина, аьхке а дIаяха пана, Хьаннашкахь чуоьгу шапаIат кхачийна гIаш… Кадамбеш ю техьа безаман доIане кана, Я дехар до-те цо, гуш вайшиъ херделла Iаш?.. Мехаша туьтту хьо гIаргIулийн могIаршна юккъе, Цаьрца хьо дIаяххал шелбелла вайн ирсан мохк. ТIунделла сатасар, даьгна де, наб йоцу Iуьйкъе - Вайн ирсан кхо чов - ас дIоьхку, тIехьарчош дохк… Сан вастан стогар кхин хьан деган корехь ца богу, Хеди ахь ойланех дуьйцина сан ирсан тай… Вайшиннан шовданан йист хIинца йочано огу, Мажбелла шена тIехь хьан лараш ас лиэхна бай… ХIинццалц ша хестийна мармаран хьан сибат лоруш, Безаман иллино бекабо шен куьйса мерз… Сан дагчохь ахь тесна битина синхаам боруш, Ойланех чекхдуьйлу лайн хьожа шех кхетта дерз. Бос хIинца сирлуш бу стигалан сийначу тожан, Эсаро Iуьйренца дато до ахархойн кхаш… Iа дахьаш догIучу мехашна мотт буьллуш можа, Карзахе оьгуш ду, оьгуш ду гуьйренан гIаш… 1илман Юсупов |
|
|
|
|
|
#1503 |
|
Честолюбивая чеченка
Регистрация: 20.02.2007
Адрес: In Y.H.
Сообщений: 3,999
Репутация: 9 ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() |
* * *
Ша генна дIавоьхуш къийсаман некъо, Къонахчо аьттехьа ца юьту шеко, Шен Iалашонашна муьтIахь и ву. Дан хьаьхнарг иркене кханенга даккхар Ду стага шен лаам осала баккхар - Толаман меттамотт – сацамбар ду… Хиндолчух шекваьлла, осала вегош, Стаг ца тов ца дича ца долург кегош, Декош шен бухбоцчу бахьанийн зов. Хадаме сацамбарх деш гIагI а, герз а, Седацеш дегаден кхолламан терза, Къонахчо схьадоьллу толаман ков… 1илман Юсупов |
|
|
|
|
|
#1504 |
|
Честолюбивая чеченка
Регистрация: 20.02.2007
Адрес: In Y.H.
Сообщений: 3,999
Репутация: 9 ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() |
* * *
Сан дагалецам, хьо – жайна ду сан ойла тееш, Дацахь а хьоьстуш хьайн могIанийн къепенца бIаьрг. ХIун лоьху техьа ас, ширъелла агIонаш хьееш, Кехатан совра тIехь къаьсташ а ца хилча хьаьрк? Сан дагалецам, хьо – мохь бу ас гитоьхна бахьаш - Яьгна дIаевллачу сайн дегайовхонийн кIурз. И кегош, ас хIунда лоьху те сайн ирсан баххьаш, Цкъа мацах езаче кховдийна зезагийн курс? Сан дагалецам, хьо – сан деган чов ерзон динберг - Хьо цуьнан дарба ду дуьненчохь доцуш ца терг. Хьоьца ду сан хилларг, со велла дIаваллалц хиндерг, Дерриг а тахана ас сайца Iалашдеш дерг. 1илман Юсупов |
|
|
|
|
|
#1505 |
|
Честолюбивая чеченка
Регистрация: 20.02.2007
Адрес: In Y.H.
Сообщений: 3,999
Репутация: 9 ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() |
* * *
ЦIегIачу догIмашца меттах а хьуьйш, Мархаш Iа малхана тIехьа. Дешица кхелина ю-техьа уьш Я мекхаш йиъна ю-техьа? Суьйрено сирачу куьйгашца шен Эгна гIаш даржадо новкъа. Эхьхетча санна Iа малхбузе цIен, Къайле гуш шовданан шовкъан. Гоьмукъах терра бу ламанан бохь, Малх гIерта цу буьххье хаа. Юха а чов йинчу зIаьнарийн мохь ХIуттур бу сан синтем баа… 1илман Юсупов |
|
|
|
|
|
#1506 |
|
Честолюбивая чеченка
Регистрация: 20.02.2007
Адрес: In Y.H.
Сообщений: 3,999
Репутация: 9 ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() |
* * *
Эзарнаш шерашкахь седарчийн синошна Бутт лепа, теш хуьлуш лаьттахойн къиношна. Сан доьхна дог тедеш хаза а, говза а, Нур Iенош, цо новкъа воккху со тховса а. ХIора гIулч мел яьккхи ког астагIлелха сан, Буц лазош тхин тIадам шена тIехь белханза. Сагал-буц хилла, сан са санна, хIусамза - Шен къаьхьа мутт мийлош, кхобу цо узам сан. ТIулгаш тIехь ловзучу шовданан иллина Уллехь Iан лууш ю сан ойла йиллина… 1илман Юсупов |
|
|
|
|
|
#1507 |
|
Честолюбивая чеченка
Регистрация: 20.02.2007
Адрес: In Y.H.
Сообщений: 3,999
Репутация: 9 ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() |
Газель
Хьоьх ен ойла – олхазаран накха санна, кIеда, Ахь сан дагчохь бина болчу бенчуьра схьакъеда. Ткъа хьан Iаьржа месаш ма ю – малхал сирла бодаш, ХIора мас-зIаьнар шайн векалйинарш сан сатедан. Хьан бIаьрхиш ду стелаIодан цIийнах девлла дерзаш, Дуьне суна таз ма-делли, уьш сан кийра леда. Со-м ца воллу хьан лерсине дешнийн дуьйраш кхийдош – Иллех яьлла Iов луьйсу ас хьан кхолламан кеда. Хьан къоналлин билзигах ша тай дуцахь а, зама Яьхьар яц хьан беснийн демах шерийн ахьар иэдан. Чухчахьеран суьлхьанаш сан бIаьргийн карахь хьийза, Царна юкъахь молла хили хьо – 1илманан седа… 1илман Юсупов |
|
|
|
|
|
#1508 |
|
Честолюбивая чеченка
Регистрация: 20.02.2007
Адрес: In Y.H.
Сообщений: 3,999
Репутация: 9 ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() |
Беттан суьрташ
Седано шен негIар дегон бIаьрг ма-билли хьала, ГIурту бутт шен чIама корта мархийн чета болла – Оцара-м, ткъа, цIокъболат тIе лоьцуш, ийци хьала Дахкаро хийисте боьгIна хилла бамбин хIоллам… Сирла чорпа ерриг лаьттан кийра тар ца елча, Бутт бу кийча дIо лаьмнашна тIехьа дIаIано а… …Вайша вовшийн бIаьрга доьдуш, ши дог тохаделча, Шен шабарийн чиркх чуузу диттийн доIано а… Беттан меда Iаж гиболла ша-ша хьакъ ю моьттуш, ЗIаьнарш-мехий сийсон йовлу дIо седарчий зуьнаш… …Махо, белшах куьг а детташ, суна тIе хьуо тоьттуш, Хьан йохьана-м чIогIа тайна сан бехкаман хьуьнарш… Баттана-м гуш ду вайн синойн когабуьхьархIиттарш, Хьуна гаьнгали бан кийча мархийн сира гата, ГIадожаран маттахь къайллах луьйн хьан бIаьргаш-дитташ, Хьостан хи чохь зорбакхетта хьан кIайн юьхь-сибат а… 1илман Юсупов |
|
|
|
|
|
#1509 |
|
Честолюбивая чеченка
Регистрация: 20.02.2007
Адрес: In Y.H.
Сообщений: 3,999
Репутация: 9 ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() |
***
Нагахь со дIаводахь, бIаьстенан бай ведбеш хуьта, Къиношца техкаян генарчу махкара огар, Со везаш йолчу ахь латор бу елхаран къуьда, Ткъа со ца везачу йоIа - шен еларан стогар. Амма со цIаверзахь шарам бан сайн деган уьйтIа, Юха а бIостане хир ду-кха шуьшинна со гар: Суна ца езачу ахь сица латор бу стогар Ткъа суна езачо - ша динчу маренан къуьда... И ши дух серлонан дина сайн бIаьргашна хьарам, Вайшиннан эшамах бийр бу ас безамна барам... 1илман Юсупов |
|
|
|
|
|
#1510 |
|
Честолюбивая чеченка
Регистрация: 20.02.2007
Адрес: In Y.H.
Сообщений: 3,999
Репутация: 9 ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() |
* * *
Эххар а, сатийсам, тур санна, баттара баьккхина, Хьан дагалецамийн корах ас пIелг тухур бу… ГIан го ца моттийта, цкъа хьалха хьо самаъ яьккхина, Хьуна ма-веззара хила а-м со хьожур ву. Осала мукIарло – муьтIахь теш хуьлуш дерг эшамна – Сан дохковаларан бух кегош, ма лехалахь, Тоххара къастаро куц-хьарам леринчу тешамна Хьалха горхIоьттина хьайна сан куралла гахь: Ойланийн лазартнехь стих язъеш, даьржинчу шекъанах Меттан чов ерзаен цхьа дарба хилла хир ду… …Мелхо а, легашкахь даьIахках йисинчу шеконах Къурд бина, дог паргIатдаккхар – сан толам хир бу… 1илман Юсупов |
|
|
|