Форум У Камина  

Вернуться   Форум У Камина > Наши Увлечения > Творчество и Искусство > Проза/Поэзия

Проза/Поэзия Искусство образного выражения мысли в слове; изображение жизни, создание художественных образов при помощи слова.

Ответ
 
Опции темы
Старый 06.10.2007, 06:31   #141
Согревшийся
 
Аватар для Amazonka2
 
Регистрация: 28.07.2007
Адрес: Маьлхан Дуьне
Сообщений: 495
Репутация: 2
Amazonka2 скоро станет знаменитымAmazonka2 скоро станет знаменитым
Воккхачу стаге

Хьан деган хуттургех дIалетта шираллин энаш,
Ах-сема хуьлу хьан къоьжачу ойланийн наб.
Лазамийн шелоно гIорош шен экаме пенаш,
Сиркхонех хьеший бан Iемина хьан дегIан гIап.

Дахаран хьашташа бос биъна юьхь-сибат огуш,
Хьан иэсан Iинчуьра схьахьоькху хебаре мох.
КIайн корта - чиркх бу хьан къаналлин буьйсанехь богуш,
Серло а ца лучу цо муха вийр ву хьо вох?..

КъорIанна юккъехь хьан весетан кехатан косташ
Суранийн доьзалх шайн къайленаш тешийна Iа.
Некъашца тIаьхь-тIаьхьа жимделла хьан ларийн хIосташ
Дуьненан букъ тIера ма дойла кесталгIа дIа.

Оьмаран йист лаьцна лаьтташ ду хьан шерийн маьIна,
Кхалхазчу уьйраша гIорасиз гIортораш еш...
Шена чохь ойлано сийсаден жамIаш а IаьIна,
КIур тийса хIоьттина хьан дагалецамийн пеш.

Цхьалла бен теш воцу сингаттам хьайн байбархьама,
Кхетамна дарба деш, сих-сиха ахь доIа до...
КIентан бер ду моьттуш хьайн денош ловзаден зама
Лехначу голаш тIе и хийшо марзвелла хьо...


Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
Amazonka2 вне форума   Ответить с цитированием
Старый 07.10.2007, 18:23   #142
Согревшийся
 
Аватар для Amazonka2
 
Регистрация: 28.07.2007
Адрес: Маьлхан Дуьне
Сообщений: 495
Репутация: 2
Amazonka2 скоро станет знаменитымAmazonka2 скоро станет знаменитым
Къиза грамматика

Зевне могIа сацабо вай, тIехьа тIадам буьллуш,
ДIо Iаьршашка гIерта иза, ца кхочуьйту хьала.
Дешдекъана тохар кхетта, дош лазийна Iуьллуш,
И балдашца хьалагIатто ду-те вайна хала?

Лаьхьанан мотт санна, гара цIоьмалг юккъе юьллий,
Дешнийн доьзал шина-кхаа декъе боькъу къиза.
Вас а кховсу цхьа элп жима, важа доккха дуьллий –
Ненан меттан син нийсоно муха ловр ду иза?..

Цхьацца хьаьркийн хIосташ дарца, дешнийн совраш талхош,
Ирбеш барта кхиъна уьш а дола дерзо лаам,
Ирзе санна, ширделлачу дашо узам балхош,
И ца хаззал, бустийна вай экаме синхаам?..

Дожарш хьийзаш къар ца дела дешнаш ма-ттов легош,
Церан лоллех уьш а азатдаха вай хIун дина?
Чекхдовлазчу могIанаша цIийн тIадамаш эгош,
Вайна юккъехь цхьа а вуй-те велха церан къина?..

Дешнийн готта набахтеш ю – гонах лаьцна къовларш,
Нохчийн кIентий, хан ма кхаьчна уьш дIаелла каде:
Цалезначух ма ячийта дIадаьллачун кхоларш,
Лезнарг ца лезнера алий, мукIарло а ма де…

Ойла ейша жимма: шек а доцуш хьоькху хIунда
Дохош дешнийн доттагIалла, царна юккъе сизаш?
Хаттаран а, айдаран а хьаьркийн ший а мунда
Меттан бешахь ма латтийта – ма ларбайта иза!..

Бита хIинца, денбалийта, зиэрехь бахчабелларг,
ХьогIан бIаьргийн баролаша къедон герзаш гинарг,
«Къаьмнийн дадас» лоруш хилларг дакъа доцуш белларг,
Ненан кийрахь волуш дуьйна шена со вилхинарг…


Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
Amazonka2 вне форума   Ответить с цитированием
Старый 08.10.2007, 00:45   #143
Согревшийся
 
Аватар для Amazonka2
 
Регистрация: 28.07.2007
Адрес: Маьлхан Дуьне
Сообщений: 495
Репутация: 2
Amazonka2 скоро станет знаменитымAmazonka2 скоро станет знаменитым
БаI

Зезагийн тобанна юкъахь хьо лаьтта,
Буц-ярийн IиндагIийн долара баI.
КIохцале корта хьайн теIабеш лаьтта,
ХIаваан пардонна доккху ахь даI.

Хьо буьрса белахь а, яц хьоьца волла.
Адамчух лозуш ю хьан деган цуьрг.
ХIетте а, хьо мел гин, дIабоду полла,
Зов дахьаш, хьан лере ца йогIу чуьрк.

Хьох хIокху арено меран бер дина,
Тидамах хьегадеш хьан беркъа куц.
Мехаша лаг лаьцна хьан цхьалла гина,
Йоьлхуш ю хьан лула мел яьлла буц.

Амма шен нийсархойх дог-ойла лечкъош,
Цхьа ховха зезаг ду хьо гIенах гуш.
Лоьху цо, сенбелла бIаьргаш а чIечкъош,
БIаьстенан стигалахь безаман гIуш.

ХIан-хIа, и ца гIерта хьан ойла Iехо,
Зазашлахь бекабеш шен гIодан мерз.
Мелхо а, лоьру цо шен деган хехо
Мехаша къаждина хьан дегIан герз.

Дарж лекха хир ду хьан зезагах тешахь,
Йийцаре йоьрзуш хьайн турпала яхь...
Ярийн мах хир бу хьан царал хьо эшахь,
Эмгарийн хьаьгIнашна къарбелла Iахь...


Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
Amazonka2 вне форума   Ответить с цитированием
Старый 08.10.2007, 01:04   #144
******
 
Регистрация: 08.06.2007
Сообщений: 162
Репутация: 2
Enigma* прославленный гуламхоEnigma* прославленный гуламхоEnigma* прославленный гуламхоEnigma* прославленный гуламхоEnigma* прославленный гуламхоEnigma* прославленный гуламхоEnigma* прославленный гуламхо
Цитата:
Сообщение от AMAZONKA2 Посмотреть сообщение
БаИ

Зезагийн тобанна юкъахь хьо лаьтта,
Буц-ярийн ИиндагИийн долара баИ.
КИохцале корта хьайн теИабеш лаьтта,
ХИаваан пардонна доккху ахь даИ.

Хьо буьрса белахь а, яц хьоьца волла.
Адамчух лозуш ю хьан деган цуьрг.
ХИетте а, хьо мел гин, дИабоду полла,
Зов дахьаш, хьан лере ца йогИу чуьрк.

Хьох хИокху арено меран бер дина,
Тидамах хьегадеш хьан беркъа куц.
Мехаша лаг лаьцна хьан цхьалла гина,
Йоьлхуш ю хьан лула мел яьлла буц

Амма шен нийсархойх дог-ойла лечкъош,
Цхьа ховха зезаг ду хьо гИенах гуш.
Лоьху цо, сенбелла бИаьргаш а чИечкъош,
БИаьстенан стигалахь безаман гИуш.

ХИан-хИа, и ца гИерта хьан ойла Иехо,
Зазашлахь бекабеш шен гИодан мерз.
Мелхо а, лоьру цо шен деган хехо
Мехаша къаждина хьан дегИан герз.

Дарж лекха хир ду хьан зезагах тешахь,
Йийцаре йоьрзуш хьайн турпала яхь...
Ярийн мах хир бу хьан царал хьо эшахь,
Эмгарийн хьаьгИнашна къарбелла Иахь...


Иилман Юсупов
)))))))Амазонка, Дала дукхаяхайойла хьо))))))))) Деккъа цхьа хазахетар ду-кх и байт ешар))))
Ма ч1ог1а метафора ю цуьнан.
Сан хьехархочо сайна олуш хилларг дагадеа-кх suna и байт ешча)))
Ас "Бешто" сочинени язйича цунна 5+ диллира цо)) цу бухахь яздира: "К1охцал ша долушшехь ира долу!" аьлла))
Enigma* вне форума   Ответить с цитированием
Старый 08.10.2007, 01:12   #145
******
 
Регистрация: 08.06.2007
Сообщений: 162
Репутация: 2
Enigma* прославленный гуламхоEnigma* прославленный гуламхоEnigma* прославленный гуламхоEnigma* прославленный гуламхоEnigma* прославленный гуламхоEnigma* прославленный гуламхоEnigma* прославленный гуламхо
Амазонка, ахь байташна набор ечу хенахь "1" элп доккха латински "I" дуьллу, т1аккха 1илманан байт цитировать йича айса яздинчунна транслит ечу хенахь оцу байтехь мел долу "I" элп И-не доьрзу.
1 элп ахь даима а единица(1) дича дика хир дара, х1унда аьлча транслит ечу хенахь иза меттах а ца долу.
Дала аьтто бойла хьан!
Enigma* вне форума   Ответить с цитированием
Старый 08.10.2007, 21:01   #146
Согревшийся
 
Аватар для Amazonka2
 
Регистрация: 28.07.2007
Адрес: Маьлхан Дуьне
Сообщений: 495
Репутация: 2
Amazonka2 скоро станет знаменитымAmazonka2 скоро станет знаменитым
Цитата:
Сообщение от Enigma* Посмотреть сообщение
)))))))Амазонка, Дала дукхаяхайойла хьо))))))))) Деккъа цхьа хазахетар ду-кх и байт ешар))))
Ма ч1ог1а метафора ю цуьнан.
Сан хьехархочо сайна олуш хилларг дагадеа-кх suna и байт ешча)))
Ас "Бешто" сочинени язйича цунна 5+ диллира цо)) цу бухахь яздира: "К1охцал ша долушшехь ира долу!" аьлла))
Энигма, хьан а яхйойла Дала хан. Хаза дош ала хаьа хьуна вуно ч1ог1а дика. Хазахета суна-м ахь х1оразза хьайн комментари мел йин а. Дела реза хуьлда хьуна.
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
Amazonka2 вне форума   Ответить с цитированием
Старый 08.10.2007, 21:04   #147
Согревшийся
 
Аватар для Amazonka2
 
Регистрация: 28.07.2007
Адрес: Маьлхан Дуьне
Сообщений: 495
Репутация: 2
Amazonka2 скоро станет знаменитымAmazonka2 скоро станет знаменитым
Беттан суьрташ

Седано шен негIар дегон бIаьрг ма-билли хьала,
ГIурту бутт шен чIама корта мархийн чета болла –
Оцара-м, ткъа, цIокъболат тIе лоьцуш, ийци хьала
Дахкаро хийисте боьгIна хилла бамбин хIоллам…

Сирла чорпа ерриг лаьттан кийра тар ца елча,
Бутт бу кийча дIо лаьмнашна тIехьа дIаIано а…
…Вайша вовшийн бIаьрга доьдуш, ши дог тохаделча,
Шен шабарийн чиркх чуузу диттийн доIано а…

Беттан меда Iаж гиболла ша-ша хьакъ ю моьттуш,
ЗIаьнарш-мехий сийсон йовлу дIо седарчий зуьнаш…
…Махо, белшах куьг а детташ, суна тIе хьуо тоьттуш,
Хьан йохьана-м чIогIа тайна сан бехкаман хьуьнарш…

Баттана-м гуш ду вайн синойн когабуьхьархIиттарш,
Хьуна гаьнгали бан кийча мархийн сира гата,
ГIадожаран маттахь къайллах луьйн хьан бIаьргаш-дитташ,
Хьостан хи чохь зорбакхетта хьан кIайн юьхь-сибат а…


Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
Amazonka2 вне форума   Ответить с цитированием
Старый 09.10.2007, 01:37   #148
Согревшийся
 
Аватар для Amazonka2
 
Регистрация: 28.07.2007
Адрес: Маьлхан Дуьне
Сообщений: 495
Репутация: 2
Amazonka2 скоро станет знаменитымAmazonka2 скоро станет знаменитым
Баппане

Хьуна петухуш, тIехвала ду Iаламат хала,
Лазаман це кхетта сан тидам ма хета дола…
Хьан корта буьззина, къоьжалла къедахь а хьала,
Ца лаь кесталгIа хьо дерза къаналлин дола.

Со-м хьуна декхар вай: хьан къоьжа хIуш тIе ма-дийннехь,
Луьста варкъ диллина сан гIайгIа бос хийца яьлла.
Ма хила гIийла кху яча кечделлачу дийнахь,
Сан деган коран бIаьрг хьан дато нур леца баьлла.

Ма доха, шайн мазах къахьалла кхетарна кхоьруш,
Накхаран мозий ца эхарх а хьайна аьттехьа.
Делахь а, дог Iаьвжа, массарел хьуо миска лоьруш,
Экаме са махах лардеш, хьо таьIаш лаьттехьа…

ХIетте а, кхелана буьрканах тарбелла корта
Къоначу мехаша хIуй-пака боккхий-цца, къовсий…
Сатедан хаз-хаза зезагаш доллушехь шорта,
Йоьлху сан ойланаш, тIомачу месашка хьовсий…

Коьртаза шийла гIад, хIавао долийнарг кIамдан,
Чурт санна, ца латта, бацала дужур ду кхана…
Кхетаман хьесапехь – кхелхина зезагийн тхьамда,
Ткъа деган кхетамехь – дIаяьлла оцеран нана…


Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина…
Amazonka2 вне форума   Ответить с цитированием
Старый 09.10.2007, 21:05   #149
******
 
Регистрация: 08.06.2007
Сообщений: 162
Репутация: 2
Enigma* прославленный гуламхоEnigma* прославленный гуламхоEnigma* прославленный гуламхоEnigma* прославленный гуламхоEnigma* прославленный гуламхоEnigma* прославленный гуламхоEnigma* прославленный гуламхо
Цитата:
Сообщение от AMAZONKA2 Посмотреть сообщение
Беттан суьрташ...


ГИадожаран маттахь къайллах луьйн хьан бИаьргаш-дитташ,
Хьостан хи чохь зорбакхетта хьан кИайн юьхь-сибат а…

оввай, ма ч1ог1а хазахета суна и васт..."г1адожаран маттахь",
"хи чохь зорбакхетта юхь-сибат"...

нету слов - обворожительный образ...


ларамца
Enigma* вне форума   Ответить с цитированием
Старый 09.10.2007, 21:18   #150
******
 
Регистрация: 08.06.2007
Сообщений: 162
Репутация: 2
Enigma* прославленный гуламхоEnigma* прославленный гуламхоEnigma* прославленный гуламхоEnigma* прославленный гуламхоEnigma* прославленный гуламхоEnigma* прославленный гуламхоEnigma* прославленный гуламхо
Цитата:
Сообщение от AMAZONKA2 Посмотреть сообщение
Баппане...


Ма доха, шайн мазах къахьалла кхетарна кхоьруш,
Накхаран мозий ца эхарх а хьайна аьттехьа.
Делахь а, дог Иаьвжа, массарел хьуо миска лоьруш,
Экаме са махах лардеш, хьо таьИаш лаьттехьа…


Дера, доха бахьна-м дац цу баппанан...дика-м аьлла 1илмана иза!
Баппанан малх а бу, латта а ду, шен хазаллех, cxьа a ца доккхуш, тийна марзо эца адамаш а ду.
Enigma* вне форума   Ответить с цитированием
Ответ

Опции темы

Быстрый переход



vBulletin © Jelsoft Enterprises Ltd.