![]() |
|
|
|||||||
| Проза/Поэзия Искусство образного выражения мысли в слове; изображение жизни, создание художественных образов при помощи слова. |
|
|
Опции темы |
|
|
#1301 |
|
Честолюбивая чеченка
Регистрация: 20.02.2007
Адрес: In Y.H.
Сообщений: 3,999
Репутация: 9 ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() |
Ба1
Зезагийн тобанна юкъахь хьо лаьтта, Буц-ярийн IиндагIийн долара баI. КIохцале корта хьайн теIабеш лаьтта, ХIаваан пардонна доккху ахь даI. Хьо буьрса белахь а, яц хьоьца волла. Адамчух лозуш ю хьан деган цуьрг. ХIетте а, хьо мел гин, дIабоду полла, Зов дахьаш, хьан лере ца йогIу чуьрк. Хьох хIокху арено меран бер дина, Тидамах хьегадеш хьан беркъа куц. Мехаша лаг лаьцна хьан цхьалла гина, Йоьлхуш ю хьан лула мел яьлла буц. Амма шен нийсархойх дог-ойла лечкъош, Цхьа ховха зезаг ду хьо гIенах гуш. Лоьху цо, сенбелла бIаьргаш а чIечкъош, БIаьстенан стигалахь безаман гIуш. ХIан-хIа, и ца гIерта хьан ойла Iехо, Зазашлахь бекабеш шен гIодан мерз. Мелхо а, лоьру цо шен деган хехо Мехаша къаждина хьан дегIан герз. Дарж лекха хир ду хьан зезагах тешахь, Йийцаре йоьрзуш хьайн турпала яхь... Ярийн мах хир бу хьан царал хьо эшахь, Эмгарийн хьаьгIнашна къарбелла Iахь... 1илман Юсупов Восприятие красоты через внутренние духовные качества. Именно так я понимаю это стихотворение Юсупова. Возникает образ, наделенный поэтом чистотой и удивительной внутренней красотой. А ведь это и есть истина- полнота и первозданность человеческого естества. По другому и быть не может, как и не может существовать в одном организме две жизни. Так и здесь. 1илман Юсупов дает понять, что в жизни самое главное- твой духовный мир, благодаря которому и формируется личность. Стихи 1илмана поражают эмоциональностью, светлой грустью и радостью. Баркалла хьуна,1илман! |
|
|
|
|
|
#1302 |
|
Согревшийся
Регистрация: 28.07.2007
Адрес: Маьлхан Дуьне
Сообщений: 495
Репутация: 2 ![]() ![]() |
Гуьйренан денош
Сагатдо аша-м сан, гуьйренан денош, Нур доцу серло сан байташла Iенош, Эгна гIаш эсарца йийсаре лаьцна, Iаьмнашкахь хи бехдеш, Iеха тIе лаьцна. Со маца вер ву шун гIайгIанна ваьцна? Сагатдо аша-м сан, гуьйренан денош, Дахкарлахь дIахьулдеш со чохь Iен цIенош. Элхьамцан коьллашла хьерчаеш шело, Аш йо-кха ерриг а боьлакна гIело. Со маца воккхур ву шун балех кхиэло? Сагатдо аша-м сан, гуьйренан денош, Сан деган серлонах IиндагIаш делош. Лачкъийна латтадеш стигалан лила, Ма гIойша сан ирсан бIаьстенан къила. Ас хIун дан деза-те шун лай ца хила? 1илман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|
|
|
#1303 |
|
Честолюбивая чеченка
Регистрация: 20.02.2007
Адрес: In Y.H.
Сообщений: 3,999
Репутация: 9 ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() |
Сан байташ
Дуьненан буйнара бIешеран аьлха Яккхахь ас, ирдан сайн оьмаран хьекъал, Сан байташ, хIуш санна токхечу маьлхан, ДIахIуьтту сан деган ардаш тIехь хьекъа. Со юкъагIоьртича шеконийн девнна Царалахь машар бан тешамна гергахь, Сан байташ, чIийш санна, дог хьокхуш девлла, Халбата ховшу сан безаман цIергахь. Мархех дIацIандина седарчийн хьаьвда, Маршонан мох беъча сан лерехь бека, Сан байташ, хиш санна, лам бешаш хьаьвдда, Диканца зиэн гIерта сан деган нека. Дош суна карийча хIинццалцца хьегна, БIаьргашна ган а гуш, и даьлча анда, Сан байташ, гIаш санна гуьйренца эгна, Кечло-кха сан меттан саз-латта хьандан. Бендацарх дин дина Iар суна доьхкуш, Иэс даьлча Ригахойн к1отара леста, Сан байташ, дой санна мохк мел бу хоьхкун, Хьакъ хуьлу нохчочун дог-ойла хьеста. Са тоьгуш сайн къоман амалан теца, ГIуллакхаш тоьхча ас гIиллакхийн кепа, Сан байташ, тхиш санна баьццарчу бецан, БIаьвнаш чохь яьгначу серлонгахь лепа. Со хенан букарчу басах чушаршахь, Цхьа а церг арт ца еш сайн иэсан херхан, Сан байташ, сеш санна Даймехкан варшахь, ГIум-Азехь дисинчу кешнашка гIергIа… 1илман Юсупов |
|
|
|
|
|
#1304 |
|
Честолюбивая чеченка
Регистрация: 20.02.2007
Адрес: In Y.H.
Сообщений: 3,999
Репутация: 9 ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() |
* * *
Цхьаьна кхета вай йиллинчу меттехь Дарц а кеста дIатен герга ду. Лайно шуьйрра баржийначу меттахь Хехо санна, лаьтташ поп а бу. Суьйрено а, шеллуш, коьрта тилли БIаьргаш хьулдеш, мархийн Iаьржа куй. Хьо йогIу некъ цIанбеш ду сан илли, Эзар дош ду лайла хьоькхуш нуй. Лаьхьа санна, лайн цхьа еха аса, Шок а етташ, текха лаьтта тIехь. Амма бовха синхааман хьаса Даго дохлуш, латтабо шен гехь. 1илман Юсупов |
|
|
|
|
|
#1305 |
|
Честолюбивая чеченка
Регистрация: 20.02.2007
Адрес: In Y.H.
Сообщений: 3,999
Репутация: 9 ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() |
* * *
Баххьийн дахкаран кIайн верта Шен белшашна дустуш лелла И сайн илли Iа ца делча Лаьмнийн когашкахь, ДIо Башломан буьххье ваьлла, Со чу хьаьжча, лог ношделла, Кхин доккха ирс дац соь кхача Даймохк могаш гахь… 1илман Юсупов |
|
|
|
|
|
#1306 |
|
Честолюбивая чеченка
Регистрация: 20.02.2007
Адрес: In Y.H.
Сообщений: 3,999
Репутация: 9 ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() |
* * *
Буьйса текхош, къайладели беттан можа бурам. Веччалг санна, лаьттан чкъурах йоьлла гIура-йис. ГIулч ма-яьккхи, бека берриг къерсигбаьлла урам. Дахкарлахь цхьа ирке серлайолу анайист… Махехь яздо туьнкалгаша кIаррийн сетта йоза. Довха иза доьшуш, мархийн бIаьрхиш дакъало. Ша хьаькхначу тIулга тIера гIоттуш цIирцIир-хьоза, Сан даге цхьа кIеда-мерза илли даккхало… Шан пардонан ахкарг дина генаш гIоьвно гIорош, Некъа йистехь, могIа бина, цIийза акхтаргаш. Дато долуш санна хета кIац йиллина гIораш. Шалмаз хьаькхча санна, вовшахлиетта эгна гIаш… ХIара бу-кх и хенан хIоттам, шахматийн у санна, Шеца ши бос болуш болу, ши бос — Iаьржа, кIайн: КIайн ду лаьмнийн баххьаш, лахахь — кIурбиллина хьаннаш. КIайн ду куьзга хинан, амма Iаьржа — чуьйнан тIай… Хета шалгоюьйлуш суна кху сайн иллин шовкъ а — Бода хьоьстуш лела, тIаккха серло хастайо: 1аьржа гIайгIа даг тIе тесна, гуьйре йоккхуш новкъа, 1а тIедаре хьоьжуш лаьтта ойла къежйи цо… 1илман Юсупов |
|
|
|
|
|
#1307 |
|
Честолюбивая чеченка
Регистрация: 20.02.2007
Адрес: In Y.H.
Сообщений: 3,999
Репутация: 9 ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() |
Нохчийчоьне
Къоналлех йисинчу ойланийн испайлла яош, Ма хала кхобу ас сайн шерийн стамбелла доьзал. Ас хехкарх тахана кхиэлан дин, бергаш а яош, Мацца а гIур бу и, бухбоккхуш сан деган гоьза. Сан байтийн бацалахь хьийкъина дог-ойла ятош, Адамийн бендацар векалдеш со вайна доьза. Цхьа минот дIаэккхахь цIеххьана сан оьмар ядош, Ахь марчо даккхалахь суна хьайн дахкаран боьзах. Каш-борзан гIовланах верасийн ойланаш якхош, Цаьрга бос оьцуьйтуш уьшалахь йолучу къоьзан, Со дагалацарца мажъяьлла хьайн беснеш якъош, Ахь декъалвелахь со даггара, х1ай Нохчийчоь сан… Ткъа наггахь къайллах ахь тергалдахь сан гIийла чурт, Цунна тIехь къаьстар ду хьуна хьайн ойлане сурт… 1илман Юсупов |
|
|
|
|
|
#1308 |
|
Честолюбивая чеченка
Регистрация: 20.02.2007
Адрес: In Y.H.
Сообщений: 3,999
Репутация: 9 ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() |
* * *
ТIемаша Iаь етташ, кIур туьйсу анайист хьейо, Хьаннашна тIехула догIанаш цIийш хилла оьгу. Луьрачу мостагIчо хIусамаш лаьттах дIаэйо, Балано тишбинчу наноша марчонаш тоьгу. БIаннекъийн тIулгаша мийлинчу шовданийн иэсо Шен цинцийн сагIа ло бецашна маршонна тIера. БIешерийн зIе латтош бехчинчу къийсаман хьесо ГIазотан тур оьхьуш, чехайо гIазакхийн гIера. Лам ломе мел кхайкхи йилбазмохь бека йишхаьлла, Ла ца луш мостагIийн арданго дайн латта хьоьшуш… БIаьвнаша цIе йоккху кху лаьттан Нохчийчоь аьлла, Баролийн бIаьргашца доьналлин жайнаш а доьшуш… 1илман Юсупов |
|
|
|
|
|
#1309 |
|
Честолюбивая чеченка
Регистрация: 20.02.2007
Адрес: In Y.H.
Сообщений: 3,999
Репутация: 9 ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() |
* * *
Мохк хуьйцу олхазарш юха а, жатташка IаьIна, Дуьйлало хIаваэхь кхочушдан шайн тIома хелхар… Кху хене девли уьш, ца девзаш шайн кхиэлан маьIна, МоттаргIа санна ду шар-шарахь цара ден белхар. Дош олуш, яьлла Iаь, меллаша дахкарлахь хьуллой, Шен йовхо тхишна луш, эсарлахь цаьрцанна йоьлху… Даг тIера гIевттина могIанаш, байташка гуллой, Сан халкъан кхетаман къилбехьа – барта дIадоьлху… 1илман Юсупов |
|
|
|
|
|
#1310 |
|
Честолюбивая чеченка
Регистрация: 20.02.2007
Адрес: In Y.H.
Сообщений: 3,999
Репутация: 9 ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() |
***
Хьан дагна гIенах гахь акхтаргийн заза, ЙогIучу бIаьстенна со вицлур вац. Цаьпцалгийн зов хир ду бацалахь хаза, Бекхна дIахIуттур бу ламанан арц. Дийцахьа суна хьайн гуьйренан гIенаш, Мел лууш вацахь а уьш тида со: Мажделла гIаш оьгуш, дассалуш генаш, Суна вайн къастаран бIарлагIа го. Хьайн Iаьнан гIенашца сан кораш кхала Хьо йола ма-елли, ас ойла йо: Ахь ша тIехь йина-те сан ирсан гIала, Я суна сайн дахар лайн басахь го? 1илман Юсупов |
|
|
|