![]() |
|
|
|||||||
| Проза/Поэзия Искусство образного выражения мысли в слове; изображение жизни, создание художественных образов при помощи слова. |
|
|
Опции темы |
|
|
#1101 |
|
Честолюбивая чеченка
Регистрация: 20.02.2007
Адрес: In Y.H.
Сообщений: 3,999
Репутация: 9 ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() |
* * *
Мила ву сан кара биллинарг къолам, Кехатах тешабеш сан дешнийн болам, Байташка дерзадеш ойланийн сур? Хьан баьккхи синтем а сан дагна гена, Хьовзабеш сан кийра сингаттам къена, БуьйгIуш сан безамна шеконан гур? Хьан самадаьккхи-те Iинчуьра татол, Ца хилларг юьхьанца чемхалг а даддол, Тахана ахка шех хилла Iаш дерг? И хеттарш дуьссуш ду жоьпаш а доцуш, Уьш Делан омранна кIел хилар дотуш, Уьдуш ю хан-зама, етташ шен берг… 1илман Юсупов |
|
|
|
|
|
#1102 |
|
Честолюбивая чеченка
Регистрация: 20.02.2007
Адрес: In Y.H.
Сообщений: 3,999
Репутация: 9 ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() |
***
МаьркIаженан IиндагIашна пхьор дан лиъна мерза, Мархийн маша боза хIоьтти беттан дато гезг… Ма галдала кийча хилла синхIоттаман терза, Деган дургал лиэша яьлла, сагатделча кIеззиг. Ма галдала кийча хилла синхIоттаман терза, Беран мIаьррал дагахьбаллам оза дезча шен. Туьгуш дац-кха дегочуьра иза юхадерза: Уьдуш лела синан цхьамза лууш бац-кха тиэн… Туьгуш дац-кха дегочуьра терза юхадерза, Шовкъо дабагIдина деган хIуо дIатийннашехь… Мархийн маша нилха болччухула схьа а къерзаш, Седарчий ду серло оза гIерташ цунна тIехь. Мархийн маша нилха болччухула схьа а къерзаш, ТIеттIа язло Чухчахьеран сирла герканаш… Буьйса-пондар хьедан йолу шен IиндагIаш-мерзаш, Улле охьахийшош иллеш – уггар гергарнаш… Буьйса-пондар хьедан йолу шен IиндагIаш-мерзаш, Цаьпцалгаша Iома йисттехь аьзнийн чиркх латош… Ойла-баргол хадош, хезна геннахь говраш терсаш, Кийра батIош, араоьккху уггар йоргIа дош. Ойла-баргол хадош, хезна геннахь говраш терсаш, Нохчийн аре екош, боьду и сан оьзда дин. Ненан меттан аьлха хьоькхуш, ирдеш бIаьрса, лерса, ХIинццалц къуьйлуш хилла архаш ас а дIамалйи… Ненан меттан аьлха хьоькхуш, ирдеш бIаьрса, лерса, Толлу ас сайн мукъам денбен башха сатийсам. Наггахь синна сиркхо тосаяларх кега-мерса, Кхиэлан кхерчахь хан ягорах, цIийн кIеж ца тий сан… Наггахь синна сиркхо тосаяларх кега-мерса, Дерташ доцу заза лепош ду сан ирсан га. Гуттар хир ма бац сингаттам йочане тIесерсаш, Цуьнан цхьа а зирх-тIадам ма болда Iуьйренга!.. Гуттар хир ма бац сингаттам йочане тIесерсаш, Деган дургал лиэша яьлла, са тIундаларх кIеззиг. Меттадан а герга ма ду синхIоттаман терза, Мархийн маша боьзна яьлча беттан дато гезг… 1илман Юсупов Какое красочное и сильное стихотворение, звучит как гармоничное произведение. 1илман Юсупов действительно -поэт удивительный и гениальный. Как красиво ему удается передать в своих произведених человеческие чувства... |
|
|
|
|
|
#1103 |
|
Честолюбивая чеченка
Регистрация: 20.02.2007
Адрес: In Y.H.
Сообщений: 3,999
Репутация: 9 ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() |
ЦХЬАЛЛИН ГЛОССА
Серлонца мархийн тха дакъадо батто, Сан уьйтIахь туп туху IиндагIийн бIано. Дуьххьара ловш яц ас хIара цхьаллин гатто, Тийналлехь садоьIуш йижинчу пхьано... Чохь - сонийн баганаш гIаттийна пенаш, Вовшашца цара ден аз дойна хабарш. Ткъа, арахь - набарха туьдуш шайн гIенаш, Буьйсанан синоша деш долу шабарш, Дош-кIорни тIома кIел лечкъадар матто, Сан беснийл арахьа Iаь яьлча механ... Хаьржина буьйсанан нийсса ах ле хан, Серлонца мархийн тха дакъадо батто, Чохь - сиха собарна кхачало цIий сан, ХIоара ца довлуш ойланийн кенаш. Ткъа, арахь - дитташа охкийна генаш Ла ца луш бухарчу орамийн къийсам, Сан дагна гобина седарчийн каной, Кхоьруш шаьш тутмакхах бевлла бисарна... Кхузара дIа цхьаьнца тIом болон санна, Сан уьйтIахь туп туху IиндагIийн бIано... Чохь - бала боьжна сан миска синхаам, ТIедоьхуш аматаш, шех хьалха даьзнарш. Ткъа, арахь - кхозлагIчу боргIалийн аьзнаш, Сан цхьаллин са эца балхош шайн лаам, Оьшуш а цахилар и орца гIатто, ГIайгIанан ченаша сан бIаьргаш букъарх, Иэсан шед етташ дIадаьллачун букъах, Дуьххьара ловш яц ас хIара цхьаллин гатто... Чуй, арий вийлар сан - сингаттам хьахар - ХIордал а доккхачу къастаран цамгар. Цуьнан цхьа дакъа ду - гича со цамагар, Бодано боршам беш сайн кораш хьахар. Делахь а, кIорггера теша со-м: кхано Дарбане наб кхеташ, ваьлча со паргIат, Дала сан къиношна дийр ду капарат, Тийналлехь садоьIуш йижинчу пхьано... 1илман Юсупов Стихотворение невозможно пересказать.Это ведь будут уже не стихи вовсе. К тому же всё то, что 1илман в них вложил исчезнет в одно мгновение. Сколько эмоций,настроений, грусти присутствует в этих поэтических строках.Целый букет чувств и переживаний. Безмерное одиночество, причем состояние это не оценивается только с отрицательной стороны. В одиночестве есть свои преимущества: тебе никто не мешает побыть наедине с самим собой. По таким произведениям заметно,что у 1илмана Юсупова и ум, и мудрость высшего порядка.Ум и мудрость великой поэтической души. |
|
|
|
|
|
#1104 |
|
Согревшийся
Регистрация: 28.07.2007
Адрес: Маьлхан Дуьне
Сообщений: 495
Репутация: 2 ![]() ![]() |
Тезетахь
Адам кхелхаш, лаьттахь хIутту син баррамал къелла: Са легийна довлар - парз ду кхиэлан дожарийн. Цхьана кертан доьзал тахана а бекъабелла - ЦIа чохь кадеш - зударий, ткъа, арахь - божарий. Хийла некъо дагахь доцуш кхуза голатуьйхи, Нах а бахьаш мухIажарийн куьце бирзина. Лула-кулахь са мел доIуш долчо Iаьржа дуьйхи, Бехха белха беза бIаьргаш бохуш берзина. Ламасташа говза дина дешнийн тускарш - цхьацца - ДIало кадам оьцучуьнга тIе мел веанчо. Бохам-хьаша лан тIелаьцна юьртан хIара цхьа цIа Собарх-лоьрах тешон гIерта шена хилла чов. Воно даI даьккхинчу даг тIе доIа дуьжуш деза, Доглазаран коьртехь IаьIа бIаьрхиш дарба ден... Мила хир ву ишттачохь шен бIаьрса дуьтуш теза, Шен а хир дуй хууш хилча тIаьххьарлера де? Къилахь хилча веллачуьнан даьгна дахар хьедар, Лохуш верасашна аьхна хиндерг весетал, Стаг дуьненчу ваьлла аьлча хилла хазахетар Дайн хуьлий-те цунна хIуттуш долчу тезетал?.. Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|
|
|
#1105 |
|
Согревшийся
Регистрация: 28.07.2007
Адрес: Маьлхан Дуьне
Сообщений: 495
Репутация: 2 ![]() ![]() |
Воккхачу стаге
Хьан деган хуттургех дIалетта шираллин энаш, Ах-сема хуьлу хьан къоьжачу ойланийн наб. Лазамийн шелоно гIорош шен экаме пенаш, Сиркхонех хьеший бан Iемина хьан дегIан гIап. Дахаран хьашташа бос биъна юьхь-сибат огуш, Хьан иэсан Iинчуьра схьахьоькху хебаре мох. КIайн корта - чиркх бу хьан къаналлин буьйсанехь богуш, Серло а ца лучу цо муха вийр ву хьо вох?.. КъорIанна юккъехь хьан весетан кехатан косташ Суранийн доьзалх шайн къайленаш тешийна Iа. Некъашца тIаьхь-тIаьхьа жимделла хьан ларийн хIосташ Дуьненан букъ тIера ма дойла кесталгIа дIа. Оьмаран йист лаьцна лаьтташ ду хьан шерийн маьIна, Кхалхазчу уьйраша гIорасиз гIортораш еш... Шена чохь ойлано сийсаден жамIаш а IаьIна, КIур тийса хIоьттина хьан дагалецамийн пеш. Цхьалла бен теш воцу сингаттам хьайн байбархьама, Кхетамна дарба деш, сих-сиха ахь доIа до... КIентан бер ду моьттуш хьайн денош ловзаден зама Лехначу голаш тIе и хийшо марзвелла хьо... Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|
|
|
#1106 |
|
Честолюбивая чеченка
Регистрация: 20.02.2007
Адрес: In Y.H.
Сообщений: 3,999
Репутация: 9 ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() |
***
Тийжа хIутту можа назма беттан Седа бахча лаьттан махка маре. Хьо - мох бу сан кор а тоьхна, бедда, Ткъа, со - махах хьаьгна тевнан аре. Карзахечу сайн дустарийн тидарш Мел лаарх а суна хьох ца акха, Ахь лелийна моттаргIанаш-пхьидаш Сан гIайгIанан уьшал екош Iа-кха. Сан сих йин ахь шовда лекъна меттиг, Сан бохбелла лаам хьогах буьтуш... Седарчашца беттан юкъаметтиг Хьуо а хилахь тховса цхьаьнхьа туьдуш, Са ма тийса мархийн белхар тере - Хьох ца теша цуьнан цхьа а чIикъ а: Шина декъе декъна уьйран шерет, Ахь безаман весет доха ди-кха... Ойла хьоьжу сингаттаман кеда, Лууш цунна чуьра лазам Iийша... Лаьттан махка маре бахча седа, Беттан можа назма хIутту тийжа... 1илман Юсупов |
|
|
|
|
|
#1107 |
|
Честолюбивая чеченка
Регистрация: 20.02.2007
Адрес: In Y.H.
Сообщений: 3,999
Репутация: 9 ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() |
* * *
Чаккхенга лестина, аьхке а дIаяха пана, Хьаннашкахь чуоьгу шапаIат кхачийна гIаш… Кадамбеш ю техьа безаман доIане кана, Я дехар до-те цо, гуш вайшиъ херделла Iаш?.. Мехаша туьтту хьо гIаргIулийн могIаршна юккъе, Цаьрца хьо дIаяххал шелбелла вайн ирсан мохк. ТIунделла сатасар, даьгна де, наб йоцу Iуьйкъе - Вайн ирсан кхо чов - ас дIоьхку, тIехьарчош дохк… Сан вастан стогар кхин хьан деган корехь ца богу, Хеди ахь ойланех дуьйцина сан ирсан тай… Вайшиннан шовданан йист хIинца йочано огу, Мажбелла шена тIехь хьан лараш ас лиэхна бай… ХIинццалц ша хестийна мармаран хьан сибат лоруш, Безаман иллино бекабо шен куьйса мерз… Сан дагчохь ахь тесна битина синхаам боруш, Ойланех чекхдуьйлу лайн хьожа шех кхетта дерз. Бос хIинца сирлуш бу стигалан сийначу тожан, Эсаро Iуьйренца дато до ахархойн кхаш… Iа дахьаш догIучу мехашна мотт буьллуш можа, Карзахе оьгуш ду, оьгуш ду гуьйренан гIаш… 1илман Юсупов |
|
|
|
|
|
#1108 |
|
Честолюбивая чеченка
Регистрация: 20.02.2007
Адрес: In Y.H.
Сообщений: 3,999
Репутация: 9 ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() |
* * *
Седарчий дегадо милла, ДогIанах Iена уьш лаьтта. Сан ойла дIаяхна тилла, Сан массо сатийсам аьтта. Баттана махо це етта, Дакъошка йирзина буьйса. Бехк боцчу гIайгIанна кхетта Къастарна ластийна буй сан. Сацкъаран тача ду тайша. Тийналла йолало зов дан. Кхин цкъа а гур дац-кха вайша Безамна доьлхучохь шовда… 1илман Юсупов |
|
|
|
|
|
#1109 |
|
Честолюбивая чеченка
Регистрация: 20.02.2007
Адрес: In Y.H.
Сообщений: 3,999
Репутация: 9 ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() |
* * *
Со-м вара тIемаш бен дац моьттуш механ, Ткъа цуьнан-м хиллера цхьа ховха дог а - И а ду, хетарехь, дуьненан мехха, Шена чу тар а луш стигланан бога. Бух боцу бIаьргаш а хиллера механ, Балдаш а - хьуьнхарчу цIазамех терра, КIажарш а - ламанан чухчарийл еха, Хьагаме беснеш а, цхьа тамехь лер а. Сан езар, сихха хьайн хи эций яла, Хьо яллахь илланча галваьлла ала. 1илман Юсупов |
|
|
|
|
|
#1110 |
|
Честолюбивая чеченка
Регистрация: 20.02.2007
Адрес: In Y.H.
Сообщений: 3,999
Репутация: 9 ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() |
***
Со коран хехо ву кху беттан буьйсанна - Декъала хуьлда сан ял йоцу ха! Хьох ечу ойлано со къагош, суй санна, Батто а хорцу-кха мархашлахь ха. Ов детта дуьйлало седарчийн зингаташ, Стигалан дилхалахь туьйлигаш еш, Ас син кхе техкича гIайгIанан сирхаташ Суна шайн серлонах дакъа а деш... Сатийсам тIелуьстуш могIанийн уьйригна Багабеш тишачу ойланийн муш, Сайн дагна маре ас вайшиннан уьйр йигна, Цхьаллина томана сингаттам луш... Дашна тIе дош хьаькхча, тесначу цIерашка Ас лата яйтина сайн зовкхан пеш, Хьо сайна йовзале дIаихна шераш ган Декъаза «байттамал» векал а деш... Ткъа стигал охуш ю дIо беттан хьонхало, Сийначу боданах беш эзар бIал... Сан иэсехь IаьIначу хьан куьцан ховхалло Тховса а тодина сан деган хьал... Шабаршца тийналла кегош сайн петаран, Дагардо ас беттан IиндагIаш дайн... Хьо - зIенан бIогIам бу сан ирсан кетIара, Хьуна тIетесна ас син хьесий сайн... 1илман Юсупов Любовь в стихах 1илмана Юсупова-живое,светлое,глубокое и человечное чувство,хотя, немного и тронуто печалью. Но это ведь любовь, а в любви всегда есть место грусти,расставаниям и новым встречам. В состоянии любви и мир видится заново. Поэтому стихи 1илмана Юсупова настолько тонко чувствуешь,что обостряются и слух, и глаз и напряженны все чувства. В своих стихах 1илман нам показывает то,мимо чего обычно мы равнодушно проходим, не ценя и не чувствуя. |
|
|
|