![]() |
|
|
|||||||
| Проза/Поэзия Искусство образного выражения мысли в слове; изображение жизни, создание художественных образов при помощи слова. |
|
|
Опции темы |
|
|
#1041 |
|
Честолюбивая чеченка
Регистрация: 20.02.2007
Адрес: In Y.H.
Сообщений: 3,999
Репутация: 9 ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() |
Аьхкенан этюд
Тачано ле а деш, хьун йолчу схьадалий вайша… Вовшеха къихкина, кIадделла вайн IиндагIаш. Шоршалийн аьзнаша «тIанк»-аьлла, дуьзначу варшахь Аьхкенан баьццарчу хоршано дегадо гIаш. Кху варшан сийналлин айхьа мел лераме сий дарх, Кхоьру хьо-м хьаьрса хьуо гуш, цунна хиларна вас. Гуьйре хьайн месашца ахь цунна дагатасийтарх, Хьан деган бIаьстенах и Iабо тIелоцу ас. Хьайнчуьнца лечкъардигех ловзу сан дегайовхо, Вайшинна юххе дIалечкъина цаьршиннах цхьаъ… ХIаваэхь тулгIеха етталун хьан дегIан йовхо – ДоьIучу сино сан куьйгашка баьккхина кхаъ… Эвххьаза даржаде хьайн елар вайшинна гонах, Овкъаран басахьчу зарзарша и айдийр ду: Безаман меттамотт бохо чухьаьддачу вонах ГIушлакхехь марханах тера цхьа чим буьсур бу. Суна го Iаламан хьоь болчу безаман хьаьркаш, Лечкъадо масалш а, сайх хуьлуш ца ваьлла къу: БIаьлланган бIараша биллина боьмаша бIаьргаш Хьайнчеран сийначу айманийн йийсарехь ду. Апарин зоьпаро къийлина шовданан илли Сирлачу жагIанна хьан цIарах пал тосуш Iа. Аьхкенан касси чу хьан чоьте кху варшо дилли Долахь шен мел долу массо а баьццара гIа. Хьан когаш кIел туьйсуш баьццарчу гIовталан тIемаш, Цаьпцалгийн зевнашлахь хьан лараш лехьош ю буц. Кху бIаьста денделла синтар ду хьо еза Iемаш – Орамийн гIенашна оьхьу цо хьан оьзда куц… Дуьне а ханна ду, дахар а цхьа мур бу хенан Ойланза аларх а, аьллачо-м ша хьукма дой… Езачо маре ян Iаламехь дош делларг шена Караво дахаро дуьненан цхьа паччахь вой… 1илман Юсупов |
|
|
|
|
|
#1042 |
|
Честолюбивая чеченка
Регистрация: 20.02.2007
Адрес: In Y.H.
Сообщений: 3,999
Репутация: 9 ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() |
Нохчийчоьне
Хьоьга безам – сан ойланийн чилла - Набарзаллин буьйсанашлахь IаьIна. Сан Нохчийчоь, суна бехк ма билла: Со Iамийна ваьлла вац хьан маьIна. Iилма хилла даьржина-кх и Лаьттахь, Талла ваьлча тоьар доцуш дахар… Со мел веха хьан токхечу хьаьттахь, Цхьа а ойла хир ма яц сан Iахар. Хьоь сан безам – Делан Iаршан кхоллам, Беттан серло - седарчашлахь деба, Байташ юцуш, марсабаьлла къолам, Можа малх - хьан лаьмнаш тIехьа тиеба. Ас тIелоцу хьан хьехам а, кост а, Хьоьга кховдош сайн иэшам а, зовкх а. Денна мийларх ас хьан шийла хьоста, Хьоьх со хьогах хилар дIа ца дов-кха. 1илман Юсупов |
|
|
|
|
|
#1043 |
|
Честолюбивая чеченка
Регистрация: 20.02.2007
Адрес: In Y.H.
Сообщений: 3,999
Репутация: 9 ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() |
* * *
Сан шовкъаш гIайгIанан кIуьралахь къаръелла, Сайн цхьаллин кхерча ас тахкарна… Со-м воьду стигларчу гIаргIулех тарвелла, Пебетташ къоьжачу дахкарна. Со кхочур вац кхин хьо Iаш йолчу кIотара Хьан куц сайн бIаьрсица ловзадан… Со воьду, секх санна безаман Iодара, Йовзазчу йоьIан дог Iовжадан. Кагбелла сан кхоллам ма бетта зоьпара - Сан чов хьан дарбанах шекъяьлла… Со воьду, хIоъ санна йоккхачу тоьпара, Хьан деган дилханах чекхваьлла. Къастар а дели-кха вайга барт хаьттина. Хилла и дуьненчохь масанна?.. Со воьду, веллачун кийрара гIаьттина, ДегI дуьтуш, дIадоьду са санна. 1илман Юсупов |
|
|
|
|
|
#1044 |
|
Честолюбивая чеченка
Регистрация: 20.02.2007
Адрес: In Y.H.
Сообщений: 3,999
Репутация: 9 ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() |
* * *
Огаран аренах къежделла д1адаха Сан сийна, муттане денош. Сан дагна гергара хиллачу хийистехь Г1аьттина боьмаша шач… Х1ун бала бара хьо дагаян, Чов йостуш, пайденза дешнаш а 1енош? Кхолламо биллинчу новкъара юха а Со х1унда вели0те лач? Ойланехь мел йинчу ч1аг1онца гамвелла, Кхетаман буйнара ваьлла, Ас х1унда лоьху-те дахаран мангало Цкъа мацах даьккхина кес? Сан шерийн дарцаша-м тоххарехь йижийна, Ерриг а сирйина яьлла Гилано-къоналло дозалла щех дина 1аьржа варкъ диллина кхес…. Х1етте а, х1етте а сан дагалецамийн Легашкахь хьан сибат лаьтта, Сан г1енийн хьошаллех хьо 1аба ца туьгуш, Синтемза 1ийжа сан дог… Цкъа дагалацахьа вайшиннан безамо Сендина б1аьстенан латта, Хийисте вай ший а д1адоьхуш, Бацалахь тачано йиттина ног… …Зарзарийн аьзнаша б1аьстенан к1уьралахь Хьан озан пиллигаш хьедеш, Эвхьечу мукъамо аьхна кадиттира Самалхадаьллачу сих. Беттан нур даьржича хьан ч1агарш лепаеш, Т1етт1а сан дог доккхадедеш, Лалийна к1айн деши иэделла хетара Апари хьоьстучу хих… И оьзда мукъамаш цкъа карлабовлийта Тахана со хьаьгна вацахь, Г1олда-кха т1аккха сох лаамо цистинчу Бехкаман буржалийн къа. Г1ан туьду ойланаш нагахь сан бакъ елахь, Со-м цкъа а вицвина вац ахь. Цундела оху ас, б1аьсте а ялале, Сайн дегайовхонан кха… Цундела лоьху-кха сайн деган сайра чохь, Кароре ч1ог1а сатесна, Ас хьоьца яьккхинчу йоццачу цу хено 1аь тухуш, ц1андина х1у. Буьртиг карийча а, кха эрна ца дайта, Даггара цу т1е и тесна, Къоналлех хаьддехь а, и деба-ца деба Хьежа а-м со кийча ву… 1илман Юсупов |
|
|
|
|
|
#1045 |
|
Честолюбивая чеченка
Регистрация: 20.02.2007
Адрес: In Y.H.
Сообщений: 3,999
Репутация: 9 ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() |
* * *
Чаккхенга лестина, аьхке а дIаяха пана, Хьаннашкахь чуоьгу шапаIат кхачийна гIаш… Кадамбеш ю техьа безаман доIане кана, Я дехар до-те цо, гуш вайшиъ херделла Iаш?.. Мехаша туьтту хьо гIаргIулийн могIаршна юккъе, Цаьрца хьо дIаяххал шелбелла вайн ирсан мохк. ТIунделла сатасар, даьгна де, наб йоцу Iуьйкъе - Вайн ирсан кхо чов - ас дIоьхку, тIехьарчош дохк… Сан вастан стогар кхин хьан деган корехь ца богу, Хеди ахь ойланех дуьйцина сан ирсан тай… Вайшиннан шовданан йист хIинца йочано огу, Мажбелла шена тIехь хьан лараш ас лиэхна бай… ХIинццалц ша хестийна мармаран хьан сибат лоруш, Безаман иллино бекабо шен куьйса мерз… Сан дагчохь ахь тесна битина синхаам боруш, Ойланех чекхдуьйлу лайн хьожа шех кхетта дерз. Бос хIинца сирлуш бу стигалан сийначу тожан, Эсаро Iуьйренца дато до ахархойн кхаш… Iа дахьаш догIучу мехашна мотт буьллуш можа, Карзахе оьгуш ду, оьгуш ду гуьйренан гIаш… 1илман Юсупов |
|
|
|
|
|
#1046 |
|
Честолюбивая чеченка
Регистрация: 20.02.2007
Адрес: In Y.H.
Сообщений: 3,999
Репутация: 9 ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() |
ХЕБАР
Суна хIинцца-хIинцца ги-кха сайн хьаьж тIера хебар. Шера гойту цо сан дагна шийла шераш тиебар. Луьра лаьхьа санна, сетта къацахета хебар, Хазахеташ, куьзга гича, ас сайн бIаьргаш хьеббар. Сан сиркхонийн-салтийн сема саьнгар ю-кх хьо, хебар, Дезаш хьайна хьаставелла, мотт ас гара лебар. Сан къоналлин татол идда харш ду-те хьо, хебар, Хьайна тIе соь йотта бохуш бIаьргийн ший а зебар. Сан ах дахар дIахадийна сиз ма ду хьо, хебар, Хьарам дуй-те хьуна гуш сайн дагалецам хьебар? Коша баха безаш болчу некъан га - сан хебар, Сан Iожаллин лараш хьуна тIехь а ю-те дебар? 1илман Юсупов |
|
|
|
|
|
#1047 |
|
Честолюбивая чеченка
Регистрация: 20.02.2007
Адрес: In Y.H.
Сообщений: 3,999
Репутация: 9 ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() |
* * *
ДоIа деш хьо вацахь, хир яц хьан мIаьргонаш тIома, Умматан могIарша юккъера кхуссур ву хьо. Маликаш хир ду хьан гIуллакхийн терахьца гома. ШайтIанан баккхале доьрзур ду хьан хIора шо. Де-дийне Iожалла тIегIерта, цхьацца ког боккхуш, Цо шеца дIахьош верг цIеххьана катухий хьо. Хьо вацахь дуьненчохь доIанехь Делан цIе йоккхуш, Махьшаран майданахь хIун ала волу-те хьо? 1илман Юсупов |
|
|
|
|
|
#1048 |
|
Согревшийся
Регистрация: 28.07.2007
Адрес: Маьлхан Дуьне
Сообщений: 495
Репутация: 2 ![]() ![]() |
* * *
Мила ву сан кара биллинарг къолам, Кехатах тешабеш сан дешнийн болам, Байташка дерзадеш ойланийн сур? Хьан баьккхи синтем а сан дагна гена, Хьовзабеш сан кийра сингаттам къена, БуьйгIуш сан безамна шеконан гур? Хьан самадаьккхи-те Iинчуьра татол, Ца хилларг юьхьанца чемхалг а даддол, Тахана ахка шех хилла Iаш дерг? И хеттарш дуьссуш ду жоьпаш а доцуш, Уьш Делан омранна кIел хилар дотуш, Уьдуш ю хан-зама, етташ шен берг… Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|
|
|
#1049 |
|
Согревшийся
Регистрация: 28.07.2007
Адрес: Маьлхан Дуьне
Сообщений: 495
Репутация: 2 ![]() ![]() |
Баппане
Хьуна петухуш, т1ехвала ду 1аламат хала, Лазаман це кхетта сан тидам ма хета дола… Хьан корта буьззина, къоьжалла къедахь а хьала, Ца лаьa кесталгIа хьо дерза къаналлин дола. Со-м хьуна декхар вай: хьан къоьжа х1уш т1е ма-дийннехь, Луьста варкъ диллина сан г1айг1а бос хийца яьлла. Ма хила г1ийла кху яча кечделлачу дийнахь, Сан деган коран б1аьрг хьан дато нур леца баьлла. Ма доха, шайн мазах къахьалла кхетарна кхоьруш, Накхаран мозий ца эхарх а хьайна аьттехьа. Делахь а, дог 1аьвжа, массарел хьуо миска лоьруш, Экаме са махах лардеш, хьо таьIаш лаьттехьа… Х1етте а, кхелана буьрканах тарбелла корта Къоначу мехаша х1уй-пака боккхий-цца, къовсий… Сатедан хаз-хаза зезагаш доллушехь шорта, Йоьлху сан ойланаш, т1омачу месашка хьовсий… Коьртаза шийла г1ад, х1авао долийнарг к1амдан, Чурт санна, ца латта, бацала дужур ду кхана… Кхетаман хьесапехь – кхелхина зезагийн тхьамда, Ткъа деган кхетамехь – дIаяьлла оцеран нана… Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|
|
|
#1050 |
|
Честолюбивая чеченка
Регистрация: 20.02.2007
Адрес: In Y.H.
Сообщений: 3,999
Репутация: 9 ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() |
* * *
Даймохк, хьоьх тешийна ирачу могIанан баьлча, Сан илли-ахархо балхана каде тIетаьIа-кх. Iожалла хетало оханехь ойлане ваьлча, Дахаран терзанахь товш йоцу вортанан даьIахк. Седарчийн жарж бууш, берстинчу беттан кIайн кIежар Бахьанехь хетало буьйсанан IиндагIаш аьрга… Даймохк, хьан корера кIирвелла со арахьежар Iаьткъича, хир бу-кха Iожаллин боданна бIаьрг а. Къоналлин кенара синхаам хIоара буьйлуш, Хьан шунаш дохорах ларъелла сан шерийн метиг… БIаьрсинан къурдашца хьан лаьмнаш, аренаш муьйлуш, Лоьху ас сайн илли цкъан цкъа а лийрдоцу меттиг. Амма со ца волу цуьнах сайн къубба а йина, Осала хьесталуш, лензаллин гIевланга хийша – Сан илли дуьненан массо а пхьегIанахь хьийна, Дика а, вон а цо цхьабосса тIелаьцна Iийша. Цундела гIерта со, дош къуьйлу гIурчош а дагош, Абаден хIусаме доссадан сайн илли – хьаша – Адамийн шовкъаца уьншеран бодаш а къагош, Цо цигахь буцур бу хьоь болчу безаман маша… Хьайн лаьмнийн уггар а лекхачу момсар тIе даккха Чекхдаьллий-даланзий сан илли, хьайн сица луьттуш. Азаллин къайле а, ясталуш, хьаьар ю тIаккха, Кхолламан синтемах седарчийн кIохцалш а Iуьттуш… 1илман Юсупов |
|
|
|