![]() |
|
|
|||||||
| Проза/Поэзия Искусство образного выражения мысли в слове; изображение жизни, создание художественных образов при помощи слова. |
|
|
Опции темы |
|
|
#1021 |
|
Честолюбивая чеченка
Регистрация: 20.02.2007
Адрес: In Y.H.
Сообщений: 3,999
Репутация: 9 ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() |
* * *
Со бIаьстенан хьаннаш юккъехь кхерста, Дашо хеташ буц а, тIулг а, хатт а. Лаьа гонах техка бецаш хьеста, Лаьа хIора дитте хьал-де хатта. Бецан тхилахь деган куьйгаш дуьлий, Салам ло ас хIокху маьлхан кIоште. Хьуьнан аьзнех дIаэн лаам хуьлий, Бацалахь сан ойла лахло гоштIе. КIорда ца до хьежа стигла хьала, Хестош гIуш-лакхенан сийна зовкх а, Сайн Даймехкан лаьттан токхе хьал а, Сатасар а, ваьккхинарг со новкъа… 1илман Юсупов |
|
|
|
|
|
#1022 |
|
Честолюбивая чеченка
Регистрация: 20.02.2007
Адрес: In Y.H.
Сообщений: 3,999
Репутация: 9 ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() |
Сан са
Хьо хIунда сеттина, цицигах букъ тIе а боккхуш, Сан къинойн лам гина, билли-те хьан кийра ша? Далла ас ен Iамал яц-те хьо сийлалле доккхуш, Сан дегIан чорхана яппарш ян Iемина са? Цхьа гIуллакх ас дича, мах хадош, ахь дош ца олу, Ткъа, наггахь Iехаво, хьуо доьду моттуьйтуш дIа… Лензаллин неIсагIе ерриг а хьайн долахь йолу Хьо хилча гIайгIане со даим цецваьлла Iа. Баннекъийн тIулгаш тIехь Нохчийчоь букъ тIехьа лоьцуш, Леллачийн стиношца гергарло дуй-техьа хьан? Бусулба хьо делахь АллахIан омра тIеоьцуш, Царна а луур ду хьо шайца г1азотехь ган.. Хьо каде хьовзалахь Махьшарехь вай вовшахкхеташ, АллахIах хетачохь сов тIаьхьадисина эхь. Хьуо кхачахь пирдовсе, цагинчех цигахь къахеташ, Даггара делхалахь хьо церан цIерашна тIехь? 1илман Юсупов |
|
|
|
|
|
#1023 |
|
Честолюбивая чеченка
Регистрация: 20.02.2007
Адрес: In Y.H.
Сообщений: 3,999
Репутация: 9 ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() |
***
Со коран хехо ву кху беттан буьйсанна - Декъала хуьлда сан ял йоцу ха! Хьох ечу ойлано со къагош, суй санна, Батто а хорцу-кха мархашлахь ха. Ов детта дуьйлало седарчийн зингаташ, Стигалан дилхалахь туьйлигаш еш, Ас син кхе техкича гIайгIанан сирхаташ Суна шайн серлонах дакъа а деш... Сатийсам тIелуьстуш могIанийн уьйригна Багабеш тишачу ойланийн муш, Сайн дагна маре ас вайшиннан уьйр йигна, Цхьаллина томана сингаттам луш... Дашна тIе дош хьаькхча, тесначу цIерашка Ас лата яйтина сайн зовкхан пеш, Хьо сайна йовзале дIаихна шераш ган Декъаза «байттамал» векал а деш... Ткъа стигал охуш ю дIо беттан хьонхало, Сийначу боданах беш эзар бIал... Сан иэсехь IаьIначу хьан куьцан ховхалло Тховса а тодина сан деган хьал... Шабаршца тийналла кегош сайн петаран, Дагардо ас беттан IиндагIаш дайн... Хьо - зIенан бIогIам бу сан ирсан кетIара, Хьуна тIетесна ас син хьесий сайн... 1илман Юсупов |
|
|
|
|
|
#1024 |
|
Согревшийся
Регистрация: 28.07.2007
Адрес: Маьлхан Дуьне
Сообщений: 495
Репутация: 2 ![]() ![]() |
Кхо синхаам
Сайн иллийн х1усамехь баьррче мотт биллина, ДIабижо кечби ас кхо синхаам. Царна хIуо кхетийта, деган кор диллина Хьийза сан уггаре оьзда лаам. Хьалхара синхаам езачун бIаьргаша, Геннара схьакъежий, гIенашла хьо. Шовданан коьрте дIабигийтар цаьрга ша Набарха даима далхадо цо. ШозлагIа синхаам, ненан дог хьаьстина Баьлча бен, цхьанна а тхьаьвсаш ца го. Тем боцу наб хуьлу йийриг цо къаьсттина — Минотехь эзарза бIаьрг боьллу цо. КхозлагIчо, хийлазза вонна некъ бихкина, Нисди сан кхолламан гара сизаш. Набаран суй банза, ондда юкъ йихкина, Даймехкан ойла еш, Iаш бу иза… Ойланийн сирла мотт царна кIел биллина, Сан кхуьй а синхаам хьоьстуш со Iа. Хьалхарчу шиннан наб ларйо ас виллина, КхозлагIчо гонаха хIоттадой ха… Iилман Юсупов
__________________
Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… |
|
|
|
|
|
#1025 |
|
Честолюбивая чеченка
Регистрация: 20.02.2007
Адрес: In Y.H.
Сообщений: 3,999
Репутация: 9 ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() |
* * *
ГIаргIулийн жатташна гIенах го стиглара мархаш, Бацана - цаьпцалгаш, говрашна – луьйтанаш, архаш. Дитташна гIенах го шаьш зазадаьккхина муьраш, Дорцана - тийналла, боданна – беттасин нуьраш. Къеначу жIаьлина ша даим кIезанах цIийзар, Мехкаршна шайх ирсе наной а хилла шаьш хьийзар. КIорггера ийманехь волчунна - КIорIа я Сунна, ТIаьххьара садаккхар - абаде дIакхелхинчунна. 1илман Юсупов |
|
|
|
|
|
#1026 |
|
Честолюбивая чеченка
Регистрация: 20.02.2007
Адрес: In Y.H.
Сообщений: 3,999
Репутация: 9 ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() |
* * *
Седарчий дегадо милла, ДогIанах Iена уьш лаьтта. Сан ойла дIаяхна тилла, Сан массо сатийсам аьтта. Баттана махо це етта, Дакъошка йирзина буьйса. Бехк боцчу гIайгIанна кхетта Къастарна ластийна буй сан. Сацкъаран тача ду тайша. Тийналла йолало зов дан. Кхин цкъа а гур дац-кха вайша Безамна доьлхучохь шовда… 1илман Юсупов |
|
|
|
|
|
#1027 |
|
Честолюбивая чеченка
Регистрация: 20.02.2007
Адрес: In Y.H.
Сообщений: 3,999
Репутация: 9 ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() |
Iуьйре
Къорзачу зезагийн дургал а муьйлуш, ГIаддахна хьийзаш ду дайн IиндагIаш. Iуьйренан зIаьнарша уьш тIе а кхуьйлуш, Цаьрцанна лестадо акхтаргийн гIаш. Шовданан татол го басах чу хьаьдда, Ламанан букъ тIехьа малх айало. Ца оьшу аматаш тIера дIакхаьдда, Iаламо исбаьхьа сурт хIоттадо. Стиглара серло цхьа сапаргIат Iена. Бацо а баржийна лаьтта шен куз. Цунна тIехь цIийзачу чкъургаша хенан Цаьпцалгийн догIмашка кхерстадо зуз. 1илман Юсупов |
|
|
|
|
|
#1028 |
|
Честолюбивая чеченка
Регистрация: 20.02.2007
Адрес: In Y.H.
Сообщений: 3,999
Репутация: 9 ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() |
* * *
Суна хIинца Iемина цхьа хIилла, Хьоьга сайна ца беттийта пе: БIаьсте яьлча, Iожан заза хилла, Оьгур ву со хьан месашна тIе. Ткъесан нуьрехь, тарлуш хьочан генах, Аьхка аса-м тухур ду хьан кор. Гурахь ван а хьожур ву со гIенах, Бахьаш хьуна сатийсамийн мор. Амма Iай, хьоьх гIайгIа яьлча хьерча, Дагчохь санна, арахь угIуш дарц, Хьаьвзаш хьан бIаьргашчу кIуьрах кхерчан, Хьожур ву ахь бIаьрхиш туьдий харц. 1илман Юсупов |
|
|
|
|
|
#1029 |
|
Честолюбивая чеченка
Регистрация: 20.02.2007
Адрес: In Y.H.
Сообщений: 3,999
Репутация: 9 ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() |
* * *
Маьлхан дегI дIахьулди марханан обано, Шелдеш сан зIаьнарша ловзийна илли. Баккъаш тIе девллачу IиндагIийн тобано Зезагийн кортош тIе Iаьржа варкъ дилли. IиндагIийн дуьненахь хан такхар маьлхаза Аьрха ду дагчуьрчу безаман суйнна. Малх юха схьакхетча хетар ду мел хаза Шовданехь хьо ларъеш лаьттачу суна. 1илман Юсупов |
|
|
|
|
|
#1030 |
|
Честолюбивая чеченка
Регистрация: 20.02.2007
Адрес: In Y.H.
Сообщений: 3,999
Репутация: 9 ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() |
***
Буьйса ю. ДIатийна бIаьстенан арц. Ткъа суна-м ца до хьан кор хьеста кIорда. Сан бIаьргаш - сутара ши аьрзу яц Хьан чиркхах-ижунах лууш шайн пхьор дан. Мелхо а, экаме зарзарш ю уьш, Тийналлин серлонехь иллийн зов зуьйш. Дитташа тIедетташ зазанийн дарц, Сахиллалц екар ю сан деган бухIа. Лехаме сан лараш - кхокхарчий дац ГIур-гIур дан гулделла хьан кора буха. Адамийн мотт хуу тотеш ю уьш, Эсалчу дешнашца хьан чиркхе луьйш. Амма цхьа олхазар - къастаран хьаргIа ГIерта сан безамца даста шен марха... 1илман Юсупов |
|
|
|