![]() |
| |||||||
| Проза/Поэзия Искусство образного выражения мысли в слове; изображение жизни, создание художественных образов при помощи слова. |
| | Опции темы |
| | #1001 (ссылка) |
| * * * Эххар а, сатийсам, тур санна, баттара баьккхина, Хьан дагалецамийн корах ас пIелг тухур бу… ГIан го ца моттийта, цкъа хьалха хьо самаъ яьккхина, Хьуна ма-веззара хила а-м со хьожур ву. Осала мукIарло – муьтIахь теш хуьлуш дерг эшамна – Сан дохковаларан бух кегош, ма лехалахь, Тоххара къастаро куц-хьарам леринчу тешамна Хьалха горхIоьттина хьайна сан куралла гахь: Ойланийн лазартнехь стих язъеш, даьржинчу шекъанах Меттан чов ерзаен цхьа дарба хилла хир ду… …Мелхо а, легашкахь даьIахках йисинчу шеконах Къурд бина, дог паргIатдаккхар – сан толам хир бу… 1илман Юсупов | |
| | |
| | #1002 (ссылка) |
| * * * Огаран аренах къежделла д1адаха Сан сийна, муттане денош. Сан дагна гергара хиллачу хийистехь Г1аьттина боьмаша шач… Х1ун бала бара хьо дагаян, Чов йостуш, пайденза дешнаш а 1енош? Кхолламо биллинчу новкъара юха а Со х1унда вели0те лач? Ойланехь мел йинчу ч1аг1онца гамвелла, Кхетаман буйнара ваьлла, Ас х1унда лоьху-те дахаран мангало Цкъа мацах даьккхина кес? Сан шерийн дарцаша-м тоххарехь йижийна, Ерриг а сирйина яьлла Гилано-къоналло дозалла щех дина 1аьржа варкъ диллина кхес…. Х1етте а, х1етте а сан дагалецамийн Легашкахь хьан сибат лаьтта, Сан г1енийн хьошаллех хьо 1аба ца туьгуш, Синтемза 1ийжа сан дог… Цкъа дагалацахьа вайшиннан безамо Сендина б1аьстенан латта, Хийисте вай ший а д1адоьхуш, Бацалахь тачано йиттина ног… …Зарзарийн аьзнаша б1аьстенан к1уьралахь Хьан озан пиллигаш хьедеш, Эвхьечу мукъамо аьхна кадиттира Самалхадаьллачу сих. Беттан нур даьржича хьан ч1агарш лепаеш, Т1етт1а сан дог доккхадедеш, Лалийна к1айн деши иэделла хетара Апари хьоьстучу хих… И оьзда мукъамаш цкъа карлабовлийта Тахана со хьаьгна вацахь, Г1олда-кха т1аккха сох лаамо цистинчу Бехкаман буржалийн къа. Г1ан туьду ойланаш нагахь сан бакъ елахь, Со-м цкъа а вицвина вац ахь. Цундела оху ас, б1аьсте а ялале, Сайн дегайовхонан кха… Цундела лоьху-кха сайн деган сайра чохь, Кароре ч1ог1а сатесна, Ас хьоьца яьккхинчу йоццачу цу хено 1аь тухуш, ц1андина х1у. Буьртиг карийча а, кха эрна ца дайта, Даггара цу т1е и тесна, Къоналлех хаьддехь а, и деба-ца деба Хьежа а-м со кийча ву… 1илман Юсупов | |
| | |
| | #1003 (ссылка) |
| * * * Стигал а къанлуш ю, къежделла седарчий Iенош, ГIерта и жимъян шен къорзачу юьхьтIера кIац… Эрна ду чот етташ, дагардар дахаран денош: Хьесапан Да волчу Делан бен уьш карахь дац… ВогIу со тIаьхь-тIаьхьа гIелвелла, цхьацца ког боккхуш, Уьдуш ас яьккхина хиллехь а къоналлин хан. Соьгара бакъо ца эшна со дуьнентIе воккхуш, Соь хоьттуш хир дац-кха эхарта вахар а сан. Мацца а, юьхь-чаккхе йоцучу новкъа со ваьлча, Со шайца вац бохуш, ма хила гIайгIане шу: Махьшаран майданахь къематан де серладаьлча, Шуна со массарна юха а ган воьгIна ву… 1илман Юсупов | |
| | |
| | #1004 (ссылка) |
| Буьйсанехь олхазарш Цхьацца бен ца девлла шу тIома, жатташ ян кхоьруш. Буьйса бен яц шуна хIаваэхь нека дан маьрша. Бухахь бу, тоьпаш а етташ, шу чуэго лоьруш, Тебна Iаш иччархой, дуьйлина шайн дегнаш Iаьржа. Ткъа аша-м некъ бо шайн, тIемашца мархаш дIатуьттуш, Шайн ховха легнаш а дахдина генарчу ана. Мохк хийца дийзи шун, шайн баннаш дIатесна дуьтуш, Царах шайн доглазар даьккхина шайцанна пана… Стигалан аренца язделла хилла шун некъаш, Седарчийн буьртигаш хилла шун нур догу кхача. Шу дайъа Iалашо иччархойн мел хиларх хьекъаш, Тоьар дац-техьа шун гIора шайн ирсе дIакхача? Дахкаро салоьцу, зIакарш тIе шийла Iаь етташ. ХIиттинчу догIмашна аьхна бац хIаваан маьнга. Бодашлахь доьлху шу, гIелделла тIемаш а детташ, Ца хууш, тIома кIел даш кхетта мохь болу хьаьнга… 1илман Юсупов | |
| | |
| | #1005 (ссылка) |
| * * * Чаккхенга лестина, аьхке а дIаяха пана, Хьаннашкахь чуоьгу шапаIат кхачийна гIаш… Кадамбеш ю техьа безаман доIане кана, Я дехар до-те цо, гуш вайшиъ херделла Iаш?.. Мехаша туьтту хьо гIаргIулийн могIаршна юккъе, Цаьрца хьо дIаяххал шелбелла вайн ирсан мохк. ТIунделла сатасар, даьгна де, наб йоцу Iуьйкъе - Вайн ирсан кхо чов - ас дIоьхку, тIехьарчош дохк… Сан вастан стогар кхин хьан деган корехь ца богу, Хеди ахь ойланех дуьйцина сан ирсан тай… Вайшиннан шовданан йист хIинца йочано огу, Мажбелла шена тIехь хьан лараш ас лиэхна бай… ХIинццалц ша хестийна мармаран хьан сибат лоруш, Безаман иллино бекабо шен куьйса мерз… Сан дагчохь ахь тесна битина синхаам боруш, Ойланех чекхдуьйлу лайн хьожа шех кхетта дерз. Бос хIинца сирлуш бу стигалан сийначу тожан, Эсаро Iуьйренца дато до ахархойн кхаш… Iа дахьаш догIучу мехашна мотт буьллуш можа, Карзахе оьгуш ду, оьгуш ду гуьйренан гIаш… 1илман Юсупов
__________________ Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… | |
| | |
| | #1006 (ссылка) |
| Баппане Хьуна петухуш, тIехвала ду Iаламат хала, Лазаман це кхетта сан тидам ма хета дола… Хьан корта буьззина, къоьжалла къедахь а хьала, Ца лаь кесталгIа хьо дерза къаналлин дола. Со-м хьуна декхар вай: хьан къоьжа хIуш тIе ма-дийннехь, Луьста варкъ диллина сан гIайгIа бос хийца яьлла. Ма хила гIийла кху яча кечделлачу дийнахь, Сан деган коран бIаьрг хьан дато нур леца баьлла. Ма доха, шайн мазах къахьалла кхетарна кхоьруш, Накхаран мозий ца эхарх а хьайна аьттехьа. Делахь а, дог Iаьвжа, массарел хьуо миска лоьруш, Экаме са махах лардеш, хьо таьIаш лаьттехьа… ХIетте а, кхелана буьрканах тарбелла корта Къоначу мехаша хIуй-пака боккхий-цца, къовсий… Сатедан хаз-хаза зезагаш доллушехь шорта, Йоьлху сан ойланаш, тIомачу месашка хьовсий… Коьртаза шийла гIад, хIавао долийнарг кIамдан, Чурт санна, ца латта, бацала дужур ду кхана… Кхетаман хьесапехь – кхелхина зезагийн тхьамда, Ткъа деган кхетамехь – дIаяьлла оцеран нана… 1илман Юсупов | |
| | |
| | #1008 (ссылка) |
| * * * Туьнкалган легашка хIоьттина бIаьстенан догIа, Даьгначу дечигна тIехь боьлху пешара кIурз. Сирачу овкъарша къардина аз доцу цIогIа, Йишхаьлла бисина бистина севсина кIур… ЦIераш-ма яьгна-кхи адаман къизачу пешахь, Синтарийн синошна цкъа мацах техкинарш хаза: Тийжачу баьллашка мехаша кадам бо бешахь, ГIайгIано макхдина варшара баьццара база. Мутт-бIаьрхиш литтина, ножо шен синпхенаш аьгна, БIарзбелла, леста поп дагчуьра ламанан чIожан: Товханан набахтехь вежарий церан а баьгна – Ма чIогIа къаьхьа ю хьомечу овкъаран хьожа… Туьнкалган легашка хIоьттина бIаьстенан догIа. Луьстачу кIуьралахь банне а къурд ца бало. Язбина боллушехь, горбоьду сан иллин могIа, Хуьлу сан лазамо мерцинчу дагна хало. Сан иллеш, хьуьнхарчу лаьттах каш даккха дIахIитта, Пана дIа ца кхкссуш, дIайолла пешара юкъ – Кошаза мукъане ма дита докъаза дитташ, Чурт а хьакъ ду царна – дIадогIа дIо орцан дукъ! 1илман Юсупов | |
| | |
| | #1009 (ссылка) |
| * * * Байттамал, хьан сирник дIаяй-кха, сан къинан кIожам Хьо багон хIуттушехь, гонаха Iаь тухуш къаьхьа. ШайтIа-къа дIадеди, такхийна марцаран хьожа, Мел чIогIа идарх а, ца кхии хьо цунна тIаьхьа – Ойланийн хьийкъинчу гIодамех ас дина литта Шеконан дехкаша цу сохьта долий-кха даа… Байттамал, суна хьайн сатеден аьшпаш ма битта, Хьоьх гIуда хьаьрчина, дIо соне цкъа охьахаа. Хьо каде ца хилар бахьанехь, тIетоьхна хир-кха Кхиэло сан хьашташна: корехь ас ден хIара ха а, Мархаша милт дIасахьийзаен дIо беттан чиркх а, Кхетаман ковста кIел хьиэ кIамбен ши-кхо могIа а… 1илман Юсупов | |
| | |
| | #1010 (ссылка) |
| *** Эзар шо дIадаьлла хьо суна езаш, Дуьненчохъ ас лехнарг итт эзар шарахь. Охку ас азаллин бухбоцу иэсаш, Хьо дуьхьал мел теси есаллин марахь. Хьан эвхье сибат ган ца хуьлуш таро, Дуьненан букъ тIе со кхозлагIа ваьлла. Хьан куьйгийн ховхаллин шапаIат каро Сан бIаьрса седарчех дIаийна даьлла. ДоIанан дош латтош сайн байтан багахь, Уьншерийн бодашкахь хьоь хьоьжуш Iийн со… Доьдучу бIешарахь вай вовшийн ца гахь, Галъяла герга ду безаман нийсо. Батта тIе Iаь етташ, доьIучу сица Хиламза сан лаам ахь денбеш лаьтта… Стигланан бIаьргара долучу хица Йоссахьа со хьайга хьоьжучу Лаьтта. 1илман Юсупов | |
| | |